ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь могушалла Iалашйарна тIехь терго латтор ю Кадыровн йоIа


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхозлагIа йоI, цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс, 20 шо долу Кадырова Хутмат регионехь могушалла Iалашйаран куратор хIоттийна. Цунах лаьцна хаамбина Алханов Адама- Кадыровн шолгIачу йоьIан хIусамдас, Нохчийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовса.

Могушалла Iалашйар кхиорах лаьцна дийцарш дан хIоттийначу кхеташонехь Алхановс дIахьедина, Кадыровас кураторалла а лелош, "реабилитацин дакъа керлачу тIегIане дирзина", далийна цуьнан дешнаш "Грозный" ЧГТРК канало. И кхеташо дIахьош йара Кадырова Хутмат Алхановца цхьаьна.

Хьалхо Нохчийчуьра пачхьалкхан зорбанан гIирсаша дIахоуьйтура Кадыровас реабилитацин медицинан сферехь дечу гIуллакхех.

Масала, "Чечня Сегодня" агенталло стохка дечкен-баттахь шен публикацихь билгалдаьккхира, Устрада-ГIаларчу реабилитацин медицинехь "Кадырова Хутмата къахьегар бахьана долуш " бIе гергга белхан меттиг нисбина, керла дакъош схьадиллина дарбанан хIусамашкахь "цуьнан тIедилларца", ткъа КТ-диагностика йен аппараташ эцна Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондан "гIоьнца", шен дега Кадыровас "гIо дехначул тIаьхьа" аьлла.

Товбеца-баттахь "Грозный-Информ" агенталло нохчийн министрийн кабинетан вице-премьеран Сулейманов Эльханан тIечIагIдар далийра, цо аьллера, махкара реабилитацин сферехь мел хилла дика хийцамаш, Кадырован Iуналла бахьана долуш хилла аьлла.

2022-чу шеран чиллан-баттахь хIоттийра Кадырова Хутмат урхалхочун секретариатан куьйгалхочун гIовс. Хьалхо "Грозненский дельфинарий" самукъадаккхаран комплексан директор йара иза. Пачхьалкхан куьйгаллин даржашкахь белхаш бан цунна бакъо луш лаккхара доьшийла чекхйаьккхина хиларх диплом ду аьлла йиллинчу хьасташкахь информаци йац.

Кадыров Рамзанан берхIийтта шарал тIехваьлла виъ доьзалхо ву, - Хутмат йоцург а, йоьIарий Iайшат (мехкан культурин министр), Хадижат (школазхойн дешаран департаментан урхалхо), Табарик (йиллинчу хьасташкахь информаци йац цуьнан балхах лаьцна). Оьрсийчоь Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа арахьарчу пачхьалкхаша санкцеш дуьхьал йахаза царех цхьа Хутмат ю.

Кху шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан коьрте хIоттийра Эдилов Валид. Цул а хьалха оцу даржехь вара цуьнан ваша Эдилов Iабдул-Керим, стохка дечкен-баттахь кхелхира иза къастозачу бахьанашца. Эдилов Валид а, Iабдул-Керим а вара Кадыров Рамзанан бераш спортан латаршна Iамош.

  • Зазадоккху-беттан йуьххьехь Кремлехь Кадыровн 17 шо долчу кIантаца цхьаьнакхийтира Путин. Церан цхьаьна даьхна суьрташ Кадыровс шен телеграм-каналехь дIахIиттийра.
  • "Кадыровн альтернативан казна" олучу регионалан юкъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 2022-чу шарахь дIахаийтира 723 миллион соьмана шайн активаш кхиъна хиларх. Оцу юкъанна, фондо Iалашоннна аьлла дайина сом а дац, ткъа ша жигара лелайора НКО инвестицеш. Йасакх йоккхучу Федералан сервисан портале хIоттийначу церан финансийн чоьта тIехь бина и хаам.
  • Кавказ.Реалиино вовшахтоьхна Кадыров Рамзанан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу 52 гергарчу стагах лаьтта тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG