Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Нохчийчу веанера, иза хилира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" (РУС). Путинан цӀе лелочу РУС-ехь Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца "лаамхой" кечбеш бу. Путинан Нохчийчу вар нисделира Украинан тIеман ницкъаш Курскан кӀоштана тӀелеттачу йукъанна, цигахь йийсаре лаьцна Нохчийчохь вовшахтоьхначу дакъошкара эскархой.
"Тайп-тайпанчу хенахь, ур-атталла уггаре а халачу хенахь а, шу санна нах бара шайн даймехкан дуьхьа а, халкъан кханенан дуьхьа а шайн синош ца кхоош", - элира Путина РУС-ехь Ӏамораш дӀахьочу "лаамхошца" хиллачу цхьаьнакхетарехь. "Кхузахь герз деттар цхьаъ ду, ткъа хьайн дахар а, могашалла а кхерамехь латтор кхин ду", - аьлла тӀетуьйхира цо. Путинан къамелан видеоролик зорбане йаьккхина пачхьалкхан ТАСС агенталло.
Иштта Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан коша тIе а хIоьттира Путин, Соьлжа-гӀаларчу Ӏийса-пайхамаран цӀарах долчу керлачу маьждиге а вахара, цигахь цунна "сийлахь Нохчийчоьнан вахархо" аьлла кара кехат делира. Цул тӀаьхьа Кадыров Рамзана Путинна дIагайтира Соьлж-гӀалахь цуьнан цIарах хинйолчу кӀоштан макет а.
Хьалхо "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис тӀечӀагӀдира, Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъаша операци йолийначу хенахь "Ахмат-Чечня" полкан пхи эскархо йийсаре лаьцна хиларх. Украинерчу хьостанаша дийцарехь, цаьрца цхьаьна йийсаре лаьцна лаххара а "Ахмат" спецназан цхьа эскархо а – Алаудиновс бакъ ца до иза. Керла йийсаре бахна нах цуьнан муьлхачу декъара бу, билгалдаьккхина дац.
Оццу хенахь Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденташа" чӀагӀдо, кадыровхой салтийн баккъаш тIехьа а лечкъаш, хӀиттийна видеош йохуш хилла бохуш. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу тӀеман аналисташа тӀечӀагӀдо: ахматхой баккъалла а кест-кеста буьсу тӀемаш бечу меттигна генахь йолчу хьуьнан доьхкашкахь.
- "Ахмат-Чечня" полк республикерчу бахархойх а, массо а махкара "лаамхойх" а вовшахтухуш йу. РУС-ехь жимма Ӏамораш а дина, фронте дӀахьежош бу уьш. Курскан кӀоштахь дӀахӀоттийна йолу "Ахмат" спецназ лаьтта профессионалан тӀеман белхахой хиллачу нахах а, ЧВК "Вагнеран" йолахойх а.
- Марсхьокху-беттан 9-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Курскан кӀоштахь хиллачу тӀемашна комментарий йеш, ши-кхо де даьлча "дика жамӀаш" хила деза аьллера. Цуьнан прогноз кхочуш ца хилира – хӀетахь дуьйна регионехь тӀемаш бен майда кхин тIе а совъйаьлла.
- Чиллан-беттан 20-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра Гуьмсехь йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" Путинан цӀе тилла сацамбарх. Соьлжа-ГӀалахь 2008-чу шарахь дуьйна йу Путин Владимиран проспект – цунна и цӀе тиллинарг а ву Кадыровс.