ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамна а, кхетамна а дуьхьал: нохчашца а, туристашца а Кадыровс лело шалха кепаш


Нохчийчу баьхкина туристаш, 2022 шо
Нохчийчу баьхкина туристаш, 2022 шо

Iедална дуьхьал болчийн доьзалашна чIирца бекхам бина ца Iаш, бертаза нах лечкъош зуламаш динчийн гергарчарна а дIадекха аьлла Кадыров Рамзана. Шен къамелехь цо хьахийна туристаш байар. Мехкан урхалло шалха кепаш муха лелош йу – регионе веана хьаша ларвар, шен махкахошна тIаьхьа ваьлла леларх, - дийцира Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа.

Нохчийчохь цхьаммо ницкъахо йа турист вийна меттиг хилахь, цунах жоп лур цу цуьнан доьзало, дIахьедира Кадыровс Керла шо герга кхочуш ницкъаллин блокаца дIайаьхьначу кхеташонехь. "Нагахь санна, йукъараллехь латтон паргIато цхьаммо йохайахь, полисхочунна йа туристана тIекхевдина, куьйгбехкениг вайна схьа ца каравахь а, вай и лоьхуш лелар дац, цуьнан гергарнаш схьалохур бу вай", - элира Кадыровс.

"Шога зуламаш дан кегийрхой тIехьоьху" оппозицин телеграм-каналаш йу йуьйцурш аьлла, билгалдаьккхира цо. Цул тIаьхьа дукха хан йалале нохчийн NIYSO телеграм-каналан авторша хаамбира, Нохчийчохь бехачу шайн гергарчийн цIа ницкъахой баьхкина аьлла.

Соьлжа-ГIалахь туристаш
Соьлжа-ГIалахь туристаш

Оцу телеграм-каналехь Iедалхоша лелочунна реза доцу материалаш арайаьхна ца Iаш, махкахь бехачу бахархошна а, регионе хьошалгIа оьхучарна а цхьатерра хьелаш хIиттош цахиларх а дуьйцура. Масала, авторш эргIад оьхура Нохчийчу богIучу хьешаша тIехь тIелетта духар хиларна, луьйчушъюхург хиларна, иштта нахана йукъахь романтикалле йукъаметтигаш дIагайтарна а.

Нохчашца а, туристашца а шалха кепаш лелош хиларх кест-кеста йаздора оппозицин кхечу 1АДАТ телеграм-канало. Цуьнан авторша билгалдоккхура: туристашна дуккха а хIума магош ду, бакъо йоцчу хьолехь битинчу махкахошначул а. Масала, 2021-чу шарахь коронавирусан локдаун йолчу заманчохь Соьлжа-ГIалин урамашкахула буьйлабелла лела мегара царна масканаш йоцуш. Ткъа оццу хенахь меттигерчу бахархошна шога дозанаш деттара.

"ХIоразза а дерриг а гротеске ду

ГIуран-бутт йуккъе баьллачу хенахь полисхошна тIедиллира "туристашка вониг ала а, церан кочаэха а могуьйтург цахиларх" меттигера бахархошца "кхетош-кхиоран" болх дIахьо аьлла. Цунах лаьцна шозза дIахаийта дезара ницкъахоша мангал-беттан 28-чу кхаччалц а, 2024-гIа шо чекхдаллалц а.

Йоьдучу дуьххьалдIа эфирехь республике лестачу хьешийн леларх лаьцна хаттар динчул тIаьхьа цунна делла жоп хила тарлора оцу кепара омра арахецар. ХIетахь Кадыровс хаамбира, "маьттаза духарца цхьа а турист гина вац" шена аьлла.

"Куьйгаш лаьцна уьш буьйлабелча, йа цара хеча йоьхча, вайна цунах цхьана а кепара хуьлуш зен дац. Туристийн коча вай оьхуьйтар бац. Туристашка хьаштдоцург аьлла меттиг нислахь, вай таIзар дийр ду", - аьлла Кадыровс.

Туристаш байинчарна чIирца бекхам бийр бу Кадыровс алар - кхочушдан йишйоцург а, федералан низамашкахь а, йа нохчийн Iадаташца а, хьекъалца а догIуш дац аьлла, билгалдаьккхира бакъоларйаран "Марем" тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас. Цуьнан хьесапашца, Нохчийчоьнан урхалхочун дIахьедарш "хIоразза а ирча беламе хуьлуш ду".

Йукъахь лелаш долчу низамийн гурашкахь талла дезаш ду муьлхха а зулам

"Iадаташца вийначун гергарчара бан безаш бу бекхам, чоьхьарчу гIуллакхийн йа Росгвардин белхахоша беш бац. Амма хIара хIума Нохчийчохь дуьххьара хуьлуш дац, "сий лардеш" олий нах гергарчара ца бойу, ницкъахойн карах нисло. ХIинца Кадыров шена бевзаш боцчу туристийн агIор ваьлла, туристашна санна, бахархошна дуьхьал даьккхина зулам а лелаш долчу низаман гурашкахь талла дезаш ду", - кхетадо бакъоларйархочо.

Анохинас билгалдоккху, рогIера бехк-гунахь доцу нах бойур бу аьлла, диллина дIахьедар йуха а тергамза дуьтург хиларх Москвахь, делахь а, бохура цо, кхерамзалла латтор йу бохуш гарантеш йаларо а Нохчийчу садаIа нах кхачор бац.

Кадыровн кепаш

2000-гIа шерийн йуьххьехь, хIетахь республикехь герзашца гIаттамхой бара лелаш, Москвано дIахьедира Нохчийчохь туризм кхион Iалашо йу шайн аьлла. Масала, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин 2002-чу шеран манифестехь (партин векалша луьстуш йара и, амма официалехь тIеэцна йацара) дIакхайкхийра: 2008-гIа шо карадогIуш Нохчийчоь а, йоллу Къилбаседа Кавказ а Оьрсийчоьнан туристикан а, курортан а "мекка" хир йу.

Туристаш чубаржа таро йоллушехь, махка хьеший эхар ца нисло, индустри кхиийна цахиларна, ишта мехкан хилла ца Iаш, республикин куьйгалхочун а негативе имидж хиларна. Кест-кеста хаамаш кхочу Нохчийчуьра кхел йоцуш нах хIаллакбарх, къайлахчу набахтех, адамаш лечкъорах, ткъа Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Израило а, Японино а, кхин а цхьа могIа пачхьалкхаша а чIогIа дехарш до шайн бахархошна Къилбаседа Кавказе ма леста, террорран кхерам латтарна а, кхечу мехкийн бахархошца церан негатив хила тарлуш хиларна а.

Соьлжа-ГIалахь туристаш
Соьлжа-ГIалахь туристаш

Цул совнах, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн Нохчийчу эхарх лаьцна публикацешкахь а цхьаьна хьалхарчу меттигехь лаьтта кхерамзаллин хаттар: туристийн цига бахар садаIар ца лору, экстрим санна тIеоьцу.

Росстатан зерашца, 2022-чу шарахь Нохчийчу веана 305 эзар турист, къилбан регионашкахь и Iаламат лахара гайтам бу. Масала, Ставрополь-махка веана 2,4 миллион гергга турист, Дагестане 680 эзар, Кхарачой-Чергазийчу 427 эзар, ГIебарта-Балкхаройчу 427 эзар стаг. 2022-чу шарахь Краснодар-махка веана 23 миллион турист – регионехь бехачу нахал а кхузза сов адам.

Туризман индустрин кхечу гайтамашца а тIаьхьа йу Нохчийчоь. Масала, 2022-чу шарахь цхьа миллион ахмиллион адам дехачу республикехь йерриг а 60 хьешан хIусам, хостел, мотелаш, санатореш, турбазаш, садоIу базаш йара. Кхин а кIезиг йу уьш ГIалгIайчохь, Чукоткехь, жуьгтийн автономин кIоштахь, Магаданехь, ГIалмакхойчохь а, Ненецкан автономин гонашкахь а. Дустуш аьлча – Дагестанехь ишта меттиг 146 йу, ГIебарта-Балкхаройчохь 188, Ставрополь кIоштахь 532.

Дукха хьолахь Нохчийчу шаьш дахарх Оьрсийчоьнан блогерша йаздо, оцу кепара тур экстриме йара бохуш, билгалдоккху Европехь куп тоьхначу "Кавказ маьршайаккхаран Комитетан" куьйгалхочун гIовса Албаков Шемала: "Шайга хьовсуш болчийн "нервашна гилгаш" даха хьийза уьш. Дукха хIуманашца оцу тайпа негативе васт – Кадыровн дIахьедарийн а, цо лелочун а тIаьхье йу. Цуьнан рогIера зорбанан гIирсашкахь даржийна дIахьедар, цу тIехь нохчий цхьа акха адамаш долуш санна гайтина, цаьргара кега-мерса хIума далахь а, чIир йекхарца таIзар а деш".

Кадыровс даим а хьехарш до нохчашна, оьзда, гIиллакхашца хила бохуш, ткъа ша даим а хьоьшу уьш

"Путинан гIашсалти" (ишта олу Кадыровс ша шех.- Редакцйин билгаодаккхар) – диктатор ву, цундела цуьнца догIуш урхалла до цо мехкан, билгалдоккху Европехь вовшахтоьхначу "Цхьааллин ницкъ"оппозицин боламан хьалханчас Сулейманов Джамбулата.

"ХIаъ, кхечарна хьоьху низамаш цо ша лардеш дац. Вайна дагадогIу, цкъа хьехна ца Iа Кадыровс нохчашна гIиллакх-оьздангалла, ткъа ша массарна а гуш-хезаш гIиллакхех вухура. Ницкъахошна а, туристашна а тIекхевдинчийн гергарнаш байа бохуш, цо бен кхайкхамаш оцу категори йукъара бу. Нохчийчу баьхкинчу бакъоларйархошна хIара тIелата мегаш ву, ткъа могIарерчу стеган йиш йац туристе дош ала, цунна хетарехь, меттигера культура аьшнашйеш волчу", - дерзийра къамелдечо.

  • 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан Iедалхоша туристийн дресс-код муха хила йеза хьоьхуш, йаздина кехаташ арахецнера. Цу тIехь, масала, билгалдоккху, зударшна йоца юбканаш, йа шорташ лелон мегар дац, оцу йукъанна магош дара джинсаш, хечеш лелон. Иштта духар лелийча товш дара аьлла, хьехна цу тIехь, амма федералан низамаша тIедухучуьнца дозанаш ца детта. Къилбаседа Кавказан мехкашкахь дресс-код муха лардойту дийцира хьалхо Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG