ГIадужу-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан тӀеман министралло хаам бира "95-95" схемица тӀеман йийсархой рогӀера хуьйцуш хиларх лаьцна. Оьрсийчу цӀабирзинарш лецнера Курскан кӀоштахь кху аьхка доза дохош. Уьш, доккхачу декъанна, эскаре кхойкхуш берш бара, царна йукъахь нохчийн "Ахмат" полкера виъ эскархо волуш. ТӀеман йийсархойх хууш дерг а, цӀахь царна хиндерг а, нохчийн буьйранчас цаьрга йийсарехь шейна Iожалла лаха бохуш кхайкхам бар а, и дерриге а - Кавказ.Реалиин редакцин материалехь.
Украинерчу "Суна ваха лаьа" проекто зорбане йаьхначу видеошца, Оьрсийчоьнца хийцам бан кечбеш хилла лаххара а 20 эскархо - Дагестанера а, ГӀалгӀайчура а, ГӀебарта-Балкхаройчуьра а. Царех дукхахберш, Брянскан кӀоштарчу Клинцы гӀалара 488-чу полкан эскархой бара.
Курскан кӀоштахь эскаре кхайкхина салти йийсаре лацарх хиира 2024-чу шеран марсхьокху-баттахь дуьйна, билггал терахь а хууш дац. Хаттарш дечу хенахь цхьаболчара дуьйцура, шаьш командованино дозанхойн позицешка дӀахӀиттийнера, доза ца хадайта. Дуйцаш дара, нохчийн дакъош а хилар Курскан кӀоштахь, амма эскаран букъ тӀехьа – иза дийцира Z-блогеро Романов Владимира. ТӀаьхьо, цу дешнашна камера хьалха, гечдар деха дезнера цуьнан - нохчийн "Ахмат" спецназан буьйранчаца Алаудинов Аптица "къамел" динчул тӀаьхьа.
Ахматан эскархой йийсаре лаьцна аьлла хаам баьржинчул тӀаьхьа нохчийн Ӏедал цхьана ханна дист ца хуьлуш Ӏийра. Республикан куьйгалхочу Кадыров Рамзана шен интернет агIонехь пост хIоттийнера, Ахмат-Чечня полкан кхиамех лаьцна, дийцарехь 810-чу гвардин хӀордан бригадица цхьана, Украинин техника хӀаллак йар дуьйцуш.
Амма тӀаьхьо хьаькамша мукIарло дира Нохчийчуьра эскархой йийсаре лаьцна хилар: "Ахмат" полкан буьйранчас цу гӀуллакхна эскархой емал бина ца Ӏаш, цаьрга кхайкхам бира "шаьш дайъийта, хIуъа а дай" аьлла.
"Ас шуна цхьана а кепара ларам ца бо. Суна шу даха деза аьлла а ца хета, со цецволу, шу муха даха дагахь ду, шейн доьзалан, берийн бӀаьргаш чу шу муха хьоьжур ду? ХӀинца шу ийсарехь ду, ручка, хьостам схьаэца, цхьанна тӀелатар дай, шаьш дайийта цигахь»", - элира цо.
Цуьнца цхьаьна Алаудиновс дIахаийтира, ша уьш хийца дагахь воцийла.
И дӀахьедар бӀостане ду, Оьрсийчоьно уггаре а хьалха Нохчийчуьра эскархой хуьйца бохучу къамелашна. 2022-чу шарахь дуьйна и дӀахьедар динера Украинин "Вай нах лоьха" телеграм-каналан авторо Золкин Владимира а, Украинин агIонехь тIом беш волу гуьржийн эскархойн буьйранчас Мамука Мамулашвилис. ТӀаьххьарчо иза дузура, республикера тутмакх "видео тIехь велхаш гуш", нохчийн Ӏедалшна "юьхь Iаьржа" хIитта ца лаарна. Кху шеран заздоккху-баттахь Украинехь йийсархошна тIехь Iуналла лелочу координацин штабан векало Яценко Петра "The Time" газете дийцира, Нохчийчура эскархоша, Украинийн йийсархошах мах луш бу, уьш шайн махкахошца хийцархьама аьлла.
Хууш хӀун ду Ахматовн йийсархойх?
Оьрсийчоьнан тӀеман министралло бинчу хаамца, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа тӀаьххьарчу йийсархой хийцарехь "йукъарло лелош" гIо дина – билггал муха дакъа лаьцна довзийтина дац, амма хууш ду, цу махкан куьйгаллица Кадыров Рамзана кхиийна гергарлонан зIенаш йу.
Хаам бо, маьршабаьхна Оьрсийчоьнан эскархой Беларусехь бу. Цигахь психологан а, медицинан а гӀо деш ду, гергарчаьрца зӀене бовла аьтто а ло царна. Цул тӀаьхьа уьш Оьрсийчу дӀабига дагахь бу дарба дан а, реабилитаци йан а. ХӀинца а билггал хууш дац Ахматан виъ эскархо мичахь ву.
Вуьйцург ву 22 шо долу Масхабов Акраман а, 22 шо долу Амашаев Мохьмад а а, 30 шо долу Махмудов Руслан а, 28 шо долу Тааев Сайд-Хьамзат а.
Йийсаре лаьцна волу Масхабов Акрамана йоцца интервьюхь дийцира, ша Ахматан декъашхо ву, кхо бутт хьалха мобилизаци йинера шена бохуш. Цо дийцарехь "доза лардан бен кхин цхьа а декхар дацара"цуьнна.
Видео тӀехь, цу шен цӀе ца йовзуьйту цо. Цо шен цIе хийцам бале жимма хьалха йакхийра, амма цул хьалха а иза мила ву теллира “Агентство” зорбано. Масхабовс социалан машанашкахь шена тӀе тидам бахийтира Stefano Ricci брендах тера, ши эзар сов доллар мах болу толстовкаца. Амма журналисташа билгалдаьккхира, иза фейк хила тарло аьлла.
Агенство-с бинчу хаамца, 2020-гӀа шо тӀекхаччалц Масхабовс билгалдаьккхина шен цIера адрес - Нохчийчуьрчу Саясан эвлахь дара. ТӀом болабеллачул тӀаьхьа, иза вехаш хилла Москвахь, цуьнан социалан машанашкахь жигарло теллича, спортмастеран кандидатийн сертификаташ духкуш хилла иза. Машанашкахь зорбане даьхначу суьрташа а харцдо иза кху шарахь мобилизаци йина хилар – 2023-чу шарахь дуьйна тӀеман духарца а, герзаца а белхан накъосташца сурташ тIехь хилера иза. Цул сов, оццу шеран чиллин-баттахь Москварчу кхелан приставаша цунна дуьхьал гӀуллакх айдина, 25 эзар сом декхаре хиларна.
Кхин цхьа йийсархо, Амашаев Магомед, Дагестанан Республикан махкахо ву аьлла, дӀайазвина хилла "Вайн арадовларан некъ" цӀе йолчу эскархой лохуш, цӀаберзоран а проектан тептарехь, Амма Амашаев Нохчийчуьра вахархо ву, Курчалой юьртара бохуш чӀагӀдо, "Важные истории" зорбано. Йийсархочо шех "Ахмат-Север" мотострелкован полкан эскархо ву олу.
Цу нахана, вуно бакъдолуш кхерам бу
Нохчийчуьрчу, Шелан кӀоштара Эвтар- юьртара Махмудов Руслан, хьалхо Курскан кӀоштахь тӀепаза байначу нехан волонтерийн тептарш тӀехь вара. Хийцамехь йаьккхинчу видео тӀехь, цо дуьйцу шена мобилизаци йиначул тIаьхьа, ша Ахмат-Чечня полкехь эскархо вара бохуш.
Йийсаре лаьцначул тӀаьхьа хеттарш дечу видео тӀехь гайтира Тааев Сайд-Хьамзат, бӀаьргаш тIехь хIума а йихкина. Цо ша Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан кӀоштарчу Шаами-юьртара вахархо ву, Ахмат полкехь эскархо хилла. ТIаьхьо, йийсархой хуьйцаш йакхиначу видео тIехь, цо ша 1434-чу "Ахмат-Чечня" полкан контрактхо ву боху. Хьалха и полк, Кадыров Рамзан Ӏалаша варехь дакъалоцуш хилла "Север" батальон йу.
"Суна ваха лаьа" проектан авторшна хетарехь, Кадыровн нах а, эскаре кхайкхинарш а бен Кремлна мехала бац. ХIунда аьлчи церан дуьхьа, Оьрсийчоьно Украинена дIабелла 2,5 шарахь йийсарехь хилла нах, иштта, Мариуполехь лаьцна, белла дӀабовллалц набахтехь йаккха хан тоьхна тӀемалой а.
Йийсаре лаьцна хиларна таӀзар дийр ду?
"Кавказан къаьмнийн ассамблеян" президентана Кутаев Русланна хетарехь, йийсаре лаьцначу Кадыровхошна, шаьш хийцар - вон кхаъ бу.
"Царна марабетталур бу аьлла ца хета суна. Проблемаш хира йу цера. Кеста, Украинин тIамехь хьалхара позицешкахь хира бу уьш", - хета Кутаевна.
Цунах тера ойла йу, Украинерчу "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочунна Савва Михаилан а.
"Оцу нахана кхерам бу, вуно бакъ долуш. Амма вай ца боха уьш Нохчийчохь бойур бу. Хьалхо, Украинин эскарша хӀаллакйира мостагӀчун тоба. Цхьа тамашина тIелатар динера цара, цхьа а кепара аьтто хира боцуш, Оьрсийчоьнан эскарша ца до иштта тамаше тIелатар. Ма-дарра дийцича шаьш байитийра цара. Церан документашца билгалдаькхира, уьш берриш а дукха хан йоцуш Украинин йийсарера цӀабирзина хилла хилар. Йийсарехь хиларна, царна и тайп таӀзар дина хиллера, дийна йухаберза цхьа а агIо йоцуш, тIелатар дан бахийтар", - хьесап дира Саввас Михаила хьалхо Алаудиновс тийсина кхерамашна.
Кхечу кепара хета Киеверчу "Пента"политикан талламийн центран куьйгалхочунна Фесенко Владимирна. Цо бахарехь, Алаудинов "пиар-ловзарш" лелош ву.
"Алаудиновс дина дӀахьедарш, ас шина декъе доькъар дара. Цхьана агIора, хIара юкъараллийна луьра, кхераме пиар йу, амма бакъдолу хьал мелла а кхечу кепара ду. Цхьаъ йийсарера араваккха оьшучу хенахь, нохчаша дакъалоцу, йа йийсархойн хийцам бан йошучу хенахь, Кадыровхой уггаре хьалха приоритетехь хуьла", - бохуш, кхетийра Фесенкос.
Ткъа политогна Айсин Русланан хетарехь, Алаудинов Аптин дIахьедарш, шена Сталин Иосифан “кител тӀеийзор” санна ду. ШолгӀачу тӀамах, Сталинс динера омар "Керара герза охьадиллина, мостагIчунга ша йийсаре лацитарна жоьпалле хиларна" иза масал далош дуьйца ас. Амма, политологна хетарехь, "Ахмат" эскархошна дисциплинаран таIзаран тIех даьлла цхьа а хIума дийра дац.
Дуьххьара дац Нохчийчоьнан Ӏедалша шайн эскархой йийсаре бахана нах юьхьӀаьржа хӀиттор. Стохка гурахь Кадыров Рамзан реза ца хилира йийсарера цӀабалийначу Север-Ахмат полкан пхеа декъашхочуьнца цхьаьнакхета. Республикан куьйгалхочо бехк баьккхира царгара, кхачам боллуш кечам ца бина аьлла, уьш йуха а баха беза, "тӀамах доьвда ца лелларна тоьшаллаш дан" аьлла.
Цхьа хан йаьлча, цу тобанера эскархочо Хамидов Тамирлана, массо а дакъош вовшахтоьхна построени йича, Кадыровга къинтӀера валар дихийра, цо тӀечӀагӀдира, шаьш дерриш а йуха а Украине гӀур ду, шаьш "тӀамах уьдаш ца лелла" аьлла тоьшалла дан.
Цул жимма хьалха Урус-Мартанера 38 шо долу вахархо Мусиханов Киргиз шозлогӀа а тӀаме хьажийра. Иза Украинехь гезгмашан-беттан 9-чохь йийсаре лаьцнера, цига дIавахана кхоалгӀачу дийнахь. Мусиханов маьршаваларх лаьцна дийцира Ичкерин агӀончаша а, Нохчийчоьнан Ӏедалша а. Ша лазийнехь а, иза йуха а тIаме ваха дагахь ву, дӀакхайкхийра Кадыров Рамзана- хаам бора, Мусихановс тIаме ваха сацам, шен лаамца бинера бохуш.
- Оьрсийчуьрчу "Наш выход" цӀе йолчу волонтерийн проекто бинчу хаамца, тӀаьххьарчу йийсархойн хийцамашкахь цIаверзийна- Дагестанера 19 стаг, гӀебартой-балкхаро 6 стаг а, Нохчийчуьра 3 стаг а, 2 Краснодаран махкара 2 стаг а, кхин а цхьацца Ростовн кӀоштара а, ГӀалгӀайчуьра а.
- Бутт сов хан йалла Курскан кӀоштан доза дохийна, хӀинца а Украинин герзахойн ницкъийн Ӏуналлехь дуьсуш ду цу кӀоштан цхьа дакъа. Оцу хенахь хаалуш телхина Z - юкъараллийн тобанан а, "Ахмат" спецназ командиран Алаудинов Аптин а йукъаметтиг. Курск агӀор долчу хьолах лаьцна тӀеман министраллан цхьаъ бен воцу бохург санна спикер хилла дӀахӀоьттина Апти Алаудинов. "ТӀеман корреспонденташа" хаддаза критика йо цунна, цул совнах - шаьш къинтӀера дахар а тIедожош.
- Белгородера Валуйки гIалахь Нохчийчуьра тӀеман эскархой герзаш детташ хелхабийларо йуха а хеттарш гIиттийна тIамехь цара хIун дакъа лоцу-те бохуш. Оьрсийчоьнан тӀеман корреспонденташ олучу наха бехкебора кадыровхой меттигерчу бахархошца девнаш хиларна а, тIеман хьаларчу позицешкахь ца хиларна а. Уьш цига хьовисйнера Харьковн кӀоштахь "буферан зона" кхолла. Ичкери йозуш йоцу республика хилар къуьйсучу юкъараллин жигархоша Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь билгалдаьккхира: цара лелочунна деш таIзар цахилар йоллу Оьрсийчохь даьржар ду аьлла.