Нохчийн тIемалойн командирашца Басаев Шемалца а, Хаттабца а уьйраш хилла ву аьллачу шеконашца дагестанхойн Байрамаул эвлахь стаг лаьцна. Ницкъахоша бахарехь, 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковера десантхошна динчу тIелатарехь дакъалаьцна ву иза. Цунах лаьцна хаамбина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн йукъараллин зIенийн Центро.
Лаьцнарг ву 1977-чу шарера Дагестанера вахархо Бациев Ислам. Билгалдаьккхина, Бациевс зуламехь дакъалацарх "йукъара йаккха йиш йоцу тоьшаллийн база" Оьрсийчоьнан Талламан комитетаца йукъахь вовшахтоьхна аьлла. ХIун тоьшаллаш ду билггал гулдинарш – дуьйцуш дац.
Бехкевийриг лаьцна витина. "Гергарчу хенахь Бациевна бехкаш дохкур ду Оьрсийчоьнан Бехкзуламан Кодексан 209-чу артиклехь (бандиталла лелор), 279 (герзашца бунт гIаттор), 317 (эскархочун дахарна тIекховдар)", - аьлла ду ФСБ-н хаамехь.
Иштта хаамбина, кIира хьалха и стаг лаьцна хиларх, амма ницкъаллин урхалло тахана бен хаийтина дац цунах.
- 2000-чу шеран чиллан-беттан 29-чохь Нохчийчуьра Улус-керт эвлана гена доццучехь хIаллакхилира Псковера хIаваан-десантан 76-чу дивизин парашютан-десантан 104-чу полкан йалхолгIа рота. Официалан хаамашца, Басаев Шемалан тобанца тIом болийнера десантхоша: 3 эзар гергга бара тIемалой, ткъа Оьрсийчоьнан эскархой – 90. Царех 84 вийра, шайлахь 13 эпсар а волуш.
- Бакъоларйаран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна хетарехь, уьш хIаллакбина хила тарло шайчара артиллерин тохарш а дина.
- Талламан комитетан зерашца, оцу тIелатарна 43 стаг бехкехилар билгалдаьллера хьалхо, царех 24-нна таIзар дина йаккхий хенаш тоьхна, иштта белла дIабовллалц хенаш йиттинарш а бу царлахь.