Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро рапорт арахецна Нохчийчохь нуьцкъала нах къайлабахарх. Документа тIехь билгалдаьккхина нуьцкъала адамаш лечкъор даьржина хилар, цунна бехке мехкан куьйгалла хилар, нах лечкъийначарна таIзар цадар, дукха меттигашкахь кхел йоцуш нах байар.
Рапорт кечдина адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран куьйгалхойх волчу Орлов Олега а, организацин кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра а. Iазапаш латторна дуьхьал, иштта нуьцкъала нах лечкъорна а, арахьарчу дуьненца зIе йоцуш уьш лаьцна латторна а дуьхьал йолчу ОБСЕ-н резолюцица йоьзначу дуьненайукъарчу проектана лерина кейчина йу иза.
Рапортехь билгалдоккху, нах бертаза лечкъор долийна хилар Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш, хьахийна "бакъо йоцуш нах лецар, къайлах набахтеш, гIело латтор, кхел йоцуш нах байар, шаьш байинчийн декъий къайладахар конвейер тIехь санна нисдина хилар".
Нохчийчохь "контртерроран операци" дIахьочу муьрехь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, цул тIаьха хиллачу шерашкахь а – 1999-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц – "Мемориало" охьайаздина бертаза нах лечкъорах 1650 эпизод, оцу йукъанна цхьана эпизодехь лар йоцуш масийтта стаг къайлаваьккхина нисло. "Мемориалан" дIахьедаршца, 2000 сов бехкзуламан гIуллакх диллина, амма уьш дерриш а совцийра "бехке ву аьлла, жоьпе озон стаг кара ца варна".
90-чу а, 2000-чу шерийн йуьххьехь нуьцкъала нах лечкъораш, бакъоларйархойн хаамашца, федералан структурийн белхахой хиллехь а, 2023-чу шарахь и практика шайн карайерзийра Нохчийчуьра ницкъахоша.
ТIаьхь-тIаьхьа денна бохург санна йеш хилла "зачисткаш" совцийра, амма адамаш лечкъадо, къайлахчу набахтешкахь латтадо, цигахь ницкъ бо царна, полисхошна оьшу мукIарло дайта. Цул тIаьхьа лечкъийначарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доьллу, йа дукха хьолахь, дIахоьцу, йа уьш тIепаза бов – иштачу меттигашкахь, билгалдоккху "Мемориало", дуьйцург ду кхел йоцуш нах байар.
Рапортехь билгалдоккху, бертаза нах лечкъорна тIехь республикан урхалло контроль латтош хилар. Кадыров Рамзанан рожана и практика жимйан лиъча, лахйора. Делахь а, Iедалхойн органаша, Нохчийчохь санна кхечу регионашкахь а, федералан тIегIанехь, гIоьналла латтадо нохчийн ницкъахошна, церан зуламаш къайла а доху, толлуш ду, кхелехь луьстуш ду бохуш, моттаргIанаш а лелош.
- Бертаза къайлабаьхначу нехан Дуьненайукъара де ду марсхьокху-беттан 30-гIа. Оцу терахьца доьзна дара Къилбаседа Кавказехь нах лечкъорах, бертаза къайлабахарх, цу кепара гIуллакхаш толлучу заманчохь Оьрсийчоьнан Iедалхоша цуьнан терго цайарх "Верстка" гIирсан майданахь бакъоларйархой йукъа а балийна дийна дийцарш.
- Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, бертаза нах лечкъош хилар масийттаза билгалдаьккхира дуьненайукъара организацеша, доккхачу декъанна, Amnesty International, Комитет по правам человека ООН, Human Rights Watch йукъараллаша.
- 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Европан Кхеташонна йукъара йаьккхира Оьрсийчоь, Украинана тIелатарна. Цунна дуьхьал жоп лучуш Москвано хьесап дира ЕСПЧ-н сацамаш цул тIаьхьа дуьйна кхочуш ца бан. Оцу кепарчу низамна куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.