ТIекхочийла долу линкаш

 
Нохчийчохь имам вийна аьлла бехкевечун гергарчара цуьнан нах къинтIера бохуш видео дIайазйина
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь имам вийна аьлла бехкевечун гергарчара цуьнан нах къинтIера бохуш видео дIайазйина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Имам Гакаев Iабдурахьим верна бехкевечу Шамурзаев Турпал-Iелин гергарчу наха видео дIайазйина церан нахана лерина, йукъара вас дIайаккхар доьхуш. "ЧП Чечня" паблико йаржийна и.

ГакаевгIеран доьзале бистхилла Шамурзаевн гергарнаш, шайна гечдар доьхуш: "Гакаев вен дагахь шайн стаг вуй хиънехь, оха и сацийна хир вара. Дала декъалвойла шун стаг".

Социалан машанашкахь видео йаржийра, цу тIехь стаг верна бехкевечо боху ша тIелеттачуьнга, "вешигара совгIат" деана ша. Шамурзаевн гергарчара билгалдаьккхира, цуьнан вежарий цахилар.

  • Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлан вахархо Гакаев Iабдурахьим вийра кху беттан 14-чохь. Иза вехачу цуьнан керта а вахна, зуламхочо урс диттира цунна. Масех чакхарма дехьа жима кIант а ву лаьтташ цу видео тIехь.
  • ШолгIачу дийнахь лецира иза вийна аьллачу шеконашца Шамурзаев Турпал-Iела. ГIуллакх шен тергоне эцна Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.
  • ТIечIагIбазчу хаамашца, коьртаца лазар долуш хилла Шамурзаев, дарбанаш лелийна цо психиатрашна а, молланашна а тIеоьхуш. Гакаев дарбанаш лелош хилла боху, иштта вевзаш хилла хила тарло иза Шамурзаевна. Кавказ.Реалии сайто йаздира зулам дан цуьнан аравала хила тарлучу бахьанех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG