Оппозицин нохчийн NIYSO а, 1ADAT телеграм-каналаша хаамбина махкара кхин а ши вахархо, вежарий ИбрагимовгIар Мохьмад а, Ахьмад а лачкъийна вигина ницкъахоша аьлла. Кхечу хьасташа информаци тIечIагIйина йац, бакъоларйаран органаша а аьлла дош дац Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаша бинчу хаамех лаьцна.
1ADAT-н хаамашца, тIаьххьарчу деношкахь республикехь 30 сов стаг лачкъийна, бу царлахь кхиазхой а. Дукха хьолахь ницкъахоша операци дIахьош йу Шела кIоштахь. NIYSO телеграм-канало йаздо ишта Теркйистехь а, Соьлжа-гIалин йистошкара а нах лечкъорах.
И нах лечкъор стенца доьзна ду, хууш дац. Оршот дийнахь схьайоьллуш йу махкахь "Кавказан инвестицин форум", цига, дийцарехь, богIуш бу кхечу пачхьалкхашкийн векалш а. Охан-баттера схьа дуьйна оцу барамах лаьцна йух-йуха жигара кхийкхадора Кадыров Рамзана.
Мангал-бутт чекхболуш Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчу наха хаамбира Дагестанехь герзашца динчу тӀелатаршца доьзна республикехь рейдаш хиларх лаьцна. Уьш дӀайолийра Кадыровс "йукъараллин кхерамзалла ларъярехь болх чӀагӀбар, терроризмана а, динан экстремизмана а дуьхьало яр" тӀедожийначул тӀаьхьа. И хьал дуьйзира цо "Дагестанехь хиллачу бохамечу хиламашца". Оццу хенахь регионан куьйгалхочо кхерамаш туьйсура вахӀабизман шеко йолчу нахана чIир кхайкхор йу а бохуш.
- Товбеца-беттан йуьххьехь республикехь шен да а, ши ваша а лачкъийна хиларх дӀахаийтира махкал арахьа вехачу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Иза кхоьрура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана царна дуьхьал репрессеш йан тарлуш хиларна.
- Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь ницкъхоша лачкъийна бӀеннашкахь меттигера бахархой, лоьмарш тӀехь "Дустум" дош а, неӀарехь "К13" йоза а долу "Лада Нива" машенах цӀетасар бахьана долуш – машен хиллера Кадыровн кӀанта Адама лелош. Цул тӀаьхьа дуккха а меттигашкахь рейдаш дIайахьарх а, нах лечкъорах а информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Лачкъийначех цхьаъ, нохчийн оппозиционерийн информацица, полисхоша ницкъ бинчул тIаьхьа велла.