ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь, Дагестанехь петарш ло Олимпиадан спортхошна - уьш къийсалуш бара кхечу пачхьалкхийн тобанашца


Akhmat Kadyrov greets Olympic athletes
Akhmat Kadyrov greets Olympic athletes

Парижехь дIайахьначу Олимпиадан къийсамашкахь маьршачу латарехь толамаш баьхначу – Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархошна – совгIатана петарш йелла даймахкахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта, спортан министро Кадыров Ахьмада петаран кехаташ делира Узбекистанан а, Албанин цIарах леттачу Нохчийчуьра спортхочунна Жамалов Разамбекана а, Дудаев Исламана а, ткъа Дербентан мэра Кулиев Ахьмада совгIат дира – Желтойн-махкан векал хиллачу гIалин вахархочунна Куруглиев Даурена.

Олимпиадехь дашо мидал йаьккхинчу Жамаловна а, барзан мидал йаьккхинчу Дудаевна а петарш йелларг йу Кадыров Ахьмадан фонд, хаам бира кхаарин дийнахь шен телеграм-каналехь, спортхошна аэропорте дуьхьал вахана, царна совгIаташ динчу Кадыров Ахьмада. Цул совнах, Жамаловна 10 млн сом делира.

Барзан мидал йаьккхинчу Куруглиев Дауренна Дербентехь петар йаларх хаийтира оршот дийнахь Кулиев Ахьмада.

Цунна критика йира Пачхьалкхан думан депутато Милонов Виталийс, цо Куруглиев шен мохк дIа тесна "харц атлет" ву элира, "шен духарна тIера вайн байракх этIа а йеш, дIайаьккхина волу". Iедалхочо "Оьрсийчоьнан маьхза петар" спортхочунна йаларна Коьрта прокуратуре ша айкхаваларх къадийра Милоновс.

Милоновна жоп луш Дербентан администрацин пресс-сервисо дIахьедира, петар йелларг девелопер-компанин "меценат" ву аьлла, бюджетера ахчанах пайдаэцна бац бохура. Администрацехь тIечIагIдира, спортхочо "шен пачхьалкхана дуьхьал дIахьедарш дина дац" аьлла, ткъа "шен махкахойх дIакъасьсташ" официалехь сацам бина бац.

  • Аьхкенан Олимпиада дӀайаьхьира Парижехь 2024-чу шеран товбеца-беттан 26-чу дийнера марсхьокху-беттан 11-чу дийне кхаччалц. Царна йукъахь 15 Оьрсийчоьнан спортхо бен вацара дакъалоцуш, нейтралан байракх кӀел къовсавала бакъо йеллера 54 спортхочунна. Украинера тIом къобал бой хьожуш бечу талламах чеккх ца бевлира дукхахберш, ткъа вуьйш, Оьрсийчоьнан спортан урхаллаша бекхам беш, къийсамашка ца бахийтира. Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера спортхойх муьлхарниш ца бахара ловзаршка къастийра Кавказ.Реалии сайто.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах фонд КадыровгIеран "долара бохча" ду элира масийттаза, цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фондан активаш 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом йара – иза масийттаза кIезиг ду, Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана шаьш доьхкина бохуш дIахьедечул а. Кадыров Ахьмадан цӀарах йолу фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йаьккхина йу "Глобалан Магнитскийн низаман" буха тӀехь. Иштта Американ санкцеш йу дуьхьалйаьхна Кадырова Айманина а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG