ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь доьзалехь ницкъбинчунна гIо дарна адвокатан кIант лачкъон кхерамаш туьйсу


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчохь доьзалехь ницкъбеш хиллачунна кхечу регионе водуш гIо динчу адвокатан Соломина Татьянин 13 шо долу кIант лачкъор ву бохуш, волайнхочун гергарчара кхерамаш туьйсу. Цунах лаьцна дийцина, гIело хьегнарг веддачул тIаьхьа цунна накъосталла латтийначу кризисан "СК SOS" тобано.

Товбеца-баттахь Соломинас ларвийриг, цуьнан цIе йоккхуш йац, Нохчийчуьра веддера дас а, вашас а "кадыровхойн набахте" дIалур ву аьлла, кхерамаш тийсича. Делахь а, вевзаш воцчу шина стага ларвина, жимстаг цIерпошта тIера охьаваьккхинера Тюменехь. Оцу сохьта цунна тIаьхьа веанера да, иза Нохчийчу йухавига. Аэропортехь цуьнца цхьаьнакхета аьтто хилира Соломинин – цо такси кхайкхинера цунна кхечу регионе иза дIавигийта.

ТIаьхьо верасалла динчо дийцинера "СК SOS" тобане, шеца хиллачу къамелехь нанас кхерамаш тийсарх, кхунна водуш гIо динчу бакъоларйархошна. Телефонехула хиллачу хабарехь цо дIахьединера, зен хиллачийн доьзало "уггар а боьхачу зуламхошна" мах баларх, Соломинин 13 шо долу кIант лачкъаве аьлла.

"Гезгамашин-баттахь кIант школе ваххалц ладоьгIуш Iаш бу уьш, хьо цо лачкъорга терра цуьнан кIант а лачкъон", - дIахьедина Нохчийчуьра веддачу вахархочун нанас. Цу шиннан хиллачу къамелан аудио йаржийна бакъоларйархоша.

Талламан комитете дIахьедина Соломинас шен кIант лачкъон кечам бечарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла. Адвокато билгалдаьккхира, ша Iалашвечунна шен кIантах лаьцна информаци ша йелла йац, иштта клиенто адвокатаца бинчу балхах лаьцна цхьаьнга а дийцина дац.

  • Нохчийчохь даьржинчу ницкъбарца, "сий лардеш" вен кхерамца Iитталучу нахана къайлабовлуш гIо до "СК SOS" тобано. Центро Iалашйинчех Сулейманова Седа марсхьокху-бутт бовш Санкт-Петербургера йухайигира, нуьцкъаша Соьлжа-ГIала йигина иза дега-нене дIайелира. Адвокаташ оьшуш бац аьллачу кехатана куьгйаздайтира цуьнга, оцу кепара документ адвокаташ уллохь болуш йаздан дезашшехь.
  • 20 долу Исмаилова Селима лецира мангал-баттахь Москварчу "Внуково" аэропортехь, доьзалехь латточу гIелонах йедда хилла иза, Оьрсийчуьра дIайаха арайаьллера. ШолгIачу дийнахь нохчийн ницкъахошка дIайелира иза. Европе дIайаха лууш хиллера йоI, амма паспортан контролехь гучуделира, цо къола дина аьлла, гергарчара цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхийтина хилар.
  • Къилбаседа Кавказе йухабигинчийн кхолламах дерг лач бен хаар ца нисло, иза а гIуллакх нахала даьккхинехь, дийцира СК SOS тобанехь. Шаьш лачкъийна Нохчийчу дIабигинчул тIаьхьа Iедалхоша дIаоьхьу, оцу стагана кхерам бац, цуьнан гIуллакхаш дукха дика а ду бохуш, цуьнца цхьаьна видео а йоккхий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG