ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Азербайджанан бахархой нуьцкъала хьежош бу Украинана дуьхьал тӀом бан


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь кхоъ Азербайджанан вахархо - Рзаев Нихад а, Ширинов Эльхан а, Махаррамов Вугар а - Украинана дуьхьал бечу тӀаме нуьцкъала хьажор бахьана долуш Азербайджано Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралле кехат дахьийтина.

Цунах лаьцна хаам бо "Азербайджан-Пресс" агентсталло, дипломатин хьостанашна тӀе а тевжаш. Рзаевн дас Азербайджанерчу Qafqazinfo зорбанан гӀирсе дийцина, шен кӀант а, ши нуц а стигалкъега-баттахь Нохчийчу балха вахана, цигахь лаьцна хилла уьш "миграцин проблемаш бахьана долу".

Ширинов а, Магеррамов а, цара дийцарехь, нуьцкъала контрактна куьйгаш йаздайтина хилла, хӀинца "Север Ахмат" олучу полкехь латтош ву. Qafqazinfo-на йеллачу комментари тӀехь Шириновс дӀахьедина, Рзаев а, кхин а шиъ Азербайджанан вахархо а хӀинца "набахтехь" ву, цигахь, хетарехь, царна а ницкъ беш бу контрактана куьйгаш йаздан деза аьлла.

"Тхуна ницкъ бира тIехь йоза доцчу документана куьйгаш йазде бохуш, ткъа кхачам боллуш хIун ду хууш а доцуш, оха куьгаш йаздира [...] Тхоьга элира, нагахь санна, шу кӀелхьарадовла гӀортахь, йа реза ца хилахь, аренга дӀа а дигина, шаьш дойъур ду тхо аьлла. Тхо ларми чу а кхиссина, къиза хьийзош ду", - тIечъагIдира Шириновс.

  • Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа Кадыровс кест-кеста хаам бора, "шайн даймохк ларбан дӀахӀитта" кийча болу нохчий алссам хиларх лаьцна, амма дукха хан йалале республикерчу бахархошна критика йан буьйлабелира, тӀом бан ца лаарна. Шайн лаамехь тӀаме баха ца луучарна дуьхьал "белхаш" болийра регионан Ӏедалша: масала, Кадыровс тӀедожийра миска нах а, болх боцурш а, нагахь уьш ницкъаллийн структурехь гӀуллакх дан кийча бацахь, пособех дӀабаха аьлла.
  • ТӀаме хьежо нохчийн бахархой лачкъош хилар хиира 2022-чу шеран стигадкъега-баттахь. Лачкъийначарна хьалха хӀоттийра харжам: контракт йазъян, йа билгалйоцчу ханна Нохчийчуьрчу "къайлахчу" набахтешкахь йаккха, харц бехкаш а дохуш.
  • ТаӀзарна Кадыровн Ӏедална дуьхьал болчу нехан доьзалш тӀаме хьийсош бу. Царна юкъахь бу, вежарийн ЯнгулбаевгӀеран виъ гергара стаг а, оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадн вешин кӀант а.
  • Нохчийчуьра наркотикаш лелош, йа къаьркъа моьлу нах, гейш бу аьлла, шеконаш йерш нуьцкъала дӀахьийсош бу Украинера тӀаме – цунах кхетадо Ӏедалша "юкъаралла цӀанъйеш ду" шаьш бохуш.
  • Кадыров Рамзана куьг таӀийна Украинана дуьхьал тӀом барна бехке бина а, толлуш а болу нах къастош белхан тоба кхолларх лаьцначу омрана. Нохчийчохь тутмакхаш балха эцарехь хьалха цхьа а дехкарш дацара, амма хӀинца республикехь шайггара дуьхьал доху бехктакхаман гӀуллакхаш алсамдовла мегаш ду, тIечIагIдо Кавказ.Реалии сайто къамел динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG