ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь байинчу Дагестанан бахархойн хьокъехь долийна бехкзуламан гIуллакх ма-дарра дитина Лакхарчу кхело


Оьрсийчоьнан Лакхара кхел
Оьрсийчоьнан Лакхара кхел

Дагестанан Хасав-Йуьртара вийначу бархI вахархочун хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долон бина сацам йухабаккха Оьрсийчоьнан Лакхара кхел дуьхьал хилла. 2016-чу шарахь Госенов Гасанна а, Джамалутдинов Камильна а, цхьатерра цIераш, фамилеш йолчу шина Джамалутдинов Шемална а, Клычев Клычна а, Магомедов Исламна а, Махаев Пахрутдинна а, Узданов Гашимна а тоьпаш туьйхира Нохчийчохь. Ницкъахоша гIаттамхой леринера уьш – гергарчара тIедожийра байинчашна тIера шеконаш дIайаха аьлла.

Хьалхо байинчех талламаш бар сацийра, амма реабилитацица доьзна доцчу бахьанашца. Лакхарчу кхеле бинчу латкъамехь адвокато Сабинин Андрейс къоьвсира и сацам, тIедожийра шеконаш дIайахар. Адвокато билгалдаьккхира прокуратурин агIор шеконе тоьшаллаш хилар. Доккхачу декъана, зулам динчу меттигера схьадаьхнера 235 патарма, царех цхьа а ца хиллера, байинчаьрца цхьаьна йаьгначу машенаш чохь карийначу автоматаш чуьра кхоьсина. Автомобилаш тIехь карийнера герзаш диттина 30 меттиг.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дийцира, Герзельна а, Энгель-Йуьртана а йуккъехь байинарш зуламхойн тобанахь хиллера, масийтта батахь диверсиш йан гIиртинера уьш, иштта Пачхьалкхан думехь харжамаш болчу хенахь а.

Официалан версица, байинчара гранаташ кхийсинера ницкъахошна тIе, цхьахволчунна чевнаш йинера. Цуьнца цхьаьна полисхойн духар тIехь лелхийтарийн лараш ца гинера, ткъа гранатан гаьргаш дIаийцира инцидент хиллачу меттигера 2017-чу шеран лахьана-баттахь – зулам дина боху шо сов хан йаьллачул тIаьхьа. Лакхарчу кхелан билгалдаккхарехь оцу бIостаналлех кхетадо, ницкъахоша масийттаза йиттина шайн бедарш, йа царна дага а ца догIу, муьлха барзакъ хиллера царна тIехь.

Дагестанан бархI вахархочун бехк хилар тIе ца дуьту церан гергарчара. Байинчех масех жимстаг лачкъош теш хилларш бу. 2023-чу шеран дечкен-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тIечIагIдира оцу гIуллакхехь шалхаллаш хилар а, ницкъахошна тIелатар дина бахарехь дерриг а дуьйцуш цахилар а. Байинчийн 27 гергарчу стагана 609 эзар евро компенсаци дIайалар тIедожийра.

Дагестанхой байинчу ницкъахоша Оьрсийчохь лелориг зуламе ца лерина. Цундела церан цIераш йовзийтина йац, царех цхьанна а дина таIзар а дац.

  • 2021-чу шарахь Кавказ.Реалии сайто дийцира Дагестанан бахархойн хьокъехь айдинчу бехкзуламан гIуллакхах а, иза талларехь шалхаллаш хиларх а.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG