ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом барна озабезам беш тоьхна хан хийцина йасакхна бедарш йуьттург йехначу полковникна


Москва гIаларчу гарнизонан кхело 400 эзар сом гIуда тоьхна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан полковникна Мертвищев Иванна. Шина шарчохь Iедалан даржашкахь латтар а дихкира цунна. "Коммерсант" гIирсан хаамна тIетовжарца иза йаздо Радио Свободано цунах лаьцна. Жоьлгалла лелорна бехке лерина Мертвищев.

Йуьхьанца цуьнан гIуллакх йасакхаш йахар аьлла дара. Цу зуламна чохь йаккха 12 шаре кхачалц хан йогIу. Амма тIаьхьо и артикл "талораш дан гIортарна" аьлла хийцира, боху зорбано. Прокуроро полковникна дехнарг набахтехь даккха ши шо дара.

Амма Мертвищевс шен бехк хилар тIелацарна а, иза Нохчийчуьрчу тIамехь хилла хиларна а, цуьнан цигахь йаьхна мидалш хиларна, кхело цуьнгхьа озабезам бира. Цул совнах, "Коммерсанто" дийцарехь, кхел йоьдуш йолуш, полковника ша Украинерчу тIаме вахийта аьлла рапорт йира.

Талламхоша дийцарехь, нах тIеман гIуллакхе кхайкхарх жоп луш волу полковник Мертвищев Раменки кIоштан тIеман коммисарера хIумнаш йуьтту машен схьаэца воллуш гучуваьлла.

Мертвищевс военкоме телефон тоьхна "нах тIаме кхайкхаран гIуллакх ледара дIадоьдуш ду", зераш дечарна иза гучудалахь "хьан коммисаран карьерина боккха эшам хила тарло", аьлла. 70 эзар сом доьху хIумнаш йуьтту машен йелча, и хьал талур долуш дуйла хаийтира Мертвищевс. Раменкерчу коммисаро ша и совгIат дала реза волуш санна кеп хIоттийнера, ФСБ-н контрразведкин департаменте шегара йасакх йоьху аьлла хаам бира цо. Машен дIайахьа веанчохь дIалецира полковник.

Мертвищевн бехктакхаман гIуллакх дIадаханчу шеран лахьан-баттахь долийна ду.

  • Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело наркотикаш йохка гIертарна лаьцначунна тоьхначу хенах кхо шо дIадаьккхира. ГIуллакхан хьал аттачу доккхуш кхелана карийнарг бехкечун тIамехь дакъалацарна делла паспорт дара - иза Нохчийчохь тIом бина хиларна.
  • Оьрсийчоьнан къилбехьарчу регионашкара кхелашкахь Украинехь тIом болабелчахьана ладегIначу гIуллакхашкахь "лерина операци" къобалйинчарна озабезамаш беш хааделла.
  • Официалехь "контртеррористическая операция" цIе тиллина болу Нохчийчуьра шолгIа тIом 1999-чу шарахь, марсхьокху-беттан 7-хь болабелира. Чекхбелира иза контртерроран раж сацош, 2009-чу шарахь, охан-беттан 16-хь. Иза болабаран бахьана Басаев Шемалан, Хаттабан тобанаш Нохчийчуьра Дагестане йахар дара. Цигахь тIом иккхира, марсхьокху-беттан йуьххьера гезгмашин-беттан 15-чу кхаччалц. Цкъа хьалха Дагестанерчу Ботлихан, йуха Новолакск кIошташкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG