ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъбинчу 4 шо долчу ГIалгIайчуьра йоьIан нанна дуьхьал шолгIа бехкзуламан гIуллакх долийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Лаьцна латточу Малгобекехь ницкъбинчу диъ шо долчу йоьIан нанна дуьхьал шолгIа бехкзуламан гIуллакх долийна, бIерхIийтта шаре далаза берана тIехь кхачам боллуш Iуналла ца дарна. Цунах лаьцна хаамбина шайн хьасташна тIетевжина Iедалхойн зорбанаша а, телеграм-каналаша а. Официалехь информаци тIечIагIйина йац.

КIира хьалха йоьIан нанна бехк биллира шена доьзалхочун могушаллина ша кхетамчохь а йолуш зенаш дарна. Карарчу заманчохь лаьцна, СИЗО-хь латтош йу иза.

Малгобекера 4 шо долу йоI дарбанан цIийне йалийра кхетамах йаьлла оханан-беттан 27-чохь. Берана къиза йетташ хиллера – лоьрашна къаьстина дуккха а цунна тIехь чевнаш а, пневмони а. Тахана а дарбанан хIусамехь йу йоI.

Лоьрийн жамIашна тIетевжина Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчара дIахьедира, и йоI нуьцкъала хьийзийна билгалонаш а карийна аьлла. Официалан органаш дуьхьал йу информацих лаьцна комментарий йан, ткъа Талламан комитето хаамашкахь дуьйцург бакъ ца до. Оцу берана тIехь ницкъбарх дерг къайла ма хьо аьлла, кхайкхам бира хьалхо имама Чумаков Хьамзата. Цо дIахьедира, берах талламаш бинчу дарбанан цIийнера масех белхахочо йоI хьийзор бакъ дина шена аьлла.

Оцу йукъанна "Фортанга" ресурсо хьастана тIетевжина йаздо, хьийзош хилла иштта дарбанан цIийне кхачийначу йоьIан диъ, йалх шераш долу йижарий а аьлла.

  • Бер лазартне кхачийначул тIаьхьа церан доьзалехь таллам бина ца Iаш, полисхоша теллира иштта дас-нанас тIехь Iуналла ца ден бераш тергоне оьцучу системин белхахой а. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIуллакхдархоша тIечIагIдира, зазадокху-баттахь и доьзал чоьте хIотторах кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу декъо, амма цхьана а кепара барамаш кхин дIа лелийна цахиларх а.
  • 2019-чу шеран товбецан-баттахь ГIалгIайчуьра ворхI шо долу Ажигова Iайша дарбан цIийне ялийра, дегIа тIе цIе Iиттина а, межеш лазийна а ларш, шира чевнаш, гангрена а йолуш. Цуьнан аьтту куьйг дIадаккха дийзира. Цуьнан ден йишас Ганиева Маккас йина цунна и чевнаш. ЙоьIан ден йиша, цуьнан цIийнда, МВД-н экс-белхахо Марзиев Iийса бехке лаьрра берана тIехь гIело ярехула долчу гIуллакхехь. Ганиевана юккъерчу рожан колонехь даккха 6 шо туьйхира, Марзиевна – шиъ, ах шо туьйхира шогачу рожехь даккха.
  • ГIалгIайчоьнан прокуратуро таллам болийра, гIаръяьккхинчу видео тIехула – цу тIехь гуш ю, Троицкан хьекъална эшначу берийн цIийнехь-интернатехь кхиош волчу кIентан са дукъош йолу йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG