Нохчийчохь дIабахьа кечбинчу "Дашо пелаг" ("Золотое перо") къовсамехь 12 миллион сом дохка лерина бу. Иза регионан куьйгалхочун дена Кадыров Ахьмадан цIарах дIахьош бу. Цуна кечйинчу тендерехь "дуьненайукъара" къовсам аьлла билгалдаьккхина ду. Амма дакъалоцуш муьлхачу пачхьалкхийн векалш хир бу, дуьйцуш дац.
Къовсаман техникин-низамашкахь билгалдаьккхина ду, тоьллачо Соьлжа-гIалин йуккъерчу цхьана гIишлонехь 600 адам чухоьучу меттехь гулам дIабахьан беза аьлла.
Къовсаман гран-при йуккъе догIу совгIат- 750 билгало йолу ц1еначу дешех бина, 50 грамм болу "Дашо пелаг" седа бу. Цул совнах, миллион сом ахча а, итт номинацехь хьалхарчу меттехь нисбеллачарна - хIоранна 100 эзар сом ду. Гулам дIахьошволчо жюрин декъахошна кхачон догIу: хIоранна 200 эзар сом Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара вогIучу 12 экспертана, 150 эзар сом жюрин хIора Нохчийчуьра декъахочунна. Хьешийн цIийнехь 25 адамна меттигаш эца йеза, 200 зезагийн курс хилийта а йогIу.
2021-чу шарахь хиллачу цунах террачу тендеро бюджетна 8 миллионна зен дира, стохкалерачо - 10 миллионна.
Кавказ. Реалии сайто дийцарехь, 2022-чу шарахь хилла къовсам дIабахьа тендерехь тоьлларг цхьалха бизнесахо вара. Хиламал ши бутт хьалха регистраци йина волу. 2020-чу, 2021-чу шерийн къовсамаш дIабаьхьнарш а иштта, къовсам хилале цхьажимма хьалхо регистраци йеш, къовсам дIа ма беллинехь, дIабовш нислора.
- Кавказ. Реалии сайто дийцира, Кадыров Ахьмадан цIе культ йеш, хьалхьайаккхарах - 300 сов республикера урам цуьнан цIарах бу, Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна цуьнан цIе тиллина, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана. ТIаьххьарчун лармешчохь адамаш дайъарах йаздира "Новая газета" гIирсо. Воккхахволчу Кадыровн сийдеш, "Ахмат-йурт" аьлла, хийцина ЦIоьнтаран цIе а. Цул совнах, республикехь йолчу футболан тобанна а, латархойн клубана а техкина цуьнан цIераш. Йу республикехь Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Уьш 2020-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллинсанкцийн тептарехь йу. Кадыровн суьрташ а ду Соьлжа-гIалин урамашкахь дIадиттина.
- Оьрсийчоьнан Украинера агресси бехказайохуш, Нохчийчуьрчу Iедалан пропагандо сих-сиха лелабо кхечу пачхьалкхашкара спикерш. Америкахойн шоу - программашкара кийсакаш, Малхбузехьарчу политикахойн къамелаш хаало республикин хаамийн гIирсашлахь, хьаькамийн аккаунташкахь. Цу спикерех цхьаберш шайн пачхьалкхашкахь башха лоруш, нахана дош хеташ ца хуьлу, билгалдаьккхира Кавказ. Реалии сайтан эксперташа.