ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Хасбулатов Руслан дIавоьллина, РСФСР-н Лаккхарчу кхеташонан тIаьххьара куьйгалхо вара иза


Хасбулатов Руслан
Хасбулатов Руслан

Дечкен-беттан 3-хь велла волу оьрсийн политик, РСФСР-н Лаккхарчу кхеташонан тIаьххьара куьйгалхо, Оьрсийчоьнан Федерацин Лаккхарчу кхеташонан хьалханча Хасбулатов Руслан дIавоьллина Нохчийчохь. 80 шо дара цуьнан лечу муьрехь. И ваьхначу Девкар-Эвлахь дIавоьллина иза.

Хасбулатов Руслан 1942-чу шарахь вина Соьлжа-ГIалахь, шен ши шо долуш Сталинан депортацех зен хилла цуьнан, нохчий а, гIалгIай а махках бохучу хенахь, жималла Казахийн СССР-хь дIайаьхьна цо. 1965-чу шарахь МГУ-н юридикан факультет чекхйаьккхина цо. Плеханов Георгийн цIарх йолчу университетехь хьехна цо. 1980-чу шарахь экономикан Iилманийн докторан хилира цунах.

1990-чу шеран йуьххьехь Оьрсийн Советийн Федеративан Социалистийн Республикан къоман депутат хаьржира Хасбулатов. 1991-чу шеран гIадужу-баттахь РСФСР-н Лаккхарчу кхеташонан 11-гIа а, тIаьххьара а хьалханча хилира иза. 1991-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федераци йозуш йоцу пачхьалкх хиллачул тIахьа, парламентан куьйгалхочун постехь виссира иза.

1991-чу шеран марсхьокху-баттахь путчана дуьхьал вистхиллачех коьрта цхьаъ вара Хасбулатов. "Оьрсийчоьнан бахархошка кхайкхам" базбира цо, чолхечу хьолан пачхьалкхан Комитет (ГКЧП) йемалйира. Цул сов, ГКЧП-н агIо лаьцна хилла йолу Нохч-ГIалгIайн Лаккхара Кхеташо дIахецар къобалдира цо.

1993-чу шарахь политикца Рицкий Александраца Ельцин Борисан жигара дуьхьалонча хилира Хасбулатов. Оцу къийсамах конституцин кризис а, Москвахь герзаца летарш а хилира. Лаккхара кхеташо дIайохийра, Хасбулатов лецира, амма кеста – хиламийн кхинболу декъашхой санна – амнистина кIел нисвелира.

1994-чу шарахь Плехановн цIарх йолчу институте йухавирзира Хасбулатов, шен шераш чекхдовлалц дуьненан экономикан кафедрана куьйгалла дора цо.

2003-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца лаам хиларх дийцира цо, амма тIахьо (къайлаха берташ бича) Центризбиркоме кехаташ чудала ца хIоьттира иза. Оцу 2003-чу шарахь Лондонехь Ичкерин политикна Закаев Ахьмадна Оьрсийчу экстрадици йарна тIехула кхел йоьдучу хенахь цунна тIехIиттинчех цхьаъ вара Хасбулатов (Закаев дIа ца велира Оьрсийчоьне).

2021-чу шарахь Хасбулатовс къобалдира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан рогIерчу ханна Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG