Нохчийчуьра "Ахмат" спортан клубан коьрта директорна, боксан федерацин президентана Висмурадов Рамзанна мидал йелла "Нохчийчоьнан Республикина гIуллакхаш дарна". Нохчийчоьнан вице-премьеран кIант а, Кадыров Рамзанан йоьалгIа йоI йахна нуц а ву Висмурадов.
Оцу мидалца 20 шо долчу невцо "дакъалаьцна", боху меттигерчу Iедалхоша, спорт кхиорехь – "йоццачу хеначохь цуьнан ка йаьлла Iаламат чIоIга къахьега бокс йаржорехь" аьлла ду клубан инстаграмерчу публикацихь йаздина.
Висмурадов воцург а, масех тренерна а, спортсменна а кхачийна Кадыровн орденаш, республикера лаккхара совгIат. Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедина, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера хIора тренерна миллион сом ахча лур ду, ткъа спортхошна – 500 эзар сом аьлла. Цул совнах клубан тренерна Бичуев Мурадана керла машен йелла – муьлха тайпа машен, хаам бина бац.
Висмурадов Рамзанна дина шолгIа совгIат ду хIара – стохка стигалкъекъа-баттахь регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалло "терроризмана дуьхьал къийсам латторна" некха тIехь лело билгало йелира цунна. ХIун динчунна динера и совгIат - хууш дац.
- 2022-чу шарахь хIоттийра Висмурадов "Ахмат" клубан коьрта директор. Цул хьалха клубан латархо вара иза, цо дакъалецира ийначу кепехь хIиттийначу профессионале латаршкахь.
- Цуьнан да Висмурадов Абузайд – Нохчийчоьнан вице-премьер, нохчийн "Терек" СОБР-н командир ву. 2019-чу шарахь Висмурадов санкцийн тептаре йазвира "Магнитскийн актаца" а догIуш, хаамбира Американ финансийн министралло. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ницкъаллин блокехула вице-премьеран даржехь чIагIвира Висмурадов.
- Зазадокху-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан урхалхочун йоI Кадырова Табарик хилира "Ирс Групп" компани йиллинарг. Цуьнан карахь йу йукъараллин уставан капиталан 99%. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторан тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йоьллу цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх).
- Охан-беттан 1-хь керла Украино санкцеш дуьхьал йехира цхьаболчу Оьрсийчоьнан махкахошна а, компанешна а. Цу могIарехь йара Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик а. КадыровгIеран доьзална хIун тIеIаткъам бийр бу цу санкцеша, аьлла хеттарш дийцаредира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.
- Нохчийн спортан "Ахмат" клуб Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна йу, Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а бехкаш дехкина, махкахь адаминй бакъонаш эшош хиларна. Дуьйцург ду республикехь нах лечкъор, гIело хьегийтар, кхел йоцуш адамаш дайар.