ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шога адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларан тергойина Human Rights Watch организацино


"Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх.

Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.

Къаьстина хьахийна Мусаева Заремина тIаьхьабовлар – бакъоларйархочун, оппозиционеран Абубакаран а, ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нанна- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лахара Новгородера лачкъийна Нохчийчу дIайигира иза, хIинца бехктакхаман гIуллакхца кхел йолийна цунна тIехь, HRW-но "шайггара" ду боху бехкейар.

Иштта билгалбаьхна, кхел йоцуш вийна 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман аьлла, нохчийн оппозицино тIечIагIбина хаамаш.

Къаьстина тидамбина HRW-н рапортехь Кадыров Рамзана Украинерчу тIамна пропаганда йеш а, Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсош а лоцучу декъах лаьцна

Иштта билгалдаьккхина, шайн берашна тIехь доладан бакъо йаккха гIертачу наношна Нохчийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а Iедалхоша дуьхьалонаш йарх.

Нохчийчуьра хьал доцург а, Human Rights Watch организацино шен рапортехь адамийн бакъонаш, маршонаш йохийна масалшна хьахийна ХIинжа-ГIалахь мобилизацина дуьхьал хIиттийначу протетийн декъашхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахар 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь.

  • Бертаза тIамтIе хьийсор а, мобилизацина дуьхьал протесташ йохор а, нах лечкъор а, Iазапаш хьегийтар а, ЛГБТ-нахана а, журналисташна а, бакъонашларйархошна а тIаьхьабовлар а, "сий лардеш байар" а, цIийнах мел верг таIзаре хIоттор а, зударийн бехке меттигашна чевнаш йен операциш йар а – Къилбаседа Кавказерчу оцу доллу хьолан тергойира 2022-чу шарахь Вовшахтоьхначу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето Оьрсийчуьра ситуцаих лаьцна шаьш кечдинчу рапортехь.
  • Цунна жоп лучу республикера омбудсмено Солтаев Мансура дIахьедира, Нохчийчохь цхьа а дIахьедар, цхьа а меттиг бац адамийн бакъонаш цаларарца доьзна. Ткъа бакъонаш ларйеш йац боху хаамаш "информацин террорхойн а, арахьарчу агентийн а питана ду" элира цо.
  • Ницкъахоша регионашкахь Iазап хьегийтарх долчу хьолах лаьцна меттигерчу Iедалхойн векалшка "Арифметика пыток" рапорт хьажийнера Къилбаседа Кавказан "Iазапашна дуьхьал Командан" (КПП) филиало. Нохчийчоьнан парламентан спикере Даудов Мохьмаде йахьийтина экземпляр юхакхаьчна анониман кехатца цхьаьна. Цу тIехь "Iазапашна дуьхьалояран Команда" "телхина юкъаралла" ю аьлла. "Цундела, йохкайелла цIокарчий, шайн ден докъе гIо!!!" – йаздина кехатан авторо (стилистика ша ма-йарра йитина,- Редакцин билгалдаккхар.).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG