ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна хилла волу ши вахархо къайлаха дIавоьллина – "Мемориал"


Ницкъахойн Iамораш, Нохчийчоь
Ницкъахойн Iамораш, Нохчийчоь

2002-чу шеран чакхенгахь Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна дIавигира 31 шо долу Духаев Гилани а, 29 шо кхаьчна волу Гатаев Ахьмад а. И ший а дIакхелхина полицин отделехь, бохуш дуьйцу адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центро. И хаам меттигерчу хьасто бина бохура.

"Мемориал" центро дийцарехь, лахьан-беттан 19-хь Духаев Iедалхоша далецира Науран кIоштан Ищерски эвлахь. Иза цара Соьлжа-гIаларчу заводскойн кIоштан полицин декъе кхачийра - 8 де даьлча, лахьан-беттан 27-хь, иза дакелхира. Дакъа полисхоша Гиланин гергарчаьрга дIаделира, амма тезет хIоттон ца магийра. Iедалхой уллохь болуш давоьллира Гилани.

Гатаев Ахьмад, бакъоларйархоша дийцарехь, гIуран-беттан йуккъехь далаьцна вара. Хьалх-Мартан кIоштарчу Олхазар-кIотарахь. Цу деношкахь кIоштахь дIахьош рейдаш йара. Росгвардин стажерна а, ГИБДД-н белхалочунна а йуккъехь иккхинчу девнан тешаш лохуш. Гатаев полицин декъе кхачийра. Ши кIира даьлча цуьнан нахе иза велла аьлла, хаам бира. Гатаевн тезетахь цуьнан уллора гергарнаш бен бацара. Тезет Iедалхой тIе а хьовсуш, дIадаьхьира. "Мемориал"-н белхахоша дуьйцу, гIуран-беттан чакхенгахь йуьртахоша мела луш, ламазаш дира цунна тIера.

Официалан Iедална оппозицехь йолчу "Niyso" телеграм-каналехь Гатаев а, Духаев а дIалацарах хаамаш хьалхо бинера. Социалан машанашкахь лайк хIоттор бахьанехь давигира Гатаев, дийцира канало. Цуьнан гергара нах а кхерамаш тесна, совцийна бара. Нагахь аша оха хIара давигарх, хIара тхо долчохь кхалхарх дерг нахала даккхахь, охьа могуьйтур дац шуна, аьллера цара.

  • Дечкен-беттан 8-хь кадыровхоша Iалхан-ГIалара 25 вахархо дIалецира. Цу беттан 18-хь иза хилар бакъдира адамийн бакъонаш ларйечу "Мемориал" Центран белхахоша. ДIабигначарлахь вара ши ваша: Солсаев Хьамзат, Солсаев Леча. Цушиннан гергарчу стага дуьйцу, и шиъ Соьлжа-ГIалахь Iазапехь латтош хьийзош ву бохуш. Республикерчу Iедалхошна критика йарна дIавигина бохура. Цу кеппара хьийзош латтош ву Мусаев Iусман а. ТIаьхьо цу Iусманан гергарнаш а далецира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къайлах набахтеш йанне йац, аьлла дара. Шен цIенна уллохь адамаш чукхуьссу тоьланаш а йац элира цо. Амма цунна оппозицехь волчу Янгулбаев Абубакара дийцира Кадыровн набахти муха йу а, ша цу чохь муьлхачу хьолехь латтийра а, Кадыровс шена тазарш дарехь дакъа лацарах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG