ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь чоьтан палатин куьйгалле хIоттийна Кадырон йишин кIант


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Махкара чоьтан палатин урхаллехь тIечIагIвина Нохчийчоьнан парламенто Закриев Ясин. Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин Зулайн кIант ву иза.

Закриев даржехь чIагIварх хаамбира парламентан спикеро Даудов Мохьмада, йахначу кхеташонехь шен телеграм-каналехь дуьйцуш. Хьалхо Закриев чоьтан палатин куьйгалхочун гIовс вара аьлла, билгалдаьккхира цо. Кавказ.Реалиин сайтан хааршца, Нохчийчуьра йасакх оьцучу Федаралан хьукматан куьйгалхочун гIовс вара иза хIинцццалц.

Кадырова (Закриева) Зулай болх беш йу мехкан куьйгалхочун гIуллакхашкахула йолчу урхаллин хьаькаман гIовс санна. Цуьнан хIусамда Закриев Салман 2008-чу шарера схьа дуьйна йух-йуха а хоржуш ву Нохчийчоьнан парламентан спикеран хьалхара гIовс.

Церан кхин цхьа кIант, Закриев ИбрахIим (Якъуб), хьалхо вице-премьер а, йуьртбахаман министраллин коьртехь а вара. Кху шеран товбеца-баттахь ООО "Данон Оьрсийчоь" компанин куьйгалла дан хIоттийра иза, ханна лело Росимуществе акциш дIалуш, президенто Путин Владимира омра динчул тIаьхьа. Ма-дарра аьлча, дуьйцург ду национализаци йар. The Bell хьастан хаамашца, активашна национализаци йан лууш "Нохчийчохь нах" бара.

Лахьан-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штаташа Закриев Салманна а, Якъубана а дуьхьал санкцеш йехира.

  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG