ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йарх гайтам хIоттийна Варшавехь


Нохчий махках бахарна лерина сурт
Нохчий махках бахарна лерина сурт

Махках баьхна нохчий, гIалгIай Йуккъерчу Азин мехкашка хьийсийна 80 шо кхачарна лерина гайтам схьабиллина Варшавехь, хаамбина Ичкерин арахьарчу Iедалан "ГИА Чечен-пресс" сайто.

"Нохчий: геноцидан истори" цIе йу хIоттийначу экспозицин. Нохчийн къомана депортаци йина 80 шо кхачарна а, "Оьрсийчоьно йозуш йоцчу нохчийн пачхьалкхана дуьхьал тIеман агресси йина 30 шо кхачарна" а лерина йу иза. Гайтамехь суьрташ а, видеоматериалаш а йу хIиттийна.

Чиллан-беттан 23-чу дийнера 25-чу дийне кхаччалц хир болуш бу гайтам.

Дагадоуьйту, Дагестанан прокуратуро дIахьедина нохчашка, Iедалхошкара пурба доцуш акциш, митингаш, пикеташ хIиттон мегар дац аьлла. И доьзна ду чиллан-беттан 23-чохь Новолакскан кIоштахь хIиттон дагахь хиллачу барамашца. Депортаци йале хьалха Iовхойн кIошт олура цунах, дукхахберш нохчийн бара цигахь бехаш.

  • 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Iовхойн кIоштара араваьккхира 16 эзар стаг. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцид йу элира вайнах махках бахар.
  • Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада 2023-чу шарахь. ХIинццалц схьа оцу дийнахь шуьйра барамаш хIиттор республикехь официалехь доцуш дихкинчу нохчийн Iедалхоша дуьххьара дина дIахьедар дара и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG