ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна йихкина: Соьлжа-ГIалин йевзаш йоцу агIо


Соьлжа-ГIала, 1912 шо. Мехкадаьтта доккхучу белхалойн цIенош
Соьлжа-ГIала, 1912 шо. Мехкадаьтта доккхучу белхалойн цIенош

ХIунда могуьйтуш дацара нохчашна Соьлжа-ГIалахь дIатарбала, мехкадаьттан гIар-гIовгIано муха Iаткъам бора гIала кхиорна, мича хьелашкахь бехара цигахь америкахой? ХIорш а, кхиндолу хеттарш а дийцаредо "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека Нохчийчоьнан шахьаран истори толлучу Шперлинг Вольтерца.

Грозная гIап, XIX-гIа бIешераш
Грозная гIап, XIX-гIа бIешераш
Справка: Грозная гIап йина Сунжа хинан йистерчу нохчийн йартийн латтанаш тIехь 1818-чу шарахь инарлас Ермолов Алексейс, Къилбаседа Кавказан оцу декъахь Оьрсийчоь йукъахь хилар тIечIагIдо цо. 1869-чу шарахь гIопах гIала йира. XIX-чу бIешерийн чакхенгахь мехкадаьттан индустри Соьлжа-ГIалахь дукха чIогIа жигара кхуьура, советан заманахь оцу агIор регионашлахь уггар а кхиаме гIала хилира цунах. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа кхин а дика йевзира дуьненна гIала Оьрсийчоьно Нохчийчохь бина тIом бахьана долуш шозза йохийна хиларна.

– Лараме Вальтер, Нохчийчоьнан шахьаран истори талла стенна волавелира хьо?

– Сайн книги тIехь аса теллина хаттар, ма-дарра аьлча, хIинца а дерриг а къаьстина диллина дац и хаттар, къаьсттина: Советан зама, цхьана хенахь вайн дуьненчохь уггар а дукха къаьмнаш шена чохь даьхна пачхьалкх муха йара иза? Кху заманан стаг а, историк а суо хиларе терра, суна ца тов, хила дезаш санна долу жоьпаш.

Шперлинг Вальтер
Шперлинг Вальтер

Карагандахь, ГУЛАГ-ан хиллачу гIалахь, Сталинан рожо депортаци йинчу немцойн колонистийн доьзалехь кхиъначу суна хаьа, и чолхе со кхиъна вогIучу хенахь билггал хилларг дIагайта хьолехь йац цхьа а интерпретаци. Суна чIогIа дукхайезара оьрсийн литература, бIаьргайан ца йезара оьрсийн меттан хьехархо, къегина шовинист йара иза. Сийлахьчу Даймехкан тIамах лаьцна дийцарш, лейтанантийн проза дукхайезара суна, со кхеташ воллушехь, сан гергарнаш советан даймехкан йамартхой бара аьлла 1941-чу шарахь махках баьхна боллушехь. Казахашна тIехь аса, соьца цхьана доьшучу бераша а санна, даим а забарш лелайора. Делахь а, со хазахетарца воьдура казахийн бардийн концерташка, цхьа дагах кхеташ шайн къомо лайначух иллеш олура цара.

Караганда – Соьлжа-ГIала суна некъ белла цхьахдолчу "тIех" ду. Сан да, денана 1940-50-чу шерашкахь депортаци йинчу нохчашна а, гIалгIашна а уллохь баьхна бу. 1980-чу шерашкара схьа дуьйна тхан гIалахь бехаш а бара дуккха а Къилбаседла Кавказера схьабевлла нах. 1994-чу шарахь Нохчийчохь тIеман конфликт иккхича, суна и керла хаам хилла ца Iара. Малхбузера Германихь йовхачу петарчохь телевизорна хьалха хиъна Iара со, экзаменашна кечам а беш, ткъа оцу хенахь Оьрсийчоьнан армино, сан бераллин Карагандах кхин башха къаьсташ йоцчу гIалина бомбанаш йеттара.

1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа тIом баьлча, Оьрсийчуьра оьхучу Iилманчашна тIехь кураталла лелош вара со. Царех цхьанга хаьттира аса йолийначу конфликтех лаьцна, цо куьг ластош жоп делира: "Вальтер, цигахь даим бу тIом!". Оцу кепара аларш а, васташ а дисина сан иэсехь, цундела сан хьежамашкахь Соьлжа-ГIала - дуккха а керланиг суна хаа лууш хиллачу меттигех йу.

Аса сацам бира, сайн кхин дIа бен болчу талламашкахь Соьлжа-ГIала а, Кавказ а мухха делахь а хир йолуш йу аьлла. Делахь а, сан планашкахь дацара, оцу талламийн жамI Нохчийчоьнан шахьарх лаьцна книга хир йу аьлла. Цхьа ша-шах кхоллайелира и книга йазйан Iалашо сан.

– Муха хилла Соьлжа-ГIала XX-чу бIешерашкахь?

– Оьрсийчоьнан империн гIала йара и. Цу чохь бехаш бара оьрсий, украинхой, эрмалой, гIезалой, таташ, полшхой, немцой а цхьаьна. Бара иштта Къилбаседа Кавказера бахархой а, уггар а хьалха, нохчий. Цхьа типикаллин, кеп-кепарчу бесашлахь гIала йара и.

Соьлжа-ГIалара килс, Терскан кIошт
Соьлжа-ГIалара килс, Терскан кIошт

Буьри-ГIала а санна, Соьлжа-ГIалахь дуккха а къаьмнаш даьхна ца Iаш, тайп-тайпа динашкара нах а бара. Масех маьждиг, синагога, цхьа могIа кеп-кепарчу конфессийн килсаш йара цигахь.

Делахь а, уггар а йоккха килс йара православин Николай Чудотворец собор, 1902-чу шарахь йина, кечйина йара и, цхьа дозаллица къаьсташ йара иза оцу гIалахь. Пхи корта болу, бIов йолуш иза йинера оьрсийн-византийн эр ду-кх вай, стилехь. Суна хетарехь, и собор метафора санна, Соьлжа-ГIалахь оьрсийн монархизм хиларан билгалоне, консервативан чIагIо, реакцин "православи, паччахьан Iедал, халкъалла" триаде санна хьоьжийла дара цуьнга

Николай II-чун эпоха йара и. 1901-чу шаре кхаччалц нохчашна а, боллу ламанхошна а дихкина дара гIалин йуккъехь баха – кхаа гильдийн эпсарш, хьаькамаш, хьоладай, дешархой боцчарна. И бехкам Соьлжа-ГIалахь хилла ца Iара. Терскан кIоштах а хьакхалора и.

Терскан кIоштахь а, Соьлжа_гIалахь а и бехкам дIабаьккхира, цхьана барамехь догIуш ду и мехкадаьттан маьIданаш хаадаларца. ХIетахь дуьйна гIалахь бехачу нохчийн терахь лакхадолуш дара. Сиха ца кхуьура, амма йукъах а ца долуш.

1915-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь бехаш бу кхо эзар бусалба нах. Оцу хеначохь йоллу гIали чохь вара верриг а вара 47 эазр стаг. Дустуш аьлча: Буьри-ГIалахь – Терскан кIоштан шахьар йу и – ламанхойн дакъа (хIирий, гIалгIай) кхузза алсам дара. Делахь а дицдан мегар дац, бахархой доккхаха долу дакъа – украинхойн а, оьрсийн а ахархой бара. Белхаш бан Соьлжа-ГIала оьхура уьш. Мехкадаьттан хотталахь белхаш бора цара, лаьтта бухарчу тоьланаш чохь Iара уьш. Шайн латтанаш кIезиг доллушехь, оццул халачу къинхьегамо – дийнахь 12-14 сахьтехь дийнахь къахьоьгура цара, кIиранах йалх сахьтехь - башха ца ийзабора ламанхой Соьлжа-ГIала.

XX-чу бIешерийн йуьххьехь Сунжа гIалин аьтту агIорчу хийистехь охьаховшу нохчий, хьайн книги тIехь ахьа йаздо, цара йохка-эцар леладора аьлла…

– ХIаъ, дукхахболу нохчий Сунжин аьтту агIор йолчу хинйистехь дIатарло. Оцу хенахь гIап, станица а, шира гIала а Сунжин аьрру агIор йара. ГIалин ший а агIо вовшашца йозуш йара дечиган тIешца, ткъа 1914-чу шарахь бетонан-тIулгийн тIайца.

Хьалхара дуьненан тIом балале хьалха нохчийн дара гIалин хийистера агIонгара ах бохург санна цIенош. Йохка-эцар леладора цара, базаран майданахь а цхьаьна. Туьканашкахь а йухкура Дворянская урамца хиллачу. Оцу туьканийн цIераш йара "Рекорд", "Бон Марше" (тIаьхьарниг – тахана а дика йевзаш йолчу Парижера туьканан цIе йу. – Авторан билгалдаккхар). Амма уьш йустийла дац универмагашца, царех тера йан хьийзара уьш туьканаш.

ГIалин аьтту агIор йолчу декъехь нохчийн элий дIатарлора, масала, изза инарла Чермоев Арцу (оьрсийн эскаран эпсар, ламанхошна дуьхьал тIом бина цо. – Билгалдаккхар), цуьнан тIаьхье а – паччахьо шайн хенахь латтанаш декъна болу. XIX-чу бIешерийн чакхенгара схьа цара къахьоьгу йохка-эцаре ахчанаш дохкуш, тIаьхьо совдегар хуьлу царах. Цигахь дIатарбала цамагийтаро новкъарло ца йора царна шайн бизнес кхион, хIунда аьлча, уьш дIайазбина бара совдегарийн гильдиш йукъа, церан декъахойх бехкам хьакхалуш бацара.

Дуккха а шерашкахь империца тIом латтийнашехь, шайн латташ тIехь дуккха а цIий Iаьннашехь, нохчийн тIаьхь-тIаьхьа гIалин тайп-тайпанчу сферашкахь коьрта дакъа лаца буьйлабелира нохчий. ЦIенош дора цара, экономикан кеп-кепарчу сферашка ахчанаш дохкура, иштта мехкадаьттан бизнесе а, цигахь хало дара царна йаккхий акционерийн йукъараллашца къийсабала. И дерриг а дукха хьолахь нохчаша лелош дара, регионехь импери дIахьош берш бара уьш. Делахь а, гIала а, цуьнан базар а, шайн гIуллакх лелон таро хилар а – оцу дерригено а регионера кхинболу бахархой тIеийзабора Соьлжа-ГIала.

Суна гуттар чIогIа интересе дерг, цхьана гIалин хотIах дIаэр, аьлча а, оьрсийн, европахойн культурин элементех церан дIаэр. Бизнес лелоран кепехь а, шайн леларца а, масала, духарехь. Кхечу дешнашца аьлча, суна интересе ду, глобалан дуьненан сцени тIе бийлар нохчий, цуьнан дакъа а хеташ шаьш, и кхуллуш церан дакъалацар.

–Ахьа йаздо XX-чу бIешерийн йуьххьехь Соьлжа-ГIалахь депрессиве даларх адам, хIун бахьана дара цунна?

– Депрессиван атмосфера хIотта бахьана дара ала мегар ду 1900-1903-чу шеран дуьненан кризис. Масала 1890-чу шарахь маса кхиа йоьлла иза хьакхайелира Соьлжа-ГIаланах а. Кризисана тIаьххье депресси йолайелира, аьлча а, стагнаци.

Мехкадаьтта даккхар кхиа доладелира 1907-чу шарахь, цо рогIера 1912-чу шарера схьа кхиарехь лакхаделира. Соьлжа-ГIалин къилбехьа маьIданаш гулдар доладелира, алсамдала долало и дуьненан Хьалхара тIеман хенахь, 1917-чу шарахь 110 миллион пунте кхаччалц алсамдийла доладелира.

Уггар а гоьйаьллачех, пайда бохьу индустри йара Соьлжа-ГIалахь – "Ахвердовн накъосталла", и кхоьллина Буьри-ГIалара адвокато, амма тIаьхьо белгийхойн карайахара, акционерийн йукъаралла а хуьлуш. Хьахон догIу иштта "Шпис" а, "Къилбаседа Кавказан йукъаралла" а. Йерриг а 1905-чу шарахь уггар а йаккхийчех йолчу 14 фирмех итт арахьарчу пачхьалкхийн бахархойн йара, царех ах – ингалсхойн, францхойн, белгахойн а, немцойн а йара.

XX-чу бIешерийн шолгIачу иттех шерашкахь царех дIакхета нохчийн бизнесхой а, Чермоев Тапа саннарш. "Мехкадаьтта кхехкачу хенахь" скважинаш тIетаьIIина массо а хIумана бури детта доладо. Делахь а мехкадаьттан бизнес кхиочохь нохчаша кIезиг дакъа лоцура. ХIунда аьлча, арахьарчу мехкийн бахархойн а, ийначу акционерийн йукъараллаш а чIагIйала йуьйлало, цара монополи кхуллу, шога терго латтайо конкуренцина а, инфраструктура кхолла мехийн политикана тIехь а.

Ахвердов Иосифа мехкадаьтта дIаузург йо Петровский портехь (хIинца ХIинжа-ГIала йу и. - Билгалдаккхар). Бакухь а санна, синдикаташ коьртехь хуьлу мехкадаьттан индустрин базарахь. Делахь а, уггар а йоккха синдикат кхоллалур йу 1917-чу шарахь революци йирзинчул тIаьхьа а, большевикаша Бахархойн тIамехь толам баьккхинчул тIаьхьа. "Грознефть" олу цунах тIаккха, цуьнан куьйгаллехь меттигера бахархоша кIезиг дакъа лоцур дац.

Со экономикан историк вац, суна хаа луучех дацара Нохчийчохь билггал мел капитал йу хаар. Цу тIе Оьрсийчоьнан статистикехь цунах хоуьйтуш а дац. Со тIекхиа гIертарг кхин дара, оццул мехкадаьттан индустри кхиар гIалина хIун бохург дара-те. Ала йиш йу, таронаш йара уьш, нохчаша пайдаэца йиш йолу.

Таронаш хиларал а совнах, оцу цIеххьана кхиаро дикка конфликташ йехира. Цхьана йоццачу хенахь гIала дIайуьзира къилбан губернешкарчу белхалоша а, ахархоша а, церан резадацаро нохчашна а, кхечу ламанхошна а йукъахь тийсадаларш хилийта тарлора.

– ХIаъ, ахьа йаздира Соьлжа-ГIалахь хиллачу къепедацарех а – социалан контекстаца бунташ йара уьш, йа къоман вастехь хIуманаш дара?

– Вай, историкаша, Оьрсийчоьнан тIаьхьарчу империхь хиллачу къепедацарех лаьцна дуьйцучу хенахь, жуьгтийн бахархошна тIехь ницкъбар хуьлу вайна дагахь. Изза дара Киевехь, Кишиневехь, Екатеринославехь. Амма 1905-чу шарахь хьалхара оьрсийн революци йолчу заманчохь, къаьсттина 1905-чу шеран гIадужу-баттахь массара а забастовкаш гIаттийначу хенахь, империн дуккхаъчу меттигашкахь ницкъбар доладелира, цул тIаьхьа къепедацарш а лелош.

Ишта цхьа къепедацарш нисделира Соьлжа-ГIалин аьтту агIорчу хийистехь, цигахь бехаш бара дуккха а нохчий.

Жуьгтийн бахархошна дуьхьал Одессехь гIело латторца дуьстича, йа Бакухь эрмалошна дуьхьал лелийначуьнга хьаьжча, кхин дIоггара чIогIа а, къиза а дацара Соьлжа-ГIалахь нисделла къепедацарш. ХIетте а цигахь велира 25 нохчо.

Бахьанаш дара ала тарло къаьмнийн вовшаца хилла цабезам а, социалан хьелаш а. Нохчий а, кхинболу ламанхой а башха "гоьбевлла" бацара гIалгIазакхийн бахархошлахь. Уьш бусалбанаш бара, цара оьрсийн мотт ца буьйцура, иттаннашкахь шерашкахь оьрсийн эскарна дуьхьал тIемаш бина цара… Оьрсийн литературехь нохчий цхьа дика, амма акха нах санна бийцина ца Iаш, уьш зуламхой болуш санна а гойтура:

"По камням струится Терек,

Плещет мутный вал;

Злой чечен ползет на берег,

Точит свой кинжал;

Но отец твой старый воин,

Закален в бою:

Спи, малютка, будь спокоен,

Баюшки-баю..."

(Лермонтов Михаил автор волуш йаздинчу "ГIалгIазакхийн аганан иллина" йукъара кийсак, 1883 шо. –Редакцин билгалдаккхар)

Оцу заманчохь тIелетарш дора нохчийн совдегаршна а, къечу нахана гергахь хьоладай бара уьш. Церан туьканашкахь къоланаш дира.

ГIалин Пушкинан цIарах доьшийла, XX-чу шерийн йуьхь, Соьлжа-ГIала, Терскан кIошт
ГIалин Пушкинан цIарах доьшийла, XX-чу шерийн йуьхь, Соьлжа-ГIала, Терскан кIошт

Хетарехь, кхин а тIе хьал эгIарна гIо дина хир дара 1905-чу шеран революцино – радикалан а, чолхечу хьолан а ситуаци санна. Забастовкано а, и бахьанехь баьхкира Соьлжа-ГIала салтий. Цара питана дина дов иккхина лоруш дара нохчийн совдегаршца.

Цхьана денна а, сезонашкахь а белхаш бийраш бисира болх боцуш, уьш маьрша бара "сакъоьрийлина". Вайна хууш ма-хиллара, къепедацарийн феномен зуьйш бинчу талламашкахь, хьовсархоша а цхьаьна дакъалоцура цу йукъахь шайн комментарешца, маьхьарий деттарца царна тIетовш къамелаш дарца. Ткъа Соьлжа-ГIлин йохка-эцаран майданахь гулвеллера пхи эзар гергга стаг, хуьлуш долчунна тIехь терго йан, эшахь дакъалаца а.

Аьлча а, 1905-чу шеран революцин контекстехь и къепедацарш хила там болуш дара. Хьасташкахь со цецваьккхинарг а, сайн тидам тIебахийта суна лууш дерг а хIун дара хьуна аьлча, оцу кепара 1917-чу шарехь хилла къепедацарш дирзинчул тIаьхьа нохчийн йукъаралла тIеийцира дог лазарца. ХIетахь совдегарша ахчанаш гулдира беллачийн доьзалашна.

Советан Iедал дIахIоьттича муха хилира Соьлжа-ГIалахь мехкадаьттан индустри йухахIоттор?

– Бахархойн тIом бирзинчул тIаьхьа мехкадаьтта даккхар Бакухь а, Соьлжа-ГIалахь а лахделира. Новые промыслы олучу меттигара мехкадаьттан чардакхаш йагийра нохчаша 1917-чу шарахь, масех шарахь йегира уьш. ТIом болучу хьолехь йара гIала: бахархоша цкъа нохчашца, йуха кIайчаьрца, гIалгIазакхашца, йа ЦIечу армица бен ца бора тIом. Мехкадаьтта доккхучу заводех кIезиг хIума йисинера.

Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан завод, 1910 шо
Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан завод, 1910 шо

Технологина импорт йан аттох дара, шен керлачу гIирса тIехь и йухайолон хьийзачул а. Оцу сферехь Оьрсийчоьнан импери кхечу пачхьалкхашка диллича, тIаьхьайисина хиларна дара и. И доцург а дуккха а бахархойн тIеман хенахь хилла хIума а хIаллакдинера.

Катоьхна дохка дезаш дара мехкадаьтта, оцу ахчанах дозанал арахьара техника а эцна, и чубан, иштта кхиндолчу сурсаташ а, бедарш, мачаш а цхьаьна. И доллу хIума дан аьтто бацара Советан заманан. Цундела "Грознефть" а, Бакура "Азнефть" а дозанал арахьарчу мехкашка хьежа йелира: компанино Америкехь оьцура чархаш, насосаш, мотораш, тIаьхьа инженерийн фирманаш лецира, цаьрга проекташ хIиттайайта газан а, мехкадаьтта даккхаран а гIирсан.

Соьлжа-ГIалин историхь Советан заманахь "америкахойн меценат" вара. ГIлин йуккъерчу Машаран урамехь хьаладина масийттазза тIекIелдина цIа дара арахьарчу мехкашкара говзанчашна а, церан доьзалашна а лерина. ГIалин бахархоша "Пентагон" олура оцу цIийнах. Квартал дехьа партийн элита йара йехаш. Бакъду, Сталинан терроран муьрехь Соьлжа-ГIалин бахархоша уьйраш ца латтайора арахьарчу мехкийн бахархошца. Массо а кхоьрура, цунах лаьцна йаздина ду цхьахволчу америкахойн инженерех хиллачу Беррел Джона, 1930-чу шерашкахь гIаличохь хиллачу хьолах лаьцна йаздо цо.

Амма мухха делахь а, технологийн трансферо бух биллира Соьлжа-ГIалахь мехкадаьттан индустрин. Иза йухаметтахIоттийнера даймехкан тIом бирзинчул тIаьхьа.

– Муха йара Соьлжа-ГIала Сталинан депортацин муьрехь?

– 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йинчул тIаьхьа оцу халкъийн векалш боцуш йара Соьлжа-ГIала. Советан автономин шахьар хуьлучуьра йаьллера иза, кхинйерш а санна, кIоштан индустрилан центр йара и. Культурин урхаллаш дIасайаьхнера, титулан къаьмнийн векалийн петарш керлачу бахархойх дIайуьзира. Йартийн цIераш хийцира, ткъа кешнийн чартех пайдаийцира керла цIенош деш а, тротуараш дохкуш а.

Нохчех а, гIалгIайх а иэс дIадайира. ГIалгIазакхийн махкара оьрсийн гIала санна гойтура Соьлжа-ГIала.

1944-гIа шо дирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIала а, цуьнан гонашкарчу меттигашка а хьоьвдира РСФСР-н къилбан мехкашкара бахархой. Царна бевзаш бацара нохчий а, гIалгIай а, шайн махкара лехкинчу нахах лаьцна цхьана а кепара дагалецамаш а бацара. Царех лаьцна хууш дерг хIун дара – шовинистийн стереотипаш.

Сайн интервьюшкахь аса къамел дира кхечу мехкашкара кхалхийна далийначу берашца. Сталинизмехь бала хьегна уьш боллушехь, царех дукхахберш шек бара, "халкъан мостагIий" аьлла, нохчашна а, гIалгIашна а тоьхна мухIар бух боцуш хиларх.

Книги тIехь аса дуьйцу тIом бирзинчул тIаьхьа хиллачу Соьлжа-ГIалех, шина терминах пайдаоьцу аса , - идилли а, консерватизм а. Идилли бохург ду сан, гIала тIаьхь-тIаьхьа хазлуш йу бохург. Йоллу гIала аьлча а, центр, аьрру агIор йолчу хийистан кварталаш. 1930-чу шерашкахь долийнарг, хIокху муьрехь чекхдоккхуш ду: дуккха а петарш йолу партийн элиташна, говзанчашна, дикачу белхалошна деш цIенош ду. Доккхачу декъанна дукхазза тIекIелдина цIенош ду уьш, неоклассикехь, Сталинан заманара фасадех тера а долуш. Бульвараш йина, Сунжина гонахара хийистош тойина. Кхоьллинехь а, йа керла йуха йинехь а бошмаш йу, клумбашца паркаш. ХIаваэхь лаьтта буьйда мехкадаьттан хьожана тIекхетта зезагийн хьожа.

Бахархой суьйранна а, дезачу деношкахь а буьйлабелла лела, царна вовшийн го. Адамийн масштабехь йинчу гIалахь бехаш бу уьш, шахьаран гигантоманихь а боцуш. Партин истеблишменто дола до, иштта и хилийтархьама.

Изза олийла ду гIалин малхбузера а, къилбера а белхан кварталех а. 1930-чу шарахь мехкадаьттан бум йирзина, дуьненан ШолгIа тIом а бирзича, нах дIатарбала буьйлабелира шайн жимачу дуьненахь. Церан сагатделлера идиллина, цу йукъахь шайн паргIато карийра царна. ГIалел дехьа хьелаш кхин дала делла дац. Делахь а, Соьлжа-ГIала даим а йеш хиларна, бахархошна моьттура, идиллино массо а меттиг дIалоцур бу.

Оцу заманчохь тIом бирзина, Сталин вицвеллачул тIаьхьа хилла Соьлжа-ГIала – консервативан гIала йу. Тергонан коьртехь йу къепе, революцин хаос йац, балхах ца къехка, эрна дахар дац, доьзал бу, морале авторитет, тIом бирзинчул тIаьхьа кхин тIе а кхуьуш йу иза.

1957-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а цIа бирзинчул тIаьхьа, идиллина кхерам лаьттара. Кхин дIа хиллачу иттаннашкахь шерашкахь статус-кво латтон хьийзара. Оьрсий, украинхой, кхечу къаьмнийн векалш йаратшкара нохчаша арабохура , царах дукхахберш Соьлжа-ГIалахь дIатарлора, титулан къаьмнашна дуьхьал гIалех кхин а йоккха чIагIо йан хьийзара уьш.

1958-чу шеран марсхьокху-баттахь гIаттам хилча (къепедацарш а дара уьш) жIугано тIедожийра статус-кво йуха ло шайна аьлла. Йацара цара йуьйцург, шаьш махках дахале хьалха хилларг, Къилбаседа Кавказан халкъашна реабилитаци йале хьалха хилларг йара йуьйцург. Конфликтан и сиз хан мел йолу жим-жима лахдала дуьйлира, амма доккхачу декъана иза дисира 1990-чу шерашка кхаччалц.

- Хьалхалерачу гIалана сагатден бахархой буьйцу ахьа хьайн книги тIехь, муьлха мур бу ахьа буьйцург?

– 50 гергга интервью ийцира аса, царех дукхахйерш кIорггера йара, и бохург хIун ду, чай йа кофе молуш дехха дина къамелаш. Соьца къамел динчара дагалоьцура кхечу кепара Соьлжа-ГIала. ХIунда аьлча, карарчу хенахь дуьненан тайп-тайпанчу маьIигашкахь бехаш бу уьш, церан кеп-кепара зеделларг ду, кеп-кепара позицешкахь бу уьш. "Советан дуьненан" декъехула санна сагатдо царех цхьаболчара, хIетахь къона бара уьш, хаза бара, шайн кханенах мел а тешна бара.

Амма соьца къамелехь хилларш цхьаъ бара цхьана хIумана тIехь, шайн гIалех бевллера уьш, шайн гергарчех, доттагIех, лулахойх.

Вайшиннан интервьюна кечлучу заманчохь, сайн цхьаццца йозанаш кегийра аса, дагадеара суна Соьлжа-ГIаларчу цхьана гIалгIачо аьлларг. Толаман проспектана гена боццучу урамехь, гIалин йуккъехь Iийна ву иза. Цо бохура: шен хаза мел долу гIенаш хьалхалерачу Соьлжа-ГIалахь ду, шен бераллин, кхиазхочун гIалахь. Вон мел долу гIенаш тахана го бохура цо.

Суна и чов йу аьлла хета. Цхьана хIуманах валар а, кхин оцу хене ваха йиш цахилар а – цуо цхьатерра бора сан къамелхой. Чов цхьаъ йу, ткъа политикан кIелдIашхе кеп-кепара йу.

– Хьуна муха го Соьлжа-ГIала?

– Хан, меттиг йекъаро цуьнан социалан-политикан дIахIоттам гойтуш хиларна тIера аьлча, аса эр дара, Соьлжа-ГIала XIX-чу бIешерашкахь Кавказехь оьрсийн гIал а хилла йу, ткъа XX-чу бIешерашкахь советан, социалистийн гIала йара иза. И гIала йохийра, амма керланиг ширачун инфраструктури тIехь йина йу. Цундела суна таханалера Соьлжа-ГIала –гибридан йу. Постсоветан Гергара Малхбале эр ду-кх. Мел хIуъа дийцича а оьрсийн кхинйолу провинци санна гIала йац иза.

***

Подкастехь дийцареден хеттарш кхин а кIорггера хаа луучарна хьоьху тхайн хьешан болх: Шперлинг Вальтер. "Соьлжа-ГIалин херцаршна хьалха. Дуккха а къаьмнаш дехачу Кавказера дахар а, хене вийлар а" (Vor den Ruinen von Grosny. Leben und Überleben im multiethnischen Kaukasus).

Йазло "Кавказан хроника Вачагаевца" подкасте, ладогIа керлачу подкасте йоллу аудиоплатформаш тIехь а, ютубехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG