Кегий къаьмнаш Iалашдарехула йолчу Конвенцин гурашкара довлар а, ишта оцу сферехь дуьненайукъарчу организацешца цхьана болхбар сацор а хьехначу президентан инициативана тIетайна депутаташ. Эксперташа билгалдоккху, тоххара шайна тIелаьцначу декхарех бовлуш тIеэцна бу ишта сацам аьлла, ткъа къаьмнийн йукъараллийн боламийн векалшна хетарехь, тоххара а ларйина йац Оьрсийчуьра кегийчу къаьмнийн бакъонаш.
1995-чу шеран чиллин-беттан 1-чу дийнахь куьйгаш йаздира Конвенцина. Европан Кхеташонна йукъа йахначул тIаьхьа, 1996-чу шарахь дIакхийтира цунах Оьрсийчоь, ратификаци йира кхин а ши шо даьлча. Документехь йаздина ду кегийчу къаьмнийн векалийн бакъо хиларх шайн меттанаш Iамо, дин лело, ламасташ лардан, декъашхоша-пачхьалкхаша новкъарло йан ца йеза дешаран программаш кхолла а, оцу къаьмнийн меттанашкахь зорбанан гIирсаш арахеца а. Конвенци кхочушйарна тIехь терго латтайора консультативан комитето а, Европан Кхеташонан министрийн комитето а. Оцу йукъанна боцуш бара кегийчу къаьмнаша шайн бакъонаш хьешарх индивидуалан аьрзнаш луьсту механизм, оцу бертан низамаш дохийначунна цхьана кепара жоьпалла тIедожор а.
Оьрсийчоьнан доллу къаьмнийн кеп-кепара бакъо йу?
Арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Вершинин Сергейс дийцира пачхьалкхан думин кхеташонехь, Конвенци кхоьллинчу оцу заманчохь Оьрсийчоьнан хьокъехь йиъ мониторинг дIайаьхьира кегийчу къаьмнийн бакъонаш ларйарца доьзна. Ткъа тIаьххьара – 2018-чу шарахь. Оьрсийчоьнан Iедалхойн хьесапашца, цуьнан жамIаша "йиллина политизацин хатI" гойту, ткъа Оьрсийчоьнан Федерацино йелла информаци, "негативан чулацам болуш йу".
Низаман проектех кхетош Iедалхоша улло диллинчу кехата тIехь аьлла ду, 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Европан Кхеташоно дикка доза тоьхна хиларх консультативан комитетера векалан декхаршна, "кегийчу къаьмнийн векалийн бакъонаш хьешарх, уггар а хьалха дозанал арахьа бехачу" оьрсийн мотт буьйцучийн, шен позици дIайовзуьйтучу таронех ваккхар а.
Хаттар парламентехь луьстучу хенахь КПРФ-н депутато Коломейцев Николайс хьийхира, Европан Кхеташонца цхьана болхбечу гурашкахь куьйгаш мел йаздина доллу дуьненайукъара дийцарш а, Конвенцеш а йукъахйахар.
Кегийчу къаьмнийн бакъонаш Iалашйарехула йолчу Конвенци йукъара довларна тIетайра депутаташ боцурш а, Iедалхошна муьтIахь болу федералан Йукъараллин палатин а, президентехула бахархойн йукъарала кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Кхеташонан декъашхой а цхьаьна.
"Тхо долчахь доллу къаьмнаш, церан терахьалле хьаьжна ца Iаш, цхьатерра этнокультурин бакъонаш йолуш ду", - хета СПЧ-н декъашхочунна Брод Александрна.
Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара йаьлла хиларна, арахьарчу гIуллакхийн министралло шен-шен планаца хьоьху дуьненайукъарчу бертан дийцаршна йукъарадовлар. Коррупци лелорна бехкзуламан жоьпалла тIедожочу конвенци йукъара хIинцале арайаьлла пачхьалкх. Европахойн бакъонан меттигера буьйлу хIара йукъара тенденци, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Iойрат-гIалмакхойн Конгрессан декъашхочо, юристо Доржин Даавра.
"Кегийн къаьмнаш Iалашдечу конвенцихь йу кегийчу халкъашна лерина пачхьалкхан политикан коьрта принципаш, иштта дискриминаци лелор дехкар а. Оцу йукъара йаларо билггал Iаткъам бийр бу ала хала ду, хIунда аьлча, и йоллу принципаш а, гарантеш а Оьрсийчоьнан низамашкахь а йолуш хиларна. Ша ду, Оьрсийчоьнан бахархой Iалашбаран дуьненан-бакъонан йукъара тенденци лахйалар вайна гуш хилар", - билгалдоккху спикеро.
Москвано тIечIагIйина статус-кво
"Конвенци йукъара бовларо гойту пачхьалкхера хьолана мониторинг йан дуьненайукъарчу организацешна диллина дехка лууш хилар", - элира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь ногIийн халкъан боламан векало Курманакаев Анвара.
ТIаьххьарчу 20-х шерашкахь шайн ма-хуьллу эшош схьабогIу кегийчу къаьмнийн бакъонаш
Цунна хетарехь, Кремлан империн Iалашо йу – Оьрсийчоьнан дозанийн цхьаалла Iалашйар, хIунда аьлча, пачхьалкхера хьал талхахь, Москвах дIахада лаьа шайна аьлла тIедожо тарло кегийчу къаьмнаша. Цунна лерина Iедало пайдаоьцу кеп-кепарчу механизмех, иштта меттигера меттанаш Iамадарехь, ламасташ лардарехь дозанаш детташ, кегийчу къаьмнийн векалшна тIехь репрессеш лелайо, доьхку автономих лаьцна дийцарш дан а.
"Оьрсийчоь Конвенци йукъара йаларх бинчу хаамаша йуьхьанца Iадийра: формалехь делахь а, цо дегайовхо йелира дуьненайукъарчу хьелашца лардийр ду аьлла", - дIахьедира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь "Адыгийн йукъараллийн вовшахтохараллийн координацин кхеташонан" куьйгалхочо Бешто Аслана. Цуьнан хьал а ца зуьйш, спикеро дерзийра, царех цхьа а низам тоххара а Оьрсийчоьно лардеш цахиларх. Иштта Москвано тIечIагIйира шен статус-кво.
"ТIаьхьарчу 20-х шерачохь тIетаьIIина цхьана Iалашонца къуьйлуш йу кегийчу халкъийн бакъонаш. Масала, лахдина нохчийн мотт Iамор а, маттах дийцар а. Хьал кхин тIе а телхира Конституцихь хийцамаш бинчул тIаьхьа доккхачу декъанна, оьрсийн мотт – пачхьалкх кхуллучу къоман мотт бу аьлла, тIетохарш дича. ТIаккха, кхин долу къаьмнаш пачхьалкх кхуллучарех дац-кх? Йиллина сегрегаци ма йу хIара", - дуьйцу йукъаралхочо.
Бешто Аслана бахарехь, тIаьххьарчу шерашкахь школашкара хьехархой шайн ма-хуьллу дай-наной къарбан хьийза, ненан мотт Iамор пайден дац, кхин йолу дисциплинаш Iамо йеза бохуш. Школехь ишта а ницкъ хуьлу дешархочунна, и хаарш цунна оьшур а дац тIейогIучу заманчохь бохуш.
"Берийн бошмашкарчу белхахошна шога дихкина ненан маттахь бершаца къамелаш дар. Омра официалехь дац, амма тхан республика (ГIебарта-Балкхаройчоь.- Редакцин билгалдаккхар) жима йу, оцу кепара информаци маса дIасайаьржа", - дерзийра спикеро.
Пропагандин "гIирс" хилла Оьрсийчохь Конвенцих
Кхин а пхи шо хьалха консультативан комитето 50 агIонех йолуш зорбане йаьккхина, арахьарчу гIуллакхийн миниистр Вершинин тIетевжина, рапортехь дуьйцу кегийчу къаьмнийн дукхазза бакъонаш хьешарх, иштта – ненан меттанаш Iаморна а дозанаш деттарх.
"Меттанийн бен-берсаллина гIортор йеш цахиларо, кIезиг стимул йуьту дайшна-наношна шайн берашна кегийчу къаьмнийн маттахь дешар къастон", - билгалдаьккхира рапортан авторша.
Кегийчу къаьмнийн а, халкъан тобанийн а бакъонаш йохорах Европан Кхеташонан тIегIанехь дуьйцийла йара, амма Оьрсийчоьно бехк баккхар тергамза дуьтура
Йоккха терго йо пачхьалкхера политикан хьолан а, дешан маршо а, маршонан а низамаш чIагIдарна а. Масала, чергазойн йукъаралхочун Гвашев Русланан истори хьахийна: 2017-чу шарахь гIуда туьйхира цунна Краснодар-махкара Туапсинскан кIоштара Тюльпанан дитта уллохь далла Iамал йарна.
ГIалгIайчуьра бакъоларйархочо, шен цIе къайлайахьар дийхира цо, Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарехь дийцира, кегийчу къаьмнаш Iалашдарх йолчу Конвенцихь, церан хьал лардан пачхьалкх декхаре йеш эвсара механизм йацара.
"Кегийчу къаьмнийн а, халкъан тобанийн а бакъонаш йохорах Европан Кхеташонан тIегIанехь дуьйцийла йара, амма Оьрсийчоьно бехк баккхар тергамза дуьтура. Конвенци болх беш йолчу хенахь низам тIеийцира, халкъийн къаьмнаш Iамор факультативе деш, и бохург хIун ду, тIедожийна доцуш хилар", - билгалдоккху къамелдечо.
Оцу хеначохь, билгалдоккху бакъоларйархочо, Оьрсийчоьно жигара пайдаийцира шен Конвенцихь дакъалоцуш хиларх оьрсийн мотт буьйцучу Балтин а, Украинан а мехкашкахь бакъонаш хьешарх дIа а хьедеш. Оцу кепара, консультативан комитетехь дакъалацарх кхин а цхьа гIирс хилира политикан Iаткъам бан а, пропаганда йан а.
- 2023-чу шеран йуьххьехь Туркойчохь мохкбегийча зен хиллачу адыгашна махкалла далар аттачу доккхуш Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире гIо дехначу чергазойн халкъан-йукъараллин вовшахтохараллийн векалшна жоьпаш хилира. Лелаш долчу низамца Оьрсийчоьнан бахархойн махкахой бу уьш, хIунда аьлча, церан дай XIX-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнан империно депортаци йале Малхбузенан Кавказан дозанаш тIехь бехаш хилла бу. Делахь а Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло билгалдаьккхира чергазашна паспорташ лойла дац аьлла, ткъа шо сов шерашкахь дуьйна лела репатриацин программа кехаташ тIехь бен йац.
- ГIебарта-Балкхаройчуьра бакъоларйархой бистхилира мехкан урхалхочуьнга Коков Казбеке, регионехь мобилизаци сацайе, къоман генофонд кхерамехь хиларна. ТIекхуьйкхуш "керла тулгIе" йолайахь, кегий къаьмнаш дисарх хаттар кхоллалур ду. Кавказ.Реалиин сайто эксперташца къастийра, йукъаралхойн кхерамаш мел бух болуш бу.
- 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь чергазойн йаккхийчу организацийн векалша дехар дира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дозанал арахьа бехачу махкахойн хьокъехь Оьрсийчоьнан политикех" низамехь хийцамаш бар хьоьхуш пачхьалкхан думо кховдийна дехар йухадаккха аьлла. И хийцамаш тIеэцахь, махкахо тIелацаран коьрта бехкам хир бу, цунна оьрсийн мотт хаар.