ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь цунна "кхерам бац" аьлла мухIажаран статус йала дуьхьало йина Швейцарин Iедалхоша Батаев Iелина


Батаев Iела
Батаев Iела

Цюрихера депортацин центрехь латточу 40 шо долчу Нохчийчуьра вахархочунна Батаев Iелина тховкIело йала дуьхьал хилла, хIунда аьлча, Швейцарин Iедалхоша формалехь Нохчийчоь адамийн бакъонаш Iалашйеш, маьрша, паргIат мохк ларарна. Иштта йаздина официале жоьпехь, дийцина Кавказ.Реалиига "Европера машаран цIа" бакъоларйаран организацин куьйгалхочо Гашаева Зайнапа.

"Сацамехь къаьстина йаздина ду "Нохчийчоь стабилехь, кхерамзе" йу аьлла. И хаттар листа а ца луьстуш, аргументаш тергамза а дуьтуш, цхьа абсурде позици тIеэцна цара", - хаамбира бакъорларйархочо.

Цунна депортаци йар дIатеттина гIуран-батте, цундела шайн сацам хIокху сохьта кхочушбийр бац цара, и къовса а тарло аьлла, тIетоьхна Гашаевас.

Миграцин гIуллакхашкахула йолчу пачхьалкхан секретариате йаьлла Батаевн адвокат Хунгербюлер Леа (цуьнан дIахьедар Кавказ.Реалиин редакцихь ду). Цо дийцина Оьрсийчохь а, доккхачу лекъанна Нохчийчохь а адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Масална дийцина тIамна дуьхьал буьйлучу жигархошна дуьхьал даьхна административан а, бехкзуламан а гIуллакхех, иштта Мусаева Заремин гIуллакхах лаьцна а. Швейцарин Iедалхой ца тешийна оцу масалша, Украинерчу тIамна дуьхьал волу Батаев Iела даймахка дIахьажон кхераме хиларх.

40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, оцу пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта цунна. Батаев тешна ву, нагахь санна, дIалахь - ша вуьйр ву аьлла, хIунда аьлча, Нохчийчуьра кадыровхойн рожан критик ву иза. Лаьцна латточо хьалхо мацалла кхайкхийра, шен бакъонаш хьешарна: гочдархо ца велира цунна.

  • Товбеца-бутт йуккъе баьлчхьана Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша, Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал, тIедожийра иза маьршаваккха бохуш. Иштта митинг хилира Швейцарера миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариатна хьалха а.
  • Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртичхьана цхьацца формале бахьанашца даймахка дIахьийсабо нохчий европахойн Iедалхоша. Цигахь царна байа, тIехь Iазап хьегон кхерам лаьтта. Батаевн гIуллакхехь кхерамаш кхин а чIогIа бу, Украинехь ваьхна ву иза. Иштта цо къобалйеш хилла Ичкерин агIончех вовшахтоьхна лаамхойн батальонаш а.
  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
  • Швейцарин миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариато Кавказ.Реалиин хаттарна жоп луш, дIахьедира, мухIажар араваккхале хьалха хIора гIуллакх индивидуалехь луьсту шаьш, даймахкахь цунна лаьтта кхерам тидаме а оьцуш. Иштта секретариатехь мониторинг латтайо Оьрсийчохь адамийн бакъаонашца долчу хьолана, шайн тидамаш шаьш лелочу практикана йукъа а балош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG