Нохчийчохь дIа а гойтуш, тIемалой хила тарлурш байар, Кадыров Рамзанан хилла критик Соьлжа-гIалахь гучувалар, Соьлжа-гIалин йуккъехь цхьа тамашийна баннер хIоттор, КадыровгIарна "Хьакъволу бакъонашларйархо" мидалш йалар - цу дерригенах дуьйцур ду "Маршо" Радион йоьалгIачу подкасто. Иза дIахьош йу со - Димаева Лиза. Маршалла ду шуьга!
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Нохчийчохь дIа а гойтуш, тIемалой бу бохурш хIаллакбар
ГIовгIане герз кхийссарш хилира кху кIирнахь Нохчийчуьра Гуьмсехь - оьрсийн спецназан университет йолчу гIалахь. Цу университетехь кечбеш бу Украине хьийсон йолахой.
Зазадоккху-беттан 28-хь Гуьмсехь герз кхиссарх уггаре хьалха дийцинчехь цхьаъ вара, йуха а машанашкахь гучуваьлла Абдурахманов Тумсо. Хиллачух цо хаам бинчул тIаьхьа, сахьт сов хан йаьлча, шен телеграм-каналехь республикан куьйгалхочо ша Гуьмсе вахарх, цигахь хиллачух ши видео хIоттийра. Царна тIехь республикан урхалхо шена масех го бинчу хадархошца вогIуш го. Цунна тIаьхьахIоьттина вогIуш герз карахь цуьнан 15 шо долу кIант Адам а ву.
Билгалдоккху, Гуьмсехь герз кхийссарш хилале ши де хьалха Кадыров Адамна а, цуьнан 17 шо долчу вешина Ахьмадна а "Терроризмаца къийсарехь хьалхенаш йахарна" цIе йолу, некхехь лелон билгалонаш йелира, амма хIун кхиамаш баьхна - хууш дац.
Вукху видео тIехь ницкъахоша текхош схьа а дахьий, Кадыровн а, цуьнан кIентан а когашка шина стеган ши дакъа охьакхуссу. Операторо дикка гойту церан кортош, аьлча а, царех йиснарг. Декъешна тIехIоьттина лаьттачу Кадыровс йуха а олу, республикехь дуьхьаллонан тIемалой бу аьлла гучубевллачеран доьзалаш, уллора гергарнаш а жоьпе ийзор ма бу ша.
Шен телеграм-каналехь кхеттош дуьйцу цо: ницкъахоша шайга кхаьчна хаамашна тIехь болх бинера, ши зуламхо волу меттиг Гуьмсерчу цхьана цIа чохь вуйла хууш, царна тIебахнера. Герз охьадилла аьлча, дуьхьал цара герзаца жоп делира, граната кхоьссира, йуха и шиъ цара вийра, амма ницкъахойх цхьа а лаза ца вина, олий, дуьйцу цо. Дикка "хьалха" дуьйна кечлуш дара тхо и операци дIайахьан, амма иза чекхйоккхуш "масех минот" бен ца ийшира, тIетуху Кадыровс.
Низамлардархошна зулам дарна бехктакхаман гIуллакх гIаттийна шаьш, аьлла, шолгIачу дийнахь дIахьедар дира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалло. Хиллачух Кадыровс дийцинарг талламхоша дуьйцучуьнца цхьаццачу хIуман тIехь бен цхьаьна ца догIура. Нохчийн ницкъахошна къайлахчу сервисаша гIо дар а, вукхара граната кхоссар а хьаха а ца дира.
И операци кечйаран хенан йохаллех а хIумма ца хьахийра Талламан комитетехь болучара. Амма дийцира цара кхиндерш: комитетан хаамашка ладоьгIча, тIемалой лоруш берш вовшашлахь гергара буйла а. Цхьанна 60 шо хилар, вукхуьнан - 34 гергга. И ший а Гуьмсехь Iаш хилар а. ГIалахь хиллачу герз кхиссарех официал - хаамаш цу тIехь чекхбовлу. Цу шина стага кадыровхошна дуьхьало йаран бахьанаш а низамлардархоша хьехош дац.
Официалехь боцчу, т1ечIачIбазчу хаамашка ладоьгIча, тIемалой бу бохурш Гуьмсерчу полицин декъана тIелетта, цул тIаьхьа гIалин кешнашка йухабевлла, циггахь и шиъ вен а вийна. Шайга цунах лаьцна дийцина хьоста а ца хьахош, и хаам бо 1ADAT- нохчийн оппозицин боламан хьалханчас Янгулбаев ИбрахIима.
"Масех сахьт хьалха герз кхийсира, аьлча а, тхан муджахIидша Гуьмсерчу РОВД-на тIелатар дина. Тхуна кху муьрехь бевзачу хаамашца, цкъа дуьххьара Гуьмсерчу РОВД-на тIе а летта, тIаккха йуха бевллира уьш гена доццучу кешнашка – цигахь кадыровхоша байъина и вайн вежарий", - элира Янгулбаевс.
ТIаьхьо нохчийн оппозиционераша олу, вийначу шина стеган цIераш хиъна шайна - Руслан а, цуьнан вешин кIант Зелим а ву и шиъ аьлла. NIYSO телеграм-канало дийцарехь, герз карахь чуччабахар кIоштан полицин декъе Зелим дIавига баьхкича, доладелира. Зелим, дуьхьало а йина, шен девешица ведда къайлавелира. И шиъ вийначул тIаьхьа, кадыровхоша церан чохь мел верг, зударий а цхьаьна, лачкъийна, дIабигира, аьлла дийцира NIYSO телеграм-каналерчу шаьш бовзийта цалуучара.
Хиллачун хьесап деш, Абдурахманов Тумсос, тидам тIебахийтира вийначу цхьаннан дегIаца хиллачу таIзарийн билгалонашна, герз деттаделлачу меттигашкахь гуш цIий цахиларна а. Хьалхо вен а вийна, йуха кхуза схьавеана хила тарло и, элира цо.
Нохчийчохь долчу дIакъевлинчу хьелашкахь и берриге хаамаш талла а, церан бакъ, харц хилар тIечIагIдан а таро йац. Кадыровхойх цхьа а велла, ца велла а билггал хуур дац. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIуъа дийцахь а, Baza а, ASTRA а телеграм-каналаша шайн хьостанийн хаамашна тIетовжарца, йаздира, Кадыровн цIарах йолчу спезназ полкера виъ белхало лазийна хиларх. Цул совнах видео тIехь гуш ду, ницкъахойх цхьананнан куьйга тIехула охьаоьху цIий. Амма и цIий цу ницкъахочун ду, йа байина Iоьхкучеран ду - хууш дац.
Шеко йоцуш ала йиш йерш хIорш ду: зазадоккху-беттан 28-хь сарахь герз кхийссарш хилла, вийнарг мел кIезга а шиъ ву, кхиндерш - йа моьттуш дерш, йа тIечIагIдина доцурш ду.
ДIадаханчу шеран гурахь дуьйна схьа Нохчийчохь герз карахь хилла йоьалг1а конфликт ю х1ара: лахьан-беттан чакхенгахь полицина тIелетира 19 шо долу Соьлжа-гIалин вахархо. ТIаьхьо Ассиновская станицехь герз кхийссарх хаам а хилира. ГIуран-баттахь Хьалха-МартантIехь ницкъахошна шайна йуккъехь иккхинчу девнехь а иштта герз диттира. Ткъа Кадыровс 2021-чу шарахь чIогIа шен дешнех тешна волуш, "терроризмаца болчу тIамехь" тоьлла со, бехира.
Кадыров Рамзанан хилла критик Соьлжа-гIалахь гучувалар
Нохчийчуьра кхин цхьа хаам боьзна бу кхин д1оггара вевзаш воцчу блогерх Магомадов Сайд-Хьусайнах. Нохчийчохь Iедалан цхьаьнакхетарехь иза гучуваларах. Иза - Кадыровн хилла критик ву, хIинца цуьнан гонерчу нахаца суьрташ дохуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун рожана резавоцуш видеош йазйан Магомадов волавелира 2020-чу шарахь, Австри пачхьалкхехь. Нохчийн йукъараллехь "ахчанах бохкабелларш" бийцарца йоьзна йара цуьнан критика. Кадыров Рамзан а, цуьнан да Ахьмад а йемалвеш дукха дийцира цо.
2020-чу шарахь гIадужу-баттахь Магомадовс лелон блогеран болх бахьанехь цуьнан Нохчийчохь болчу гергарчара республикан куьйгалхочунна хьалха бехказбуьйлуш, къинтIера валар доьхуш, видео йазйира. Дахначу шеран аьхка 1ADAT телеграм-канало шен хьостанан цIе ца йоккхуш, Австрерчу полицино и блогер вен леринчарна новкъарло йина аьлла дийцира. И хаам тIечагIбира "Кавказский узел" гIирсо а, Абдурахманов Тумсос а. Ша гIуллакх талларах лаьцна кхин цхьа а хаам хилла боццушехь.
ТIелатам йухатоьхна бохучу муьрехь Магомадовс шен ютуб-канал дIайаьккхина йара. Стохкалерчу шеран гурралц, йуха а и видеош чуйахка волаваллалц, блогеран балхах хууш хIумма дацара. Ткъа хIинца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун цхьана хенахь хилла критик Кадыровн пропагандина болх беш ву, Ичкерин маршонан агIончий, кхечу пачхьалкхашка дIабахана оппозиционераш йемалбеш. Амма кхин башха гIараваьлла вац иза. Цуьнан видеошка хьаьвсанчийн терахь масех бIе, масех эзар бен ца хуьлу.
Зазадоккху-беттан 23-хь Соьлжа-гIаларчу нохчийн гуламехь хаавелира Магомадов. Цигахь республикан куьйгаллехь мел болу хьаькамаш бара. И хилале цхьа кIира хьалха блогеро шен инстаграме кадыровхошца цхьаьна шен даьхна суьрташ хIиттийра - царех цхьанна тIехь цунна маракхетта лаьтташ го Дудаев Ахьмад, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу уьйрин, зорбанан, хаамийн министраллин куьйгалхо.
Кхин цхьана суьрта тIехь Мицаева Рубатица лаьтташ а ву и. Иза а йара хьалха Кадыровн критик ларалуш, ша Ичкерин векал йу олуш а. Амма 2021-чу шарахь Мицаева Соьлжа-гIалахь дукха йеза тIеийцира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо иза хелха а йаьккхира. ТIаьхьо республикин Iедало цунна совгIатна китайхойн машен йелира. Магомадовн, Мицаеван хьал цхьажимма кхечу кепара го.
Кадыровн хилла боккъал болчу критикашна Европехь тIелатарш дина меттигаш бу. Масала, 2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина, вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2019-чу шарахь Германехь иштта герз диттина, вийра Ичкерин хилла буьйранча, нохчо Хангошвили Зеламха. 2020-чу шарахь Евросоюзан пачхьалкхашкахь вийра ши блогер Алиев Iимран а, Умаров Мамихан а. ТIелатарш дира Швецехь вехачу блогерна Абдурахманов Тумсона а.
Магомадов Сайд-Хьусейн хьалха дуьйна Кадыровн агент хилар гойту, цуьнан Соьлжа-гIалахь гучуваларо, боху ницкъахоша Iен ца витина, кхечу пачхьалкхе дIаваханчу нохчийн оппозиционеро Янгулбаев Абубакара.
"Суна кIезга девза оцу стага лелийна долчу оппозицин жигараллех – хилла хила а мега иза. Суна цунах лаьцна ах шо хьалха хиира, Австрехь волу Нохчийчуьра мухIажар соьца зIене ваьллачул тIаьхьа. Оцу стага шена дуьхьал кехаташ йаздора, ша йуханехьа Нохчийчу дIавигийтархьама, бохура цо. ТIаккха тахана Кадыровн критик ву бохуш волу и стаг Нохчийчохь гучуваларо гойтуш хила тарло, иза хьалхе дуьйна цунна тIехь болх беш хилар. ТIаккха оппозицин йу, йа муха йу ца хуучу оцу шен жигараллица Кадыровна дуьхьал болчу нехан тешам гулбеш хьийзаш хилла иза. Амма хIинца цунах болуш пайда бац, йа иза цигахь латто маьIна хилла а хир дац, тIаккха Нохчийчу йухаверза сацам бина цо. ", - дийцира бакъоларйархочо.Нохчийчу ваханчул тIаьхьа, йуха а Европе схьавеана Магомадов. Иза цо ша шен инстаграмехь дийцира.
КадыровгIарна бакъоларйрхойн мидалш йалар
Нохчийчохь дIабаьхьира "къоман гулам". Цигахь мидалш йелира республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Нохчийчоьнан хьакъволу бакъонашларйархо" аьлла, цуьнан нанна Кадырова Айманина а, веллачул тIаьхьа цуьнан дена Кадыров Ахьмадна а. Иза дуьйцуш, боьдучу гуламехь вистхилира Нохчийчуьра коьрта бакъонашларйархо Солтаев Мансур.
"Нохчийн къоман дуьххьарлера а, коьрта а бакъонашларйархо вара Ахьмат-Хьажа. Цуьнан некъа тIехь къа а хьоьгуш, махкахойн бакъонаш ларйаран низам дIахIоттийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана",- довзуьйту цуьнан къамел "Чечня сегодня"- Iедалан гIирсо.
КадыровгIеран доьзална рогIера совгIаташ дар "культ личности" латторан политикин могIа бахбеш дIахIоьтти. Кавказ.Реалии сайте эксперташа хийлаза дийцина ду хIорш. Чиллин-беттан йуккъехь, цкъа конституцехь бан богIу хийцамаш бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "къоман да" аьлла цIе а йелира. Цу хеннахь йелира Кадыровна Нохчийчоьнан дуьххьарлера турпалхо цIе а - и мидал хьалхо цо ша шен сацамца йала магийначарех йара.
Йерриге лерича, Кадыровн ткъе итт сов мидал йу, царех цхьаъ "ТIеман турпалалла" II-тIегIа (2000 шо), "Даймехкан дуьхьа къахьегар" IV и III тIегIанаш (2006, 202I ш), 2006 - чу шарахь цунна Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира, ткъа 2020 - чу шарахь Путина йелира Кадыровна Росгвардин инарла-майор цIе. Цул совнах, йу цуьнан лараме цIераш "Нохчийн республикан физикан-культуран хьакъволу белхахо", "Нохчийн республикан хьакъволу гIишлошйархо".
Соьлжа-гIалин йуккъехь цхьа тамашийна баннер хIоттор
Тамашийна кхин цхьа хаам а бу Нохчийчуьра. Соьлжа-гIалин йуккъехь, Кадыровн проспектехь зазадоккху-беттан 24-чу дийнал хьалха "Минутка" тоннель тIе видеобаннер тоьхна. Баннер тIехь болчу массарна бевзачу нохчех масех мехкан маршонехьа хилла ву. Экран тIехь гуш йоза а ду, "Вайнехан интеллигенцин васт дендеш" аьлла.
Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, баннер тIехь гуш ву йаздархо Айдамиров Абузар; оьрсийн эскархо, зуламхо Буданов Юрий верна чувоьллина хилла Темирханов Юсуп; Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь хирург болх бина Баиев Хьасан; Iилманча, яздархо, Нохчийчоьнан маршонехьа къийсина Авторханов Iабдурахьман.
Цу баннеран сурт шен фейсбукерчу агIоне хIоттийра йукъараллин жигархочо, бизнесхочо Успанов Юнис. Цу суьртана бухарчу комментарешкахь цу дийннахь цхьамма видео а хIоттийра, и баннер боккъал цигахь хилар бакъдеш. Редакцин меттигерчу хьостанаша дийцарехь, зазадоккху-беттан 28-хь баннер экранехь кхин гуш яцара.
Соьлжа-гIалин мэрерчу белхахоша Кавказ.Реалии корреспонденте, шайн хьуна дала жоп дац, билггал муха, хIун дара хатта а хаьттина, тIаьхьо хаам бийр бу шаьш, элира. Амма цул т1аьхьа кхин жоп ца делира цара.
Дагадоуьйту вай, Соьлжа-гIалин мэр Кадыров Рамзанан гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад хилар.
Цу тIехь ас къамел дерзадо. ХIара йара Маршонан йоьалгIа подкаст. Нагахь шу тхоьга ютубехь, фейсбукехь, инстаграмехь ладугIуш делахь, хIоттайе лайк, йазйе комментарий. Тхоьга аша подкаст-майданашкахь ладугIуш делахь - хадабе тхан белхан мах, бовзийта хIара болх шайн накъосташна - тIаккха тхоьга ладогIа луурш алсамбевр бу. Подкаст д1айаьхира Димаева Лизас, Iа дика йойла!
ЛадогIа, хьовса тхан подкасташка тайп-тайпанчу платформашкахь: