Нохчийчуьра бахархошна арахь такха хенаш йиттина нускал далош богIучу хенахь кхераме машенаш хехкарна. Париж а, Бордо а цхьаьнатуху пачхьалкхера уггар а боккха некъ дIалаьцна хилла цара. Ши машенлелорхо сацон аьтто хилла полицин, биссинарш лоьхуш бу. Цхьаннан хьокъехь талламаш бан ордер йелла, йаздо францхойн 78actu сайто.
Версалера кхело и гIуллакх листина зазадокху-беттан 15-чохь. Талламан версица, мел лахара а 10 машено Саран а, Сент-Арну-Ивелин коммунашна йукъара 60 чакхарма некъ мел бу новкъарло йина хиллера дIасалелачу кхечу машенашна. Кортежера машенийн цхьа дакъа рогIе хIоьттинера боху, леррина сахьтехь 60 чакхарма дIавоьдучу некъатIера машенашна духьало йеш, вукху машенлелорхошка "зигзаг йеш, сихо йайта". Оцу йукъанна дуккхаъчу тешаша, цара дIахаийтина хиллера маса хаам кхачочу сервисашка, дийцинера, цхьайолчу машенаш чохь бераш а дара аьлла.
22,24 шераш долу Нохчийчуьра бахархой таIзаре хIиттийнера. Audi RS 6 машенахь хиллачо дIахьедина, шен Renault Clio 3 машенахь ван товш ца хетта, мах белла ханна лаьцнера ша и машен аьлла. Бехказаволуш цо аьлла, гонах массо а меллаша лелачу хенахь цхьана Iалашонца чехка хаьхкинера ша, хьал кхераме а хетта. Оцу йукъанна цо чIагIдора, тормоз тохар а цхьаъ хууш дина дара ша, стенгахь ловзар хIоттош ду ца хаьара шена, цундела кхинболчарна тIаьхьахIоьттина ваха декхаре вара ша аьлла.
ШолгIа бехкевинчо тIе ца дитина шена дохку бехкаш, шен ненера эцначу BMW машенан чехка хахка говран ницкъ бац аьлла. Кхелехь къаьстина, 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь дуьйна машен лело бакъо дIайаьккхина хилар цуьнгара, чехка леларна.
Эххар а кхело Нохчийчуьра шина а вахархочунна арахь такхийта йалх бутт хан кхайкхийна. Оцу ханна машен лело бакъо схьайаьккхина Audi машенахь хиллачуьнгара, кхин а цхьана шарахь бакъо йаккхар доьхкуш. ШолгIа кхел йинчуьнгара BMW машен схьайаьккхина.
- Дахаран хьелашца доьзна бахьанашца дов иккхинчохь нах байъарна Нохчийчуьра бахархой Германихь бехкебина кху шарахь масех бехкзуламан гIуллакхашна. Цуьнан чIогIа карзахе тидам бина оцу диаспорийн векалша, махкахошкара даьллачунна шаьш жоьпехь хиларна а, и гIуллакх нахалахь дийцадаккхарна а. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, и хиламаш а, тIелеттачийн къам а цхьаьна доза мегар дац аьлла.
- Зазадокху-беттан 6-чохь Францин къилба-малхбузера Лимож гIалахь лецира 47 шо долу Нохчийчуьра вахархо, цIера дIасавалар шена дихкина хиллашехь, пачхьалкхера араваларна. Шеконеэцнарг, цуьнан цIе йовзуьйтуш йац, бехкевина терроризмаца доьзначу гIуллакхана.
- Францира депортацин набахтера арахецна 36 шо долу Нохчийчуьра вахархо Албаков Iимран. Иза Оьрсийчоьне дIалуш бина хилла сацам дечкен-баттахь Лионера апелляцин кхело йухаийцира. Цуьнан воккхаха волу ваша Ислам хIинца а лаьцна вуьсуш ву Бельгихь.