Гергарчу наха арз дича дIалаьцна Эрмлойчохь 21 шо долу гIалгIайн Кантышево йуьртара Зурабова Фатима – шен доьзалера ницкъбарна йедда хиллера иза. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцина кхерамехь болчу зударшна гIо латтош йолчу "Марем" тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас.
Цхьана ханна Зурабова йехаш йолчу Аштарак гIаларчу цуьнан петаре баьхкира ницкъахой, тIаккха Ереванерчу Аветис Агорянан урамехь долчу полицин декъе дIайигира иза. Цунна дуьхьал диллинчу цхьа бехктакхаман гIуллакхах лаьцна дийцира низамхоша, телефон а схьайаьккхира йоIера.
Зурабова чуйоьллина цунна тIаьхьа веъначу цуьнан гергарчу стагца Юсупца а, цуьнан доттагIца а – цаьршимма кхерамаш туьйсуш цIайола баьхнера цуьнга. Оцу хеначохь низамхоша копи йира Зурабовин телефон тIера информацина, тIаккха керла гаджет телефона тIетессира. Лаьцначо дийцира ницкъахошка, доьзалехь ницкъбинарг санна йедда йеана йу ша Эрмлойчу, орца оьшу шена, амма вукхара аьлла, шайн гIо дан аьтто бац, хIунда аьлча, зулам Оьрсийчохь дина хиларна.
Карарчу хенахь Зурабова полицин декъехь йуьссуш йу, цигахь цунна кIезга кхерам лаьтта – иза ураме арайалахь, боху бакъоларйархоша, нуьцкъаха ГIалгIайчу дIайига тарло иза, тIетоьхна Анохинас. Амма Ереванера полисхой дуьхьал хилла, гергарчу стага цунна кхерамаш тийсарх арц чуэца а, цIахь цунна ницкъбан кхерам лаьтташ хиларх кехат дала а – и ца хилча шелтера схьаоьцур йац иза.
"Шога хьешна цуьнан бакъонаш – цуьнан гергарчу стагца цхьаьна чуйоьллина иза, цо ша и ма де боххушехь, телефон схьайаьккхина, адвокатаца цхьанакхета ца магийна. Гергарчу стага бахарехь, вуно таронаш йолу доттагIий бу цуьнан Эрмлойчоьнан МВД-хь, тхо кхоьру, цо оцу зIенех пайда эцарх. "Шен мугIар дайна хиларх" дагадаийта а кхерамаш тессина гергарчу стага, аьлча а, йоIа хIума лачкъийна аьлла харц бехк а биллина, Фатима дIалацийта", – дийцина бакъоларйархочо.
"Фатимина гIо мел диначуьнца къасто" дош делла оцу гергарчу стага.
Гезгмашин-беттан чакхенгахь Зурабова Фатима бакъоларйархошка йаьллера, цIахь шена гуттара ницкъбо аьлла. ГIалгIайн къомехь "ца товчу" кепехь иза леларна а, "профилактика йеш" а – масала, доьзалерчу кхечу наханна хетачуьнца иза реза ца хиларна, йа аьлларг ца дарна. Лахьан-беттан 8-хь ша балха йоьду аьлла кертара ара а йаьлла, "Марем" тобано гIо а деш, Минводера Эрмлойчу кхечира иза кеманахь. Масех де даьлча цунна тIаьхьа веара цуьнан де ваша Зурабов Юсуп, вешин йоI лоьхуш арз цо чуделлера.
- Санкт-Петербургехь нохчийн ницкъахоша 26 долу республикан йахархо Сулейманова Седа – дайначу шарахь важа доьзалера йеддера, ша "сий лардеш йерна" кхоьруш. Нохчийчоьнан омбудсмена тIаьхьо видео гайтира, кадыровхоша лачкъийна йоI тIехь йолуш.
- 20 долу Исмаилова Селима лецира мангал-баттахь Москварчу Внуково аэропортехь, доьзалехь латточу гIелонах йедда иза, Оьрсийчуьра дIайаха арайаьллера. ШолгIачу дийнахь нохчийн ницкъахошка дIайелира иза. Цул хьалха цо къола дина аьлла, гергарчара цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхийтинера. Лачкъийна кхо кIира ахкIира даьллачу хенахь Исмаилова гайтира меттигерчу телехьожийлан эфирехь: цо дIахьедира, ша кхерамзаллехь йу, Iад йита ша аьлла.
- 2019-чу шеран аьхка 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира йедира цIера – бахьана хиллера - бертаза цуьнан нах иза маре йала хьовзар. "Китеж" кризисан центрехь лечкъийна Iийра Сугаипова масех дийнахь, амма цуьнан наха тIаьхьа а бевлла, бертаза йухайигира иза даймахка. ТIаьхьо ЧГТРК "Гроный" телехьожийлан эфирехь сюжет гайтира, цу тIехь Заирас бакъ ца до, шена доьзалехь ницкъбар, "феминисташа хаздинера" шена элира цо йадар.
- 2021-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра Тарамова Хьалимат – Кадыровн гонерчу Соьлжа-ГIалара "Гранд-паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI йара иза. ХIинжа-ГIалара шелтерехь лечкъина хиллера иза кхечу зударшца цхьаьна – арабаьхначу царна а йиттинера.