Ичкерин махкал арахьарчу куьйгаллин хьалханчас Закаев Ахьмада билгалдаьккхина терахь 26 000 стаг. ТIеман-йийсархой а, полит-тутмакхаш а. И терахь цо муьлхачу хьостанера схьаэцна, дуьйцуш дац.
"Украинская правда"-гIирсаца хиллачу къамелехь Закаевс элира: Женеван-конвенцица лерича, полит-тутмакхаш набахтешкахь мел болу Нохчийчуьра бахархой хета шена, аьлла. Цхьайолу проценташ дIалоцу криминалитет йоцург (билггал мас процент йу ца дийцира.) Маршонехьа болучаьрга озабезам хиларна дIалийцина ду дуккханаш адамаш, элира политико.
ТIейогIучу хенахь, Закаевс дийцарехь, Нохчийчоьнан бахархой хьийзорна бехкеберш дуьненйукъарчу низамийн барамашца жоьпе оза дагахь бу Ичкерин векалаш.
Республикера ши тIом дIабирзинчул тIаьхьа набахтешка кхаьчначу нехан терахь билгалдоккхуш дац. Цкъа дIа йаьккхина, йуха меттахIоттийначу "Мемориал"- бакъонашларйаран центро а, Human Rights Watch-цхьаьанакхетаралло а дийцарехь, Нохчийчоьнан хIора пхьоьалгIа вахархо, масех эзар стаг, фильтрацех чекхваьлла лоруш ву. ШолгIачу тIеман хьалхарчу баттахь дIалаьцнарш цхьа эзар гергга адам дара, царех цхьаберш паргIатбахар ца хилира, гIо кхачале кхелхира уьш. 2000-чу шеран зазадоккху-баттахь Комсомольскехь йийсаре лаьцначу 72 адамах 12 бен дийна ца висира, бохуш, дийцира "Мемориал"-ан кхеташонан декъахочо Черкасов Александра.
Оьрсийчоьнан тIеман, политикан ницкъаша Нохчийчоьнан бахархошна тIехь латтийна Iазап Iора цадаккхарна дуьхьало йеш пикет дIайаьхьира нохчийн диаспоро. ДIадаханчу шеран оханан-баттахь Гаагерчу дуьненйукъарчу бехктахаман кхелан хьалха. Дуьненйукъарчу "Мир и права человека" ассоциацин президенто Ибрагимов Сайд- Эмина хаийтира, Ичкерин векалша 2014-чу, 2018-чу шерашкахь цу йоккхачу кхеле Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь оьрсийн эскаро лелийна къизаллаш йовзуьйтуш, шиъ дIахьедар динийла.
- 2022-чу шеран аьхка къобал ца йинчу Ичкерин агIончаша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цо хIоттийначу ражна а дуьхьал джихад кхайкхира. Республикан бахархошлахь къайлах болам вовшахтухуш ду шаьш аьлла, бистхилира Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор а, Украинехьа летачу Шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан спикер Белокиев Ислам а. Цара дийцарехь, кечаман Iалашо - " деоккупаци а, къобалйанза йолчу Ичкерин Маршо а" йара.
- ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикехь низам латторехь болу болх гIолехьчу хьелашка баккха аьлла, куьг йаздира.
- Цу баттахь Лаккхарчу Радехь Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупацехь латтош хилар билгалдоккхуш, сацам бира. "Нохчийн къомана йина геноцид" йийцаре йира. Цу сацамна цу чохь мел хилла 287 депутато кхаж а тесира. И ладаме хилам кечбаран автор Гончаренко вара.