ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Украинана дуьхьал тIаме хьовсийначу нехан терахь дестийна ду – "Новая газета Европа"


Украинан оккупаци йинчу дозанаш тIера кадыровхой, гайтаман сурт
Украинан оккупаци йинчу дозанаш тIера кадыровхой, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан Ӏедалша кест-кеста дIахьедо Оьрсийчоьнан Украинана дуьззина тӀелатар дарехь дакъалаца хьежош болчу нехан терахьах лаьцна. "Новая газета Европа" зорбанан гӀирсо дийцарехь, и терахьаш дестийна ду, лараран методика лелорца.

Зорбано дийцарехь, эскархой бац багарбеш, тӀеман зоне дIахьежийначу эскархойн хилла "командировкаш" йу дIалоруш йерш. Массо а регионашкара вербовка йинчу "лаамхоша" беа баттана доцца контракташ до, цул тӀаьхьа уьш карладоху. Масалла, эскархо шен доьалгIачу контрактехула гIуллакх деш велахь, доьазза лорур ду и.

Нохчийчуьра эскархойх дерг аьлча, царна лерина "ротацин" система йу – хӀора ахшо мел долу хийцалуш бу уьш. Иштта, хӀора "командировка" а йуха лоруш йу церан.

Бмлггала хууш дац, Нохчийчуьра тӀаме хьажийначу эскархойн бакъдолу терахь мел ду. Иштта хууш дац царех муьлха дакъа ду Нохчийчуьра а, маса вахархо ву царлахь кхечу регионашкара.

  • Дахначу кӀиранах Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хилира Гуьмсехь, шен цӀе лелош йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь". Цу хьокъахь дуьйцучу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, спецназан унивеситетехь Ӏамийна 47 эзар эскархо ву Украинерчу тӀамехь, царлахь 19 эзар "лаамхо" а ву аьлла.
  • "Ахмат-Чечня" полке схьаоьцуш бу республикера а, йоллу пачхьалкхера а "лаамхой" - "спецназан университетехь" жимма Ӏамийначул тӀаьхьа уьш фронте дӀахьежош бу. Алаудинов Апти коьртехь волу "Ахмат" спецназ кхоьллина йу, "Вагнеран" хиллачу говзачу йолахойх а, эскархойх а. Таханалерчу дийнахь Нохчийчохь кхоьллина 14 дакъа ду дуьххьарлера Оьрсийчоьнехьа хиллачу республикин куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан цӀе йолуш – оцу хӀумано дукха хьолехь галморзахаллаш кхуллу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG