ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, ГIалмакхойчохь некъахьовзамашкахь кхалхарш тIаьххьарчу шерашкахьчул а сов хилла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, ГIалмакхойчохь некъахьовзамашкахь беллачу нехан уггар лакхара терахь билгалдаьлла, хIора 100 лазийначу адамашца дуьстича. И гайтамаш тIаьххьарчу шерашкахь уггар лакхара хилла оцу республикашкахь. Иштта хаамаш кху шеран хьалхарчу декъехь арахоьцу* МВД-н хаамийн-аналитикан коьртачу урхалло.

Йерриг пачхьалкхехь кху шеран дечкен-мангалан беттанашкахь 100 лазийначаьрца дуьстича некъахьовзамашкахь 7,6 стаг велла. Нохчийчохь уггар лакхара ду и терахь йерриг пачхьалкхехь – оцу хеначохь кхузахь 20 стаг велла хIора 100 лазийначуьнца дуьстича. Масала, дайначу шеран оцу хеначохь велларг 16 стаг вара хIора 100 лазийначунна дуьхьал, тIаккха 2020-2021 шерашкахь – 18 велларг.

ХIора 100 лазийначу нехан гергахь беллачийн терахьца шолгIачу меттехь йу ГIалгIайчоь – 19 стаг велла цигахь. Республикехь уггар лакхара терахь ду иза 2016 шарахь дуьйна. ГIалмакхойчоьно кхоалгIа меттиг йаьккхина – кхузахь хIора 100 некъахьовзамехь лазийначунна дуьхьал 16 велла стаг нисло. Зерашкахь 2010-чу шарера дуьйна бен хаамаш бац, и уггар лакхара терахь ду оцу йерриг хенахь. Масала, 2020 шарахь и терахь 11 дара, цул а хьалхарчу шарахь – 8,5.

Некъахьовзамехь беллачу нехан терахьашкахула йалхалгIачу меттигехь бу Ростовн мохк – 13,4 кхалхар. 13 шарахь цигахь и терахь 2021-чу шарахь бен дацара цул лакхара (14,6 велларг). Йерриг Оьрсийчохьчул а лакхара терахь кхилберчу регионашкахь Дагестанехь (11,9), Кхарачойн-Чергазийчохь (10,9), Ставрополан махкахь (9,6), Адыгейхь (9,2), Краснодаран махкахь (8,6) а дара.

Нохчийчоь оцу 100 лазийначу нахаца дустуш хIоттийначу беллачийн рейтингехь хьалхарчу меттигехь йара 2022-чу а, цул хьалхарчу а шерашкахь.

*Оьрсийчоьнан официалерчу зераша йукъалоцу аннекси йинчу ГIирмера, Севастополера, иштта оккупаци йинчу украинхойн Запорожан, Херсонан мехкашкара а зераш, иштта сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олучу республикашкара а.

  • 2020 шеран жамIашца федералан зорбанаша рейтинг арахийцира оцу кепарчу статистикица, цигахь Нохчийчоьно хьалхара меттиг баьккхира, эзар лазийначу наханна гергахь некъахьовзамехь беллачийн терахьца. ТIаккха Кадыров Рамзанан гIоьнчас, Нохчийчоьнан зорбанан министр волчу Дудаев Ахьмада дIахьедира, зорбанаша оцу кепара формулаш лелорах "шайн йешархошна гергахь визуалан манипуляцеш лелор" ду. Амма МВД-н статистикехь лелош йерг билггал и формулаш йу некъахьовзамехь беллачийн терахь гойтучу хенахь.
  • ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалгIайчоь а нисйелира, шо доладелчхьана некъахьовзамийн терахь лакхадаьллачу рейтингехь хьалхарчу меттигашкахь, дуьйцу Госавтоинспекцин зерашкахь. Къилбаседа-Кавказан, Къилбан а федералан гонаш, Сибрехарчуьнца цхьаьна, оцу гайтамехь хьалхарчех бу.
  • Астраханан махкара а, Кхарачойн-Чергазийчохь а регионалан маьIна долу некъашкахь кхоалгIа дакъа бен дац нормативан тIедахкаршца догIуш. Оьрсийчухула уггар чолхе хьал ду цигахь, дуьйцу Росавтодоран 2023-чу шарехь зазадоккху-баттахь арахецначу зерашкахь.
  • Дагестанерчу Каратюб эвларчу бахархоша дIахьедира, Iедало некъаш табеш бац шайн, аьлла – меттигерчу наха шайн чоьтех до иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG