ООН-н хаамашца, тIом болабелчхьана Украинера араваьлла хIинцале а пхиъ ах миллион стаг. ДIа а бахана, Европехь тховкIело ца ехча ца бовлучарлахь бу Къилбаседа Кавказера бахархой а – царех цхьаберш хьалхо Интерполехула лехамашка белла бу, шаьш кхоьллинчу бехктакхаман гIуллакхашца, чIагIдо бакъонашларъярхоша. Церан дахарна кхерам лаьттачу Оьрсийчу дIахьийсон кхерам бу и нах.
Оцу мухIажаршна бакъонан гIо латтадо иштта, Швецехь куп тоьхначу нохчийн "Вайфонд" организацино. Доккхачу декъанна, хIинца бакъоларъярхой новкъарло ян гIерта Румынера нохчочунна, Украинаца дозанехь лаьцначу Гериханова Аминина экстрадици ярна. Хьалхо цо дIахьединера, кадыровхоша къизаллаш лелийна шеца аьлла – Оьрсийчохь иза бехкейо Шеман дозана тIехь тIемашкахь дакъалацарна.
Европехь кавказхойн мухIажаршна гIо даран башхаллех а, Оьрсийчу дIахьовсабахь царех хиндерг а дийцира Кавказ.Реалиина бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциаци йиллинчех йолчу Садулаева Аминас.
– Украинехь тIом болабелчхьана муха хийцабелла "Вайфондан" болх?
– Болх алсамбаьлла – хьалхачул а иттозза сов. И доьзна ду, Украинехь бехаш хилла Къилбаседа Кавказера схьабевлла дукхахберш Интерполан системехь хиларна – уьш дIабоьхуш хилла Оьрсийчоь. Церан ирс ду, Украино оцу нахана экстрадици йина ца хиларна. Ткъа хIинца, тIамах бевдда, Европе дехьабовла гIерта уьш, дуьхьалонех Iитталуш, тхоьга гIо доьхуш бу. Царна Интерполал а кхин а чIогIа кхераме ю Шенгенан информацин система. Стаг оцу лехамашка ваккхахь, Шенгенан зонерчу муьлххачу а пачхьалкхо шен ма-хуьллу катоьхна и стаг шайн кочара ваккха хьовсу – депортаци йина йа экстрадици йина. Нагахь санна, файлехь хаам белахь, и стаг кхераме ву аьлла, Европехь виса догдохийла яц цо – цунна тховкIело лур яц, йа иза тIеэца а луур дац. Латкъамбан хала хуьлу, ткъа лехамийн системера дIавоккху полисхоша талламаш бинчул тIаьхьа.
– Дукха хьолахь, Оьрсийчоьно дIабоьхурш муьлхачу Iедалан къепенца доьзначу гIуллакхашца хуьлу?
Масийттазза Iиттаделла тхо Оьрсийчоьнера харцонца
–Дукха хьолахь уьш "террорхойн" къепехула хуьлу: ахчанашца гIо латтийна, кхайкхамаш бина, дакъалаьцна…Кхин цхьа а хIума а ду Оьрсийчоьнан Iедалхоша Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалацар дуьхьалдаккхар моде эцна – дукха хьолахь бакъоларъяран органийн белхахошна тIелетарна, иштта кхин дIа а.
– Муха нисло и нах системехь?
– Царех лаьцна хаамаш Интерполера копеш а йохуш, Шенгенан информацин системе тIетуху. Оьрсийчоьнера схьавоьхуш деанчу кехатна латкъам беш, оха билгалдоккху оцу стеган гIуллакхехь шалхонаш хилар. Оьрсийчоьнан дехарш цуьнан регламентаца догIуш дац, дуьненаюкъара бакъо йохайо бохуш, тхан кейсашкахь хIоразза а Интерполо тIечIагIдина ду- амма хIетте а Европолан системе и нах баьхна бара, царна доьхкура Европехь тховкIело лахар.
Тхан, "Вайфондан", хилла дац, тхо Интерполохь эшна цхьа а гIуллакх (бIаьрг хилийта а ца лаьа). Дерриг а дара уьш 60 гергга гIуллакх.
ХIинца масех дуьненаюкъарчу бакъоларъяран организацешка девлла тхо, кавказхойн мухIажарийн проблемех а, Оьрсийчоьно уьш дIабехарх а лаьцна Европерчу Iедалхошна хаийта гIерташ, белхаш бо оха. Цундела хила ца беза болх дукха а бу тхан. Чолхе проблемаш Iиттало нахах, нагахь санна, уьш Шенгенан информацин системе тIе тоьхна белахь. Масала, Гериханова Аминин гIуллакх
– Украинера Румыни яда а гIоьртина, дозанехь дIалаьцнарг. Муьлхачу тIегIанехь ду хIинца цуьнан гIуллакх?
– Интерполан а, Шенгенан информацин системехь а хиллера Амина. И дерриг а цхьаьна хиларна – Оьрсийчоьнан дехарца иза лехамашкахь йолу дела а, Шенгенан зоне кхача йиш йоцчу нехан тептарехь хиларна а , - чIогIа телхира цуьнан гIуллакх. Румынино гарантеш эцна Оьрсийчоьнера, цо чIагIо а йина, шаьш Аминина ницкъ бийр бац, нийсонца кхел йийр ю аьлла. Тхо цунах ца теша, тхуна дукха гина Оьрсийчоьнан агIоно ишттачу хьелашкахь харцонаш лелийна.
Сучава гIалин административан кхело къобалдина Амина дIаялар, оцу сацамна латкъамбира Румынин Лакхарчу кхелехь, амма хууш дац, маца хир ю кхеташо.
Аминас тховкIело ехна – амма цкъачунна диканиг хIуммаъ дац цуьнан гIуллакхехь. Цунна бакъонан гIоьналла латтон юкъагIоьртина мухIажарийн гIуллакхашкахула йолу ООН-н Лакхарчу комиссаран урхалла (UNHCR). Дукхахболчийн дог даккха а тарло оха, амма тхан организацин негативе зеделларг ду ООН-н оцу урхаллех лаьцна…ХIинца, масала, Аминина адвокат лаха дезаш бу уьш – яьлла йист яц цкъачунна. Хууш дац, кхин цара хIун дан тарло, цундела дIоггара дегайовхо оха ца кхобу.
Тхоьца зIене бевлира тхан коллегаш, Amnesty International юкъараллера бакъонашларъярхой – цара а чIогIа сагатдо Аминина, цунна гIо дан лаьа. Цунна бакъо елла Украине юхаяха, тхан Iалашо ю – иза Оьрсийчу дIа ца хьажаяйта, юхаяха цунна бакъо ялийта.
– Нагахь санна, экстрадици яхь, Оьрсийчохь хIун кхерам бу Аминина?
– Тхан практики юккъера аьлча, цуьнца хиллачуьнца – Шема тIом бан вахначу стеган хIусамнанас дIахьединера, шена йеттарх а, кадыровхойх ша едда яларх а – Амина боккхачу кхерамна кIел ю. Иза дIахьажаяхь, Нохчийчохь йийр ю цунна тIехь кхел – и доьхна гIуллакх ду.
Цхьана а кепара Оьрсийчоьнан агIонгара гарантеш хуьлийла дац – "гарантеш" боху дош а беламе ду ша. Нагахь санна, цунна экстрадици яхь, цкъа юьхьанца Оьрсийчоьнан агIоно сурт хIоттор ду, дерриг а дика ду аьлла, - тарло Румынин Iедалхошна пурба дала цуьнан таллам бан, СИЗО-хь дика хьелаш а хIиттор ду. И дерриг а кхечу гIуллакхашца тхуна гина ду – цхьа хан яьлча Оьрсийчохь сийсазалла, гIело цуьнгахь латтийна ца Iаш, цуьнан дахарна а бу кхерам, и хир дац олийла дац.
Шуна гиний, Кадыровн критикийн, изза Халитов Хьасанца йа Абдурахманов Тумсоца гергарчаьрца [кадыровхоша] лелийнарг? ТIаьхьало йоцу кхерамаш бац уьш, баккъалла а хIуъа а дийр долуш бу уьш. Цунна тоьшаллла ду – Украинехь цара лелориг.
– Польшера Оьрсийчу дIахьажийначу дагестанхочун Зубагиров Мохьмадан гIуллакхах хIуммаъ дуй? Иза тахана стенгахь ву хууш дуй?
Цхьана а кепара Оьрсийчоьнан агIонгара гарантеш хуьлийла дац – "гарантеш" боху дош а беламе ду ша
– Цхьана а тайпа керла хаам бац, тхуна хаьа, Калининградера Москва иза дIавигинийла. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина – цкъа а Шемахь иза хилла а воцушшехь. Оцу юкъанна Украинехь цхьаммо а хьавеш вацара иза, цхьа а Шемана тIехула бехкевеш а вацара. Оьрсийчохь цунна 15 шарна тIера хан тоха кхерам бу – цо тховкIело ехаран бахьанашка ла а ца дуьйгIира Польшано. И дуьххьара дац – иттаннашкахь нах бу кху сохьта Польшерчу депортацин набахтехь латтош.
– Оьрсийчуьра керла гIуллакхаш ЕСПЧ-кхелехь кхин дIа луьстур доцуш хилча, шун балха тIехь цхьана агIор Iаткъам бийр буй цо?
– Тхан балхана бийр бац, амма Оьрсийчуьрчу коллегийн балхана бийр бу. Тоххара, хьайн терго яйта цхьа кор хиллехь а, жимма а таро яра компенсаци кхачон, хIинца иза а хир яц. Кхеташ ду, ЕСПЧ-н сацамашца Оьрсийчоьно нах [лаьцначуьра] маьрша ца бохура, делахь а гуш дара, Оьрсийчохь адамийн муьлха бакъонаш хьоьшуш ю - дерриг а кехаташкахь охьаяздина дара. Тхайн балха тIехь даим а аьтто бара тхан царна тIетовжа – кхин хир бац иштта аьтто, хала хеташ делахь а.
– ТIаьххьарчу хенахь дуккха а хаамаш кхочу, Нохчийчуьра бертаза Украине тIом бан "шайн лаамехь" олучу тобанашца дIахьийсабо бохуш. Цунах лаьцна цхьа а информаци юй "Вайфондан"?
– Тхоьга орца доьху, кIелхьара даха, тIамтIе ца дахийта Нохчийчуьра арадовлуш гIо дахьара бохуш. Хала хеташ делахь а, иштачу миграцехь гIо дан йиш яц тхан, низамца догIуш дац и – стагана шенна карон беза вада некъ, йа компетенте йолчу юкъараллашка вала веза. Тхан телефонан номерш тIе яздо: "ГIо дейша, со тIаме хьажош ву, суна ца лаьа цига ваха". И нах - бIахой бац, йа полицера а бац, могIарера бахархой бу уьш. Эскархочун гIуллакхе хьийсош уьш а цхьана бу-кх.
– Украинехь байинчу кадыровхойн гергарчара яздой шуьга?
– Цкъачунна иштта нах тхоьга бевлла бац. Кадыровн тик-токашкахь тхуна гуш берш – идейш йолу нах бу уьш, "Ахьмадан некъан" идеологица цига бахана бу уьш. МогIарера наха цу тIехь дозалла дийр дац, йа видеош йохур яц – церан хьал ишта а ду ледара, "результат" ян бохуьйтуш бу уьш цига. Царна ца хаьа, шайн синош муха кIелхьардохур ду, муха цIа боьрзур бу. Царех цхьанна а цига ваха лаьара аьлла ца хета суна, вала цхьанна а ма ца лаьий.
– Хьуна муха хета, уьш юхабирзича, маьршачу нахана Нохчийчуьра дахар кхин а холчу дер дуй?
– ТIом бирзинчул тIаьхьа адамашца болх бан дезар ду психологийн. Нах байина стаг кхераме ву, цуьнан психика а лартIахь хуьлийла дац. Къизаллаш лелорца ишта а бевзаш бара кадыровхой, ткъа хIун лелор ду цара хIара тIом бирзича – цуьнан ойла ян а кхоьру со.
Тхан даймахкахь, Нохчийчохь, гергарчу хенахь цхьа хийцамаш хир бу аьлла, ца хета суна. Кханнехь йозуш йоцу пачхьалкх цунах хилахь а, дуккхаъчу шерашкахь ерзон еза вайн дуккха а ю чоьхьара проблемаш ю: цкъа делахь, массо а вовшашна бекхамаш бан хьийзар бу, шолгIа аьлча, вовшийн тIе а ца оьцуш, дуккха а Iедалхой бевр бу.
***
ХIара интервью дIаязйинчул тIаьхьа хиира, Гериханова Аминина экстрдици еш бинчу сацамна дуьхьал чуделла арз Румынин Лакхарчу кассацин кхело дIататтарх. "Вайфондан" дIахьедарца, Румынин Iедалхоша кхин дIа хьура бу Оьрсийчу иза дIалун барамаш.
- Стигалкъекъа-беттан 5 -гIа – тIеман 71 -ра де ду. Украинхойн зорбанан гIирсаша хаамбо, "Азовсталь" заводана тIехь контрол латтор къуьйсуш Мариуполехь луьра тIемаш дIахьош бу аьлла. Украинхойн эскарна гIо латтош хила тарло бохуш, Сбербанко таллам латтабо дIасадохьуьйтучу ахчанашна тIехь, царех хаамаш Росфинмониторинге дIа а кхачош. Украинан Лакхарчу Радехь дIахьедар тIеэцна, ШолгIачу дуьненан тIамехь Оьрсийчоьне толаман монополизаци яйта мегар дац аьлла. Джонсон Бориса чIагIо йина Украинана, 300 миллион фунташкахь кхин а тIеман гIо лоцур ду аьлла.
- Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина хууш Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинехь веллачу 401 бIахочун цIераш. Хаамийн зорбанийн а, Iедалхойн дIахьедарийн а, Кавказ.Реалиин хьостийн хаамийн а буха тIехь вовшахтоьхна ду и зераш. Билггал долу терахьаш дикка лакхара хила тарло.