ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Кадыровн тIедилларца историн керла книгаш дIагулйина. Цунах лаьцна хаам тIаьхьо дIабаьккхира


Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад а, регионан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад а, регионан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Мединскийн арахецарца йолчу историн книгин йерриг зорба йухаэцна, дIахьедина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада. Нохчийчоьнан куьйгалло Iилманан министраллица дийцаре деш ду, репрессеш лелийначу къаьмнех лаьцначу коьртехь хийцамаш бар.

"Билгалдоккху, ас йуьйцучу книгин йерриг зорба, Рамзан Ахматовичан тIедилларца, вайн школашкара дIагулйина. Дика ду-кха, вайн пачхьалкхехь магийна дац къаьмнаш сийсаздан. Билггал, Даймехкан пачхьалкхалла а, интересаш а кхиош къахьегна нах схьабевлла долу къаьмнаш", – йаздина Даудовс.

ТIаьхьо оцу текстера и дакъа дIадаьккхира – амма дуьххьаралерчу дIахьедарна респост йан кхиира хаамийн министр Дудаев Ахьмад. Книгаш дIагулйийр йу бохучунна зорбанаша тIе тидам бахийтича цо а дIайаьккхира шен пост.

Книгин автор Мединский Владимир, Даудовс бахарехь, къера хиллера, "хьалхалерчу книги тIера хийцам ца беш схьаэцнера и дакъа, и нисйан кийча хиларх а дIахьедира цо". Книгин чулацамна бан беза хийцамаш хьоьхур бу Iилманан министраллина хIинцле а кхоьллина йолчу "репрессешна кIел нисделла къаьмнаш дехачу регионийн куьйгалхойх лаьтташ йолчу белхан тобано", дийцина цо.

  • Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа йукъаралхоша йемалйира керла арахецначу школашна леринчу Оьрсийчоьнан историн книгашна. Цигахь чIагIдо, Сталинан Iедало депортацеш йаран бахьана хиллера, гIалмакххоша, нохчаша, гIайгIайша, балкхароша, гIирман гIезалоша оккупацин Гитлеран эскарца йукъаметтигаш лелор. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна дакъа "Оккупантийн гIоьнчаш" аьллачу цIарца арахецнера.
  • Хьехархой а, историкаш а дуьхьал хилла оцу кепара арахецначу историн книгина. Путин Владимиро 25 шарахь гергга пачхьалкхана куьйгалла дарх, "леррина тIеман операци" (ишта олу Оьрсийчохь официалехь Украинерчу тIамех) дIайахьарх дийцарал сов, книги тIехь дуьззина дакъош хийцина. Царах цхьах – Нохчийчуьрчу тIамех. ХIинца оьрсийн дешархошна дуьйцу, Ичкерин йозуш цахиларехьа тIемаш бинарш "коллективан Малхбузено" гIо деш хилла болу радикалан исламисташ, зуламхой и бу бохуш.
  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира II къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG