ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ницкъахой баьхкина оппозицин каналан авторийн гергарнаш болчу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оппозицин нохчийн NIYSO канал лелочийн гергарнаш болчу ницкъахой баьхкина Нохчийчохь, "уьш миччахь белахь" а, шена реза боцу нах дIабаха аьлла Кадыров Рамзана кхайкхам бинчул тIаьхьа. Цара бен болх сацабайтар тIедиллина гергарчарна, дийцина Кавказ.Реалиига проектан командехь.

Нохчийн ницкъахоша кхерамаш тийсина шина жигархочун доьзалашна – церан дай, вежарий, шичошна тIекхаччалц шаьш бойур бу аьлла. Хьалха а Iаткъам бора оппозицин каналаш лелочийн гергарчарна, амма оцу кепара цIийнах мел болчу божаршна кхерамаш тийсар долийна гIуран-бутт бовш ницкъахошца кхеташо дIайаьхьначул тIахьа, дийцина Кавказ.Реалии сайте NIYSO телеграм-каналан векало, цуьнан цIа бахана хиллера полисхой.

"КхоалгIачу нахехула кхаьчна соьга и хаам, сан гергарнаш ца баьхьа зIене бовла – кадыровхоша телефон туьйхира соьга, суна кхерамаш тийса буьйлабелира. Тхан командина тIехула кхеташо дIайаьхьна Iедалхоша аьлла, тхоьга хаам кхаьчнера. Тхан ресурс хIаллакйе аьлла, хIуъа дай тхан жигархой совцабе гергарчаьргахула аьлла", - билгалдоккху къамелдечо.

Керла шо герга кхочуш Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а командирашца дIайаьхьначу кхеташонехь Кадыров Рамзана кхайкхамбина, "экстремистийн" а, "террористийн" а гIуллакхашкахула бехкебинчийн гергарчара жоп дала деза шайн берех, царех шаьш дIахаьддехь а. Цо бахарехь, "дозанал арахьара куьйгалла ден" йукъараллаш, церан авторш "тIекхуьучу чкъуран коьртешна Iаткъам бан хьийза социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а", уьш хIаллакбан беза. Оьрсийчоьне уьш схьа ца лахь а, цаьрца "йистйаккха" йеза, билгалдаьккхина Нохчийчоьнан урхалхочо.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьалха а таIзар дора шен критикийн гергарчарна – масала, марсхьокху-беттан йуьххьехь Украинерчу тIаме хьажийра цо ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг – церан деваша а, ден агIор кхо шича а. ЯнгулбаевгIар боцурш а лаамза Украинера тIаме вахара кху аьхка оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин дозанал а арахьарчу Iедална куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант а.
  • Кадыровн политикан оппоненташ дукхазза хIаллакбира Туркойн-махкахь, Францихь, Австрихь, Гуьржийчохь, Германихь. Тептарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.
  • ТIаьххьарчу баттахь кхел йоцуш нах байа бохуш, кхайкхамаш дуьххьара беш бац Кадыровс. ГIадужу-баттахь цо кхайкхамбира ницкъаллин структурин белхахошка, шаьш бохург ца дечеран "хье йуккъе герз тоха" аьлла. "Iедалхошкара бакъо йоцуш къепе йохон нах" бара цо буьйцурш бохуш, цуьнан дIахьедар дайа хьийзара пачхьалкхан зорбанан гIирсаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG