БерхIийтта шо хьалха стаг вийна йукъахь чIир лаьттинчу Нохчийчуьра Ноьвран кIоштахь шина доьзална йукъахь маслаIат дина, хаамбина Нохчийчуьра пачхьалкхан зорбанан гIирсаша. Вуьйцург ву Лакха Ноьврера Турлаев Апти. ГIалгIайн Малгобекера Мамергов Джабраилан карах летачу хенахь велла иза.
"Грозный-Информ" агенталло чIагIдо, чIир йаьстина динан урхаллин а, чIирхойн къаноша аьлла. Шина махкара къаной йукъахь болуш куьйге бахийтар нисдина Лакха Ноьврера йуьртан маьждиган дозана тIехь.
Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху деношкахь дIахьедира шена луьйш болу нах хIаллакбийр бу аьлла, иза тIетоьвжира ишта чIир йоькхучу ламастана а. Кхерамаш тийсира цо ницкъахошца хиллачу тIаьххьарчу кхеташонехь, "уьш миччахь белахь а, цаьрца йист йаккха" аьлла, цаьрга кхайкхам беш.
Цуьнца цхьаьна Кадыровс жигара кхайкхамбо бахархошка а, бекхам бар дита аьлла. Цунна лерина 2011-чу шарахь цо вовшахтуьйхира леррина комисси чIирхой берта бохуьйтуш – оцу практикаца Iиттабеллачу Нохчийчуьра бахархоша дийцира Кавказ.Реалии сайте, куьйге бахийтар бертаза ду аьлла.
- ЧIир йекхар – иза уггар ширачех цхьа ламаст ду йукъараллин-тайпанийн кепехь дехачу къаьмнийн. Пачхьалкхан институташ кхоллале кхерамазалла ларйора цара оцу кепара. Тахана доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь диссина и ламасташ, боху Албогачиева Маккас – историкан Iилманийн докторо, Санкт-Петербургерчу "Кунтскамера" музейн лакхара белхахо йу иза. Цуьнан дуьххьара маьIна шен мостагI вер дацара, йукъараллехь дахаре ларам хилийтар а, адаман даха бакъо ларийтар а дара, бохура цо.
- Кавказан дерриг аьлча санна къаьмнашлахь леладора чIир йекхар. Уллерчу Малбаленан пачхьалкхашкахь, Албанехь, Италин цхьайолчу кIошташкахь а нисло иза. Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу масех иттанаш шерашкахь оцу кепарчу талламашка йолу интерес кхуьуш йу. Пачхьалкхан, бакъонийн РАН Иинститутехь а, этнологин, антропологин РАН Институтехь а, Москварчу юрдикан институтехь а цхьамогIа диссертацеш йазйина оцу проблемех лаьцна.
- Туркойн-махкахь Нохчийчуьрчу Iедалан оппоненташ хIаллакбина масаллаш масех ду. Волайнхойн могIарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 20I6-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.