ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIеман гIирс лечкъорна дина таIзар кIаддина кхело, бехкечо тIамехь дакъа лацарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу цхьайолчу тIеман гIирс чохь латтош хиллачу меттиган куьйгаллехь волчу Кротиков Петрна ши шо тоьхнера набахтехь даккха, цо цигара тIеман министраллин хIумнаш лечкъорна, амма тIеман кхело и таIзар кIаддина, арахь йаккха хан тухуш. Цуьнан адвокаташа цо Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна аьлла бух балийна хиллера, дуьйцу сацамехь.

Хьалхо Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхело бехке лерира Кротиков, эрна даьхний дайъар бохучу артиклехула – 2021 шеран гIуран-баттера дуьйна 2022 мангал-батте кхачалц цо шен гIоьнчашца тIеман барзакъ, гIирс баьхьна хилла цара 12,6 млн соьманна, тIаккха иза дIабоьхкина.

Цуьнан адвокаташа латкъам бира кхелан сацамна, бехкениг къера хилар, шен бехкаш цо тIелацар, зуламехь дакъа лаьцнарш охьабийцар тидаме эцар доьхуш. ТаIзар кIаддар доьхуш бух балийра адвоката, цо Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна хилар, иштта царна молханаш, сурсаташ оьцуш цо гIо дина хилар а.

ТIеман прокуратуро а, тIеман дакъо а кхелан сацам хийцам боцуш битар доьхура, амма кхел реза хилира арзхочуьнца, баккъала чохь йаккха тоьхна хан цуьнга арахь йаккхийта аьлла сацам беш. Кхелан залехь Кротиков маьрша ваьккхира.

  • Краснодаран гарнизонан тIеман кхело бехке лерира эскархо Пивоваров Николай. Авиабомбанна оьшу 5 детонатор йухкуш дIалаьцна ву иза. Набахтехь йаккха 3,5 шо хан а тоьхна цунна.
  • Ростовера къилбехьарчу кIоштан тIеман кхело Толстов Никитина луьрачу рожехь йаккха 8 шо хан кхайкхира. Герз лачкъош, оьцуш, лелош, духкуш гучуваларна.
  • Ростовера къилбехьарчу кIоштан тIеман кхелотеллира йолахочун Фоменко Егоран гIуллакх. Иза а бехке лерира - тIеман герз эцарехь а, леладарехь а. Эскархочо и герз Украинера деана аьлла билгалдаьккина ду цуьнан гIуллакхехь. Набахтехь йаккха 2 шо, 7 бутт хан тухуш, чувоьллира и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG