ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 247 миллион сом дайина Кадыров Рамзанан цIарах имамашна совгIаташ деш


Кадыров Рамзан а, Межиев Салахь а
Кадыров Рамзан а, Межиев Салахь а

Мехкан 309 имамана Оьрсийчохь йина LADA Granta машенаш йекъна Нохчийчохь. Царех ахча охьадиллина Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо, регионан урхалхочун "бохча" олу цунах. Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло бечу хаамца, машенийн догIанашца цхьаьна Кадыровс декъна царна хIоранна а 100 эзар соьмаш а.

Йуьхьанцара цIеначу LADA Granta машенан мах официалан сайтехь бара 699 900 сом, оцу кепара имамашна совгIаташ динчу Кадыров Ахьмадан фондо йина харж йу 247 миллион сов (ши миллион 700 эзар долларш сов хуьлу и чиллан-беттан 7-чу дийнахь лерича).

"Шеко йоцуш цкъа а хилла йоцу акци йу хIара", - аьлла машенаш а, ахча а декъарх лаьцна Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа. Билгалдоккху, и совгIавташ имамашна кхачийна хилар Мохьмад Пайхамар вазвечу буьйсанна лерина.

Регионера йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарах фонд Американ Цхьаьнатоьхначу санкцийн тептарехь йу 2020-чу шарера схьа дуьйна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун куьйгакIел йолу организаци санна. Хаамийн гIирсаша билгалдоккхура фонде дуьллу ахча цIена дац бохуш, иштта пачхьалкхан белхахошкара нуьцкъаша гулдеш хилар а.

Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа йолайелира организаци тIамна ахча хьежон – Соьлжа-ГIалахь дIахьедо, Нохчийчуьра дакъошна оьшург латтон фондо хIинцале а 29 миллиард сом дайина аьлла (218 миллион долларш хуьлу и). Стенгара даьлла и ахча, хууш дац.

  • Стохкалера шо довш дуьйна нохчийн 13 имам волайнхойн статусехь вара, КъорIан дагорна лаьцначу Журавель Никитина дуьхьал даьккхичну гIуллакхехула. Нохчийчу иза схьавалийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта Кадыров Адама йиттира цунна.
  • Кест-кеста ислам лардийриг ша волуш санна гайта хьийза Кадыров Рамзан, оцу йукъанна Оьрсийчохь бусалба нехан бакъонаш эшор тергамза дуьту цо, Нохчийчохь бахархойн бакъонашларйеш цахилар ца дийцича а. Оцу тIехула мехкан урхалхочунна а, цуьнан уллорчу гонна а дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш йу.
  • Нохчийчуьра Iедалхоша гIуран-баттахь дIахьедира федералан центрера дотацешка сатийсар лахдаларх. Кавказ.Реалии сайто къастийра, бакъу дуй, Соьлжа-ГIала Москвано лучу ахчанех йоьзна йац бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG