ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь палестинхойн мухIажаршка Украинерчу тIамана лерина техника йайта тарло


Палестинхойн мухIажарш Нохчийчохь. Соьлжа-ГIала, 2023-чу шеран гIуран-беттан 1-ра де
Палестинхойн мухIажарш Нохчийчохь. Соьлжа-ГIала, 2023-чу шеран гIуран-беттан 1-ра де

"Чеченавто" компанихь болх бан йукъаийзон тарло республикера палестинхойн мухIажарш. Хьалхо Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана чIагIдора, Украинерчу тIамехь пайдаэца Оьрсийчоьнан "джихIад-машенаш" арахоьцур йолуш йу 2024-чу шарахь аьлла.

МухIажарш балха эца тарло аьлла дIахаийтина регионалан индустрин, энергетикан министро Хакимов Адама, цо билгалдаьккхина, палестинхой а цхьана йукъаийзон мегар ду электроприбораш арахеца аьлла, йаздо пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло.

Устрада-ГIалахь йу "Чеченавто", 2017-чу шарахь цигахь арахийцира шина тайпа тIеман багги, Украинехь тIом болийча йоллу пачхьалкхера йолахой тIамтIе бахийта кечбечу Оьрсийчоьнан спецназан университетан дехарца.

2023-чу шеран гIуран-баттахь Кадыровс дIахьедира, заводо вовшахтуьйсур йу "джихIад-машенаш" аьлла. Йуьйцурш йу, УАЗ "Патриот", ГАЗ "Соболь" а, ГАЗ "Садко" шассин базехь проект кечйина машенаш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдоккху, техника Украинерчу тIамехь лелон оьшуш хилар.

  • ТIаьххьарчу хаамашца, Израило ГIазза секторехь тIеман операци йолийчхьана, верриг а Нохчийчу веана 200 гергга палестинхойн мухIажар. Кавказ.Реалии сайто дийцира, мехкан Iедалхоша меттигерчу дахарна уьш Iамабарх.
  • ГIаззера мухIажарш тIеийцира иштта Кубанехь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь.
  • Нохчийчуьра мухIажаршна хьалхара шайн декхарш Оьрсийчоьнан Iедахоша кхочуш ца ден 30 шо а ду. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, церан хIусамаш йохочу заманчохь маьршачу нахана дийр ду баьхначух а, билггал цаьрца хьаькамаша а, Оьрсийчуьра бахархоша а лелийначух а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG