ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бакъонаш хьоьшуш хилар билгалдаьккхина Amnesty International-о


Дуьненайукъара бакъоларйаран Amnesty International йукъаралло ООН-н Лаккхарчу комиссаран адамийн бакъонашкахула йолчу Урхалле кехат дахьийтина Оьрсийчохь адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Цу тIехь билгалдоккху, тIаьхьарчу пхеа шарчохь хьал "талхарх" кхин дерг доцург а, "политикаца доьзна нахана тIаьхьабийлар алсамдалар, кхин а чIогIа репрессеш лелон низамаш йукъадахар, бакъонаш талхорна деш таIзар дацар а". Доккхачу декъанна, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларйеш цахиларан масалш ду далийна.

Бакъаоларйархоша билгалдоккху, "меттигерчу Iедалхошна луьйш берш Нохчийчохь лоьцуш, бертаза къайлабохуш хилар, царна оцу тIехула регионехь деш таIзар цахилар". И дерриг тIечIагIдо оппозицин телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салманца хиллачо. Кадыровхоша лачкъийна вигина, тIехь гIело латтийна, хетарехь, вийна иза. Мусаева Зарема, бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран нана, кадыровхоша Лаха Новгородехь лачкъийна Соьлжа-ГIала а йигина, полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейина йолу.

Иштта хьахийна Нохчийчохь "Мемориалан" векалтан куьйгаллехь хиллачу Титиев Оюбан гIуллакх а. Наркотикашца доьзначу гIуллакхца бехкевина, 2019-чу шарахь кхел йира цунна. Amnesty International организацино шайггара дуьхьал даьккхина ду и гIуллакх аьллера, 2009-чу шарахь бакъоларйархо Эстемирова Наталья йер хIинца а теллина цахилар хьахош.

Къастийна билгалдаьккхина "Нохчийчохь 2017-чу шарахь тоьшаллашца дIайаздина, нах лечкъор, къайлабахар, къайлах лаьцна латтор, Iазапаш хьегийтар, бакъо йоцуш божарий байар, гейш бара бохуш". И дерриге а "официалехь теллина дац, жоьпалле озийна стагга а вац".

Amnesty International йукъаралло документ кечдина муьр-муьрехь Оьрсийчоьнан универсалан бIаьрг тохаран (УПО)йоьалгIачу процедурина лерина, иза дIахьур йу 2023-чу шеран лахьана-беттан 13-чохь. УПО-на лерина Оьрсийчоьно кечйан йеза къаьмнийн рапорт, ткъа лахьанан-баттахь сессихь – кхечу пачхьалкхашна хьалха дийца деза адамийн бакъонаш Iалашйаран сферехь дина хьехарш кхул а хьалха 2018-чу шарахь муха кхочушдина.

  • Кху шеран оханан-баттахь цхьа могIа бакъоларйархоша ООН-не рапорт хьажийна Къилбаседа Кавказехь адаман бакъонаш эшоран тоьшаллаш деш. Шен-шен хенахь дечу жамIийн хоршахь чуделла ду и документ. ДIахьедаран авторшлахь бу - Оьрсийчуьра "Правовая инициатива" цхьаьнакхетаралла, СК SOS кризисан тоба а, адаман бакъонаш ларйаран "Мемориал" центр а.
  • Дечкен-баттахь "Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.
  • Стохка лахьанан-баттахь Вовшахтоьхначу къаьмнийн цхьанакхетараллин (ООН) адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето шен рапортехь Оьрсийчуьра хьал дуьйцуш динчу дIахьедарехь билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш талхийна дуккха а меттигаш. Дара царлахь - нуьцкъала нах тIаме хьийсор, мобилизацина дуьхьаллонан гуламаш дIасалехкар, нах лечкъор, таIзараш дар, ЛГБТ-нахана, журналисташна, бакъонашларйархошна бо ницкъ, "сий лардеш", адамаш дайъар, хIоттамашкахь нах жоьпе ийзор, зударийн могушаллина эшам бен операцеш йар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG