ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь тӀамехь дакъалаьцначарна луш долу ахча доьазза алсамдаьккхина Нохчийчохь


Нохчийчуьра эскархой. Гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой. Гайтаман сурт

Нохчийчохь Украинана дуьхьал тӀаме контрактца боьлхучу эскархошна луш долчу ахчанан барам лакхабаьккхина доьазза – 100 эзар сом тӀера 400 эзар соьме кхаччалц.

Цуьнца догӀуш долу омрана куьгтаӀийна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаам бо "Чечня Сегодня" пачхьалкхан хаамийн гIирсо. Нохчийчохь гуттаренна а бехачу нахана бен лур дац алсамдаьккхина ахча. Регионан Ӏедална тӀедиллина ахча дӀадалар низамехь къастор а, цунах йоьзна харжаш финансашца латтор а.

Нохчийчохь Украинерчу тӀамехь дакъалаца йолахой гулбан буьйлабелчхьана дуьххьара регионашкара ахчанийн барам алсамбалар ду иза. Цул хьалха, "Важные истории" зорбанан гӀирсо дийцарехь, кху шеран марсхьокху-баттахь, Къилба ХӀирийчохь а санна, махкахь уггаре а лахара бара ахчанан барам. Псковн кӀошт а, Карели а, Хакаси йоцург, цигахь регионан ахчанаш хӀиттийна данне а дацара. Амма Къилба ХӀирийчохь марсхьокху-баттахь и ахча хьаладаьккхина 300 эзар соьме кхаччалц.

Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а маситтазза алсамбаьккхина регионашкахь ахчанан барам, Краснодаран кIоштахь доъазза. Пачхьалкхехь уггар лакхарчу регионан йолахошна ахча даларехь дӀахӀоттийна Кхарачой-Чергазийчоь, шолгӀачу меттехь йу Москва а, Петербург а.

  • Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таӀийра омрана: марсхьокху-беттан 1-чу дийнера дечкан-беттан 31-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица Украинина дуьхьал тӀамехь дакъалаца контракт йинчу нахана цхьана ханна 400 эзар сом федералан бюджетера ахча луш. Хьалхо луш долу федералан бюджетера ахчанан барам бара - 195 эзар сом.
  • Регионашкара ахчанийн барам хаддаза алсамбаларан бахьана эсперташа дийцарехь, тIамехь нах ца тоар ду. Кавказ.Реалии сайто теллина, "ахчанаш дӀадаларан къийсадаларо" керла мобилизаци ца йан аьтто бийр бу йа бац.
  • Кавказ.Реалии сайте шен интервьюхь политолого Шульман Екатеринас билгалдаьккхира Украинина дуьхьал тӀом бан йолахой гулбарехь регионийн Ӏедалшна ловш йолсуу халонех.
  • Кавказ.Реалии сайто цӀерашца йазйеш, динчу лараршца Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара лаххара а 9 312 эскархо вийна Украинина дуьхьал бечу тӀамехь, царех лаххара а 292 стаг Нохчийчуьра ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG