Нохчийчохь 2016-2020-чу а шерашкахь нуьцкъаша лачкъийна къайлаваьккхинчу Къилбаседа Кавказера йалх вахархочун гергарчийн латкъамаш къобалбина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Оцу нехан кхолламах хууш хIуммаъ а дац. Гергарчарна кхачийна 431 эзар евро.
Кхело бакъдина шайга дIахьединчийн гергарчарен дахаран бакъонаш, Iазапаш лелор магийна цахилар, маршонан бакъо йохорха а, церан гIуллакх нийсонца теллина ца хилар а. Латкъамхойн интересаш йовзуьйтуш бара адамийн бакъонаш Iалашйен "Мемориал" центр а, бакъоларйаран SJI AHO "Астрея" фонд а, "Iазапашна дуьхьал Команда" а. ЦIерийн хьалхарчу элпашца билгалваьккхина ву адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело шен сацамехь Нохчийчуьра тIепаза вайна виъ вахархо. Уьш берриш а лечкъийна кадыровхоша 2016-чу шеран дечкен-беттан 24-чуьра 2017-чу шеран гIуран-беттан 10-чу дийне кхаччалц. Хетарехь кхел йоцуш байина уьш Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н дозана тIехь 2017-чу шеран гIуран-беттан 26-чу буса. "Новая газетин" журналисто Милашина Еленас бинчу талламашца, хIетахь вийна 27 тIера 56 кхаччалц стаг. Уьш къайлабахар Оьрсийчохь теллина дац.
Дагестанан Дербентера вахархо Алиев Ниллам кхин а шен шина махкахочуьнца вайра 2020-чу шеран чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалахь. Цул а хьалха лачкъийначех цхьаммо иснтаграмехь видео хIоттийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах лаьцна шога вистхуьлуш. Алиевн ненан аьтто ца белира хьакъ доллуш иза лахийта а, таллийта а цуьнан къайлавалар.
33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар лачкъийра 2020-чу шарахь. Цуьнан гергарчаьрга хаийтинера полицин декъехь ву иза аьлла. Иза лачкъорна шеконаш хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчах Байтуев Мохьмадах, амма ша Кадыровс и бакъ ца дира. ТIаьхьо полисхоша дIахьедира, шаьш лаьцнарг ведда, хIетахь дуьйна цунах лаьцна шайна хууш хIуммаъ дац аьлла. Цхьана шарахь, эхашарахь доьазза йукъахдаьккхира талламбар, цуьнан материалаш ган аьтто бац гергарчийн тахана а.
- Гезгамашин-баттахь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро зорбане даьккхира Нохчийчохь бертаза нах идош хиларх рапорт. Документехь билгалдоккхура нах лечкъор дукха хилар, мехкан урхаллина ца хууш и лелош цахилар, нах лечкъийначарна а, кхел йоцуш уьш байинчарна а таIзар цадар.
- Нохчийчохь дукхазза адамийн бакъонаш шога хьошуш хиларх тергойира оьрсийн, арахьарчу мехкийн, дуьненайукъарчу а, бакъонашларйаран а организацеша, шайлахь "Мемориал", "Iазапашна дуьхьало латтон Команда", Amnesty International, Human Rights Watch, КООН-н адамийн бакъонашкахула йолу Комитет, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблей, США-н Пачхьалкхан департамент, иштта кхинйерш а йолуш.
- Украине тIамца чугIортарна Европан Кхеташонна йукъара йаьккхира Оьрсийчоь 2022-чу шеран зазадокху-беттан 16-чохь, цул тIаьхьа бина сацамаш кхочуш бийриг цахиларх дIахаийтира цара. Мангал-беттан 11-хь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира куьг йаздира цуьнца доьзна керлачу низамна.
- 2021-чу шеран дечкен-баттахь ЕСПЧ-кхело йаккхий компенсацеш кхачийра 2017-чу шеран дечкен-баттахь кхел йоцуш байинчех ву бохучу кхин а пхеа стеган гергарчарна.