Оьрсийчоьнан къилбехьарчу регионашкахь Украинерчу тIамана дуьхьал болучарна йо репрессеш чекхйовлуш йац. Кавказ.Реалии сайто дIахьо цу хиламийн мониторинг.
Соьлжа-гIаларчу Ахматовск (хилла Ленинскан) кIоштан кхеле кхаьчна оьрсийн эскар йемалдарехь Идигов Хизир бехке хила тарло аьлла долийна административан гIуллакх. И тайпа гIуллакх Нохчийчуьрчу кхелашкахь шоллагIа гуш ду. Цунах дерг дикка цкъачунна хууш дац. ЛадогIаран хан а билгалйаьккхина йац. Хьалхо Заводскойн кIоштахь ( хIинцалера Шейх - Мансуран)меттигера вахархо Арсаев Асланбек оьрсийн эскар йемалдарехь бехке лерира.
- Пятигорскерчу кассационнан-кхело оьрсийн эскар йемалдарна гIуда такха дезаш ша бина сацам йухабаьккхина. Дагестанерчу дозуш доцчу "Черновик" газетан куьйгалхочунна Камалов Магдина тоьхна долу. ХIинжа-ГIалара Кировск кIоштан кхело 100 эзар сом гIуда туьйхира "Донецкан халкъан республикин" хиллачу тIеман министран, "Новороссия" боламан хьалханчан Стрелков Игоран (Гиркин) текстана репост йарна. "Черновик" газетан коьртачу редакторан гIовсо Магомедов Магомеда Кавказ.Реалии сайте дийцира, и гIуда шайна 30 эзар соьма тIе охьадаккхарах. Амма газетан редакцино ша сацам а харц лору. Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхеле ХIинжа-ГIаларчу кхелан сацамна латкъам бан дагахь а бу уьш.
- Дагестанерчу вахархочун Салтуев Рамзанан гIуллакхан керла агIонаш гучуевлла. Лакск кIоштан кхело 30 эзар сом такха гIуда тоьхна волчу. Полицино а, кхело а дийцарехь Украинера цIавеана шен йоIана хазахетар дан леринчу эскархочун видеона Салтуевс схьагушдерг цирк йу аьлла йаздинера. Ткъа ша эскархо а украинхошна зулам дарна бехкевира. И комментарий МВД-н экстремизмаца къийсам латточу центран белхалошна карийра. Кхелехь Салтуевс ша бехке а лору ша, дохковаьлла элира.
- Дагестанерчу Кизил-йурт кIоштан кхеле йухадаийтина эскар йемалдарна Баязитов Шамилна гIаттийна административан-гIуллакх. Цуьнан ладогIарш оханан-беттан 13-хь хир ду. Хьалхо кхело полицига деллера и гIуллакх, цунна тIехь бина хийцамаш бахьана долуш. Баязитовна и хийцамаш бевза аьлла долу дакъа дIадайина хиларна а.
- Къилбехьарачу регионашкахь "Емалдар" - административан жоьпалле уьйзира полисхо, Оьрсийчоьнан православан килсан диакон, Оьрсийн православин килсан мозгIар, школан хьехархо, вузан хьехархо, ФСИН-ан белхало, кхинберш а.