ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь "КТО" дIаяьккхинехь а, махкахь синтеме дац боху махкахоша


Нохчийчоь -- Cоьлжа-ГIала, Зазадоккху-беттан 31, 1995 шо
Нохчийчоь -- Cоьлжа-ГIала, Зазадоккху-беттан 31, 1995 шо

Нохчийчохь терроран дуьхьал дIаяьхьна тIеман операци сацийначу, кху оханан беттан 16-чу дийнан хьокъехь бахархошца хеттаршка вийлича гучудолург ду дукхахболчарна хаъане а хууш цахилар, цу дийнахь дерриге къомана а муьлха мехала хилам тергалбелла. Арахь, чохь,воьду-вогIуш,урамехь-башхалла а дац,нахана хаац кху беттан 16-чу дийнахь хIун хилла. Цара луш долу жоьпаш,хаттархо цец а воккхуш, дукха цхьабосса ду:

Урамера бахархой: “Ца хаьа суна. Валлай ца хезна суна-м. Делдахь ца хаьа суна. Валлай биллай тхуна хиъна ма дац иза!...”

Новр кIоштера латталелорхо Солтабаев Расул велира карахь болчу баттахь тIом сайцийна де дуй-м хаьа шена амма и муьлха де ду дага-м ца догIу шена аьлла. Цунна хетарехь тIом сацийна ларалуш долу 7-8 шо хан-зама яьллехь а Нохчийчохь синтеме хьу йоцуш вайнехан дахар тийна-таьIначу,зовкхечу хоршахь дIадоьда ду ала хала ду. Расул ву дуьйцуш.

Расул: « Кху баттахь сацийний хаьа суна тIом,амма муьлхачу дийнахь ала-м хаац. И сацийна дала хастам бу-кх. Массо агIор гIарччIа аьлла охьатаIийна латтош дара адам бер-5ер а, жима а, воккха а. Психика гальяккхал холчохь,хIоьттина дара къам. Бакъду, хIинца а ца кхеташ хIумнаш дукха ду. И тIом сацийнера аьлла ладегIам бай-м ца белла..ХIума ала а дац маьрша. Кхоьруш бу нах…»

Цхьаболчу махкахоша кхеторехь дерриге къоман а самалхадолуш боккха кхаъ бара терроран дуьхьал дIаехьна тIеман операци дIайирзина, республикера Оьрсийчоьнан цхьадолу тIеман дакъош ара а доху аьлла, дIакхайкхор. «ХIетахь массарна а моьттура дахар дикачу,хьаамечу агIор хийца а лур ду, тIебазбеллий лаьттина баланаш,ладегIамаш дIа а бевлла, наха чу садогIур ду а. Уьш гIан-набарш хиллера. Карарчу хенахь лаьцначуьра лаг дIа ца хоьцуш, шена хетарг аьлла дош хазор а маьрша доцуш, садукъдина адам хьийзориг тхан тхешан ницкъаллин структураш ю.Цара дайина хIинца амал а,гIад а». И къамел динарг ву тахана пенсахо волу соьлжагIалахо ГIапур.Цуьнчух терабеттало шен хьажам бовзийтира Старопромысал кIоштерчу дуккха а хьалха дуьйна низамхочун даржехь къахьегначу вахархочо Висхана а. Цунна хетарехь тIом сацийна де массарна а дагахь лаьтташ хир дара бакълена а махкахь олалла деш,бнлхан меттигаш а кхоьллина, синтеме дахар делхьара.

Висхан: “ТIом сецца бара аьлла нахехь синтемма-м бац. Шаверг хIинца,тIаккха хIун хуьлу те бохуш,ишта цхьа чIагIвелла Iаш ву-кх. ТIом боцу сурт ду,амма массо а бохург санна кIошташкахь,цкъа цхьанхьа,тIаккха вукханхьа детташ герзаш ду,бойуш нах бу. БIеннашкахь лецна нах бу. Экономика то а елла,дахар битаме деънехьара,белхан меттигаш елхьара кхоьллина,и КТО дIаяьккхичхьана бакълена а синтеме,ирсе дахар делхьара суна а,кхечарна а дагахь хир дара и де. И цхьа хIума а дан ма дац. Адам эшамехь ду. И де дагадогIучу хьолтIахь бац махкахой.Цундела церан дагалецамехь цхьа бIаьрла де а хилла ца дисна-кх кху беттан 16-гIа де”.

Терроран дуьхьал дIаяьхьна КТО олу тIеман операци сацийначу дийнан хьокъехь бист мел хиллачара билгал ма даккхара, кхузара хьал машаре а ду,бахархошна беш тIеIаткъам а бац,таIзаре тангIалкхаш а я чалтачаш а бац бохург,гIамарх йинчу хIусамех тера, шеконех дуьзина, тIаьхьало йоцу хIума ду. Цунна даре до деккъа кху шеран хьалхарчу кхаа баттахь официалан Iедалан хьостанаша Iорабаьхначу тIеман хьу-чулацам болчу хиламаша. Уьш беррише а багарбан воьлча, ткъе иттанне гIоьрташ бу. Зазанан бетта 30-чу дийнахь,низамхоша ши стаг вен а вуьйш, тIеман тасадалар нисделла Хьалха-Мартана кIоштан лаьмнашкахь. Оццу беттан 24-чу дийнан буьйсанна Новр гIалахь тIемалоша тIелатар дина Оьрсийчоьнан нацгварди олучу тIеман декъана. Шина а агIор дараш ду- чевнаш йина лазарне кхачийнарш боцуш, вийнарг ву 11-12 стаг. Ишта кхиндIа а.Цу кеппара герзашца юкъаметтигаш къестош кху шеран кхаа баттахь Iожалло вехьнарг 30 гергга стаг ву, лазийнарг 12-13,тIеман барзакъ дуьйхинчу наха лачкъийнарг 4, бен-бечу бахьаненашна лецнарш цхьа бIе гергга вахархо. И терахьаш шатайпа гайтам а , жоп а ду, схьахетарехь, мел маьрша ду тахана Нохчийчохь бохучу хаттарна.

XS
SM
MD
LG