ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамехь доцург бакъдар? Стенна оьшу Кадыровна тутмакхаш харжа белхан тоба


Нохчтйчоь, эскархой, гайтаман сурт
Нохчтйчоь, эскархой, гайтаман сурт

Украинана дуьхьал тIаме бахийта таIзар динарш а, талламо лецнарш а вовшахтоха белхан тоба кхолла йеза аьлла указна куьйг йаздина Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цхьана а кепара дозанаш тоьхна дацара Нохчийчохь тутмакхашна вербовка йарехь хьалха а, амма хIинца шайггара дуьхьал доху бехкзуламан гIуллакхаш кхин а алсам хила тарло, чIагIдо Кавказ.Реалиин эксперташа.

Белхан тоба кхуллуш йу Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимира 2022-чу шеран гIадужу-баттахь даьккхинчу указна тIетевжина, цо оккупаци йинчу дозанаш тIехь тIеман хьал кхайкхийра. Цо къастийра Оьрсийчоьнан регионаш "реакци йаран тIегIанашца" – масала, Краснодар-махкахь а Ростовн кIоштахь а цул тIаьхьа "йуккъера тIегIа" болх бан йолайелира. Нохчийчоьнна цхьана а кепара керла бакъонаш оцу указо йелла йац.

Кхеташона йукъа вахна 100 стаг. Куьйгалла дийр ду оперативан штабан ша Кадыровс, ткъа цуьнан куьйгаллехь лоруш ву цуьнан бIанакъост, Нохчийчоьнан премьер-министр Даудов Мохьмад. Оперативан шатабан декъашхошлахь бу кхин болу цIейахна кадыровхой а, масала, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам, мехкан вице-премьер, Кадыровн бераллера доттагI Висмурадов Абузайд. Комисси йукъа балор бу республикин куьйгалхочун гергарнаш а, цуьнан уллорчу гонера нах а: йоI Кадырова Iайшат, вешин кIант Кадыров Хьамзат, Нохчийчоьнан урхалхочун дехула гергара волу, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад, нуц Алханов Адам. Уьш боцурш а декъахь хир бу Нохчийчоьнан Iедалан векалш, министраш, гIалин куьйгалхой, меттигерчу индустрин коьрта директорш а.

Кадыровс вовшахтоьхначу тобано гIо латтон деза "таIзар динчу а, талламо лаьцна латточу а бахархошлахь СВО-н (ишта олу Оьрсийчоьнан Iедалша Украинехь шуьйра болийначу тIамах.- Билгалдаккхар) Iалашонаш кхочушъйан нах бохуьйтуш. Указо аттачу доккху "ФСИН-ца а, полицица а, Талламан комитетца а, кхечу структурашца а йукъарло лелор", аьлла кхетийра редакци, Оьрсийчохь репрессин низамаш лелалш хиларна, шен цIе къайлайахьар дехначу тIеман юристо.

Редакцино хаттар динчу кхечу тIеман юристана хийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочун указ цхьа формале хIума ду аьлла: "Бакъонех дерг аьлча, хIуъа а шена магийта йиш йу Кадыровн – риторикан ду и хаттар. Цхьаммо а цунах таллам бийр бац, йа иза йуха а ийзор вац".

"Набахтера хьелаш ла ца лучу кепе дерзадо"

2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчохь божарий бу лечкъош Украинерчу тIаме хьийсон бохуш. Лечкъийначу нахана хьалха харжам хIоттабора: контрактана куьгйаздо ахь, йа Нохчийчуьра "къайлахчу" набахтехь шаьш шайггара дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхехула хан йоккху ахь олий.

Бертаза лецна, цул тIаьхьа тIаме хьийсинчарлахь бу, масала, вежарийн ЯнгулбаевгIеран гергарнаш: Абубакар - бакъоларйархо ву, ИбрахIим а, БойсагIар а воьзна ву 1АДАТ телеграм-каналца. Абубакара бахарехь, цуьнан деваша а, маьхчой а 2023-чу шарахь полицино лецна, Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университете балийнера. Ала дашна, цигахь кечбеш бу Украинана дуьхьал тIом бан "лаамхой". Шина-кхаа дийнахь бен "кеч ца бира" уьш, цул тIаьхьа лерринчу "Ахмат" декъах тоьхна, Украине дIахьовсийра, дийцира цо.

Цхьаммо а толлур вац Кадыров, йа иза йуха а ийзор вац

"Русь сидящая" фондан куьйгалхочо Романова Ольгас редакцица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира Нохчийчуьра набахтеш чIогIа къевлина хилар. Йуьхьанца вагнерхоша шайн гонашка ийзабора тутмакхаш массанхьа а, Нохчийчоь йоцчохь, делахь а цул тIаьхьа хьал хийцаделира. Романована хетарехь, и доьзна дара, Кадыровн Пригожинца "бартбан аьтто хиларца". Нохчийчохь мел тутмакхашна вербовка йан ницкъ кхечира хIетахь, хууш дац, билгалдоккху цо.

Бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара дийцарехь, хьалхо набахтешкахь вербовка йеш йара баккъал а тIом бан баха луучарлахь. Тахана, цуьнан дешнашца, нах дIабуьгу тIамтIе, цаьрга хоьттуш хIума а доцуш. Цхьацца вигина ца Iа, иттаннашкхаь буьгу уьш, бохура цо. И муха нисло хьуна аьлча: къамел дан олий, нах тIекхойкху, цаьрга дуьйцу эскарехь гIуллакх дарх лаьцна. Нагахь санна контрактна куьгйаздан уьш дуьхьал хилахь, царна дуьхьало йо хенал хьалха маьршабаха, царна латтон хьелаш аттачу даха а реза ца хуьлу, цу тIехь тоьхна хенаш алсамйоху, "и бохург хIун ду, оцу набахтехь хьан хан йаккхар тоха са доцчу кепе дерзор, нагахь санна, Кадыровн лаамна хьо дуьхьал валахь".

2024-чу шеран бIаьста дийца даьккхира, къаьркъа моьлуш, психотропан молханаш муьйлу нохчий бертаза Украинерчу тIамтIе хьийсош хиларх. Оппозицин блогеро, Кадыровн критико Халитовс кхетийра, буьйцурш къаьркъанах боьзна нах хилла ца Iа, бу царлахь ницкъахоша наркотикаш тийсинарш а бохуш. Постехь совцабора уьш, цаьргахь хаалора магийна йоцу молханаш, тIаккха ультиматум хIоттайора: "Йа набахте, йа Украине" олий.

ТаIзар ца даран "юридикан фасад"

Нохчийчохь бакъонаш хьешар кест-кеста нислуш хиларе а хьаьжча, ишта нийсонца кхел йан бакъо цахилар а лерича, Кадыровн керлачу указо кхин тIе а алсамдаккха тарло низамаш талхор, элира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс Гарольда.

"ХӀара зуламхой дӀахецар хилла ца Iа, Украинехь бехк боцу нах хIаллакбан кхерам хилар ду. Указо Кадыровн гӀуллакхна "юридикан фасад" бен тIе ца туху. Хьукматашна йукъара тоба Iаламат шуьйра хилар хIун ду хьуна аьлча. Хьукматашна йукъара тоба оццул йоккха хиларо гойту, мел шуьйра нохчашна дуьхьал гIуллакхаш даха лууш ву Кадыров, уьш шайна хьалхара бала а туьйсуш. Ма-дарра аьлча, и процесс сихйан хьийза Кадыров", - бохуш, чӀагӀдо цо.

Ша шена хIуъа а могуьйтур долуш ву Кадыров – риторикан хаттар ду

Оцу кепара белхан тоба вовшахтоха аьлла тIедиллар хила тарло Путинера, билгалдоккху Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан кьйгалхочо Сулейманов Джамбулата: "ТIамтIехь хьалха тийса дуккха а нах оьшу аьллачух тера ду Путина, цундела меттахваьлла пехотинец".

Политолог волчу Айсин Русланна хетарехь, хIинца Нохчийчу леррина нах хьийсор бу тоьхна хан йаккхийта, тIаьхьа тIамтIе бахийта царна вербовка йан атта хилийта.

"Цхьана а кепара чолхаллаш йац оцу гIуллакхна. Карладоккхур вай, муха хьажийра цига Журавель Никита. Путин Нохчийчу веанчул тIаьхьа Iалашо хIоттийна – нахана мобилизаци йан а, тIамтIе бахийта вербовка йан а хьелаш хIиттон", - аьлла хета экспертана.

КъорIан а дагийна, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна бехкевина Журавель Никита Соьлжа-ГIала дIахьажийра Волгоградехь лаьцначул тIаьхьа. Лаьцна латтор кхечу дозана тIехь хилийтарх кхетийра, Нохчийчуьра 13 имамо шаьш волайнхой ду аьлла, Талламан комитете дIахьедарш дарца.

  • Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Нохчийчу веанера, иза хилира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" (РУС). Путинан цӀе лелочу РУС-ехь Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца "лаамхой" кечбеш бу.
  • "Ахмат-Чечня" полк республикерчу бахархойх а, массо а махкара "лаамхойх" а вовшахтухуш йу. РУС-ехь жимма Ӏамораш а дина, фронте дӀахьежош бу уьш. Курскан кӀоштахь дӀахӀоттийна йолу "Ахмат" спецназ лаьтта профессионалан тӀеман белхахой хиллачу нахах а, ЧВК "Вагнеран" йолахойх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG