ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Чайка кIентан хиллачу бизнес-партнеран топ гайтина. Гайтамехь вара "герзан барон" Бут


"Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" ву Кадыров Рамзан. Гуьмсе. Оханан-беттан 2023 шо. Кадыровн официалан телеграм-каналера видео юккъера скриншот
"Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" ву Кадыров Рамзан. Гуьмсе. Оханан-беттан 2023 шо. Кадыровн официалан телеграм-каналера видео юккъера скриншот

Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" керлачу тоьпан гайтам дIабаьхьира. Дийцарехь, и топ Bespoke Gun оьрсийн тоьпийн компанин говзанчашца цхьаьна йина йу. Цу компанин куьйгалхо Кужель Владислав ву. Бизнесахочун Чайка Артеман хилла накъост. Чайка Артем - Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча, РФ президентан Къилбаседа Кавказехь волчу векалан Чайка Юрийн кIант.

Тоьпан гайтамехь вара Кадыров а. Шен телеграм-каналехь и топ "РУС BespokeGun" логотипаца арахоьцур йу аьлла, дIахьедира цо. Амма иза муха арахоьцур йу, герзан компаница "РУС" клубо бен болчу балхах хIумма а ца дийцира.

Кадыровс баркалла аьлла волу Кужель Владислав ООО "Московская оружейная компания" – юридикан цIе йу Bespoke Gun йинарг а, куьйгалхо ву. 2018-2019-чу шерашкахь Кужель аьчкан некъийн йоккха оператор йолу ООО "Модум Транс" – компани йинарг вара. 2019-чу шарахь шен даржера и дIавахарца шайн акцийн пакеташ (20%) дIайоьхкира Чайка Артема а, цуьнан бизнес-накъосто Самусев Александра а. Эксперташа цу йохка-эцаран мах 2,5-3 млрд соьмаца хадийра.

2022-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс Чайка Артем шен гуманитарин, социалан, экономикин гIуллакхийн хьехамча хIоттийра. Цуьнан декхаршна йуккъедогIура "гуманитарин, социал-экономикин проекташца богIучу йукъараллийн белхашкахь дакъалацар, царна Iуналла дар".

Америкахойн набахтера арахецна Бут Виктор а вара гайтамехь дакъалоцуш. Нью-Йоркехь дохка бакъо йоццушехь герз дохка гIортарна (Колумберчу терроран гIаттамхойн тобанна цхьаьна) цигарчу кхело 25 шо чохь йаккха хан тоьхна латтош вара иза. Амма 2022-чу шеран гIуран-баттахь иза хийцира америкахойн баскетболахочуьнца Грайнер Бритница. Бута Кадыровна совгIатна берзан сурт делира.

  • Цу гайтамехь дIахьедар дира Кадыров Рамзана, дуьненчуьра йолахой гулбина, "гIелонехь долу къаьмнаш" кIелхьарадоху эскар вовшахтоха воллу ша аьлла.
  • Навальный Алексейс йинчу коррупцица къуьйсучу Фондо 2015-чу шарахь, гIуран-беттан 1-хь Чайка Юрийн бизнес-гуонах талламаш беш кино йаьккхира. Цуьнан воIарий Артем, Игорь йуккъелоцуш. Чайкас дIахьедира, и таллам цхьамма ахча делла байтина бу аьлла. 2016-чу шарахь Росреестро шен тептарехь экс-генпрокуроран берийн цIераш хийцира: Артеман цIе аббревиатурица ЛСДУЗ, Игоран- ЙФЯУ9. Церан бакъйолу цIераш реестрехь йуха магийра 2020-чу шарахь. 2017-чу шеран гIуран-баттахь (США) Iамерикин Вовшахтоьхначу Штаташкахь "Магнитскийн тептарна" тIейазвира Чайка Артем. Урхаллехь хета, пачхьалкхан контракташ нисйечохь шен ден даржах цо пайдаэцна аьлла. Шен конкуренташна тIеIаткъамаш бина аьлла а.
  • "Оьрсийн спецназан университет", цуьнан кертахь даимна кечамаш беш Росгвардин ницкъахой а, ОМОН-н белхахой а боллушехь, цхьанна ницкъаллин министраллашца йоьзна йац иза. Кехаташца дуьстича, иза ша лелаш йолу коммерцехь йоцу цхьанатохаралла йу - "РУС" спортан клуб. И клуб Нохчийчоьнан дешаран министраллин лицензица болх беш йу.
  • Украинера тIом 2022-чу шеран чиллан-баттахь болабелчхьана "университетет" йерриг пачхьалкхехь йолахой кечбаран уггар боккха бух хилира. Дуьйцура, хIора кIирнахь университето тIамна 200 "лаамхой" шайх олурш кечбарх.
  • 2022-чу шарахь "РУС" клубана "лаамерчу гIоьнан кепехь" 349 млн сом делла - шо хьалха деллачул пхоьазза дукха. Цхьаьнакхетаралло ахчанца бахьа пайда кхузза лакхабаьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG