ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь цхьана кIиранчохь COVID-19 лазар кхузза лакхадаьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дахначу кIиранчохь Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь коронавирус хьакахйелла 3127 стагах – кIира хьалха хиллачул а 398 стагана алсам ду и терахь. КIира хьалха вирус кхетта вара 2729 вахархо. Оцу йукъанна Нохчийчохь керла коронавирус кхеттачийн терахь кIиранчохь алсамдаьлла кхузза а ах – йалханна тIера 22-не.

Оцу заманчохь беллачийн терахь лахделла: велла кхо стаг (Адыгейхь шиъ, Краснодаран кIоштахь цхьаъ). Цул а хьалхарчу кIиранах виъ вара кхелхинарг (цхьацца Кубанехь, Ставрополехь, Къилбаседа ХIирийчохь, Волгоградан кIоштахь) аьлла ду кооронавирусца къийсам латточу оперативан штабан зерашкахь. "Объясняем.рф" официалан портало зорбане даьхна ларарш.

Коронавирусца дарбан цIийнехь охьабехкинарш жимма алсамбевлла – 499 стагана тIера 526 адаме даьлла, ткъа дарба хилла аьлла дIакхайкхийначийн терахь лахделла 2525 стагана тIера 1947 стаге.

COVID-19 цамгар жимма йаьржина къилбехь а, Кавказехь а йоллу пачхьалкхера хьал зийча, цигахь 33% кхиъна, ткъа ГIалмакхойчохь, Краснодаран кIоштахь, Кхарачой-Чергазийчохь лахдалар хааделла.

Делахь а цуьнан темпаш йоллу Оьрсийчохьчул а лакхара Нохчийчхь хилла ца Iа, кхин а цхьа могIа регионашкахь а лакхадаьлла го. Масала, ГIебарта-Балкхаройчохь шозза гергга алсам ду терахь, ГIалгIайчохь – нийса 1,5, Ростовн кIоштахь – 40%.

  • Масех беттанашкахь хаалуш ду Оьрсийчоьнан къилбера регионашкахь COVID-19 вирус кхетта нах алсамбуьйлуш хилар. Волгоградан кIоштахь гезгамашин баттахь бараман маьIнехь вирус тIех йаьржинера.
  • Дуьненайукъара могушалла Iалашйаран организацихь тешна бу, "COVID-19 кхерам хилла лаьтташ хилар", цундела организацино "чIогIа кхайкхам бо пачхьалкхашка-декъашхошка гIо де аьлла, коронавирус ца йаржийта шаьш кхоьллинчу инфраструктурех дIа а ца хаьдаш". Iаламат коьрта ду хьалхо дина дIахьедарна гIоьналла латтор, коронавирусан варианташна тIехь Iуналла латтор, бустеран вакцинаци дIайахьар и лазар тIедала кхерам болчу нахалахь, вентиляци тойар".
  • Хьалхо ВОЗ-организацино хаамбира, COVID-19 йаржар дуьненайукъарчу маьIнехь чолхе хьал дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG