ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йаржийначу видео тIехь Кадыров ву машен тоттуш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчохь видео зорбане йаьккхина, цу тIехь мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву машен тоьттуш, иза меттах а йоккхуш. Кху деношкахь социалан машанашкахь йаьржира президентан Путин Владимиран инаугураци Москва веана Кадыров шена тIера пальто ца йаккхалуш гойтуш видео, гIо до цунна шиммо.

Миччах а чекхйолу йеза машен тоттуш видео арахийцира Чечня Сегодня информацин агенталло, чIагIдо, Кадыровн "гIоьнчан агIонера" и схьаэцна бохуш. Хьалхо цу видео йоллу верси гучуйаьккхира "КРА-н гIоьнча" телеграм-каналехь, поста бухахь йаздина дара "ЖIалеш лета, караван дIаоьху".

Видео тIехь Toyota Land Cruiser машен тоттуш ву Кадыров, иза меттахйуьйлу, делахь а машен гойту йа хьалхахула, йа агIорхьа.

Кху деношкахь Кремлан пачхьалкхан РИА "Новости" пулан журналисташа лелош йолчу RIA_Kremlinpool телеграм-канало видео йаржийра Нохчийчоьнан урхалхо Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран инаугурацин церемони веана. Ламеш тIехула хьалаволучу Кадыровс болар лахдира, тIера пальто йаккха гIерташ. Цунна гIо дира улло бевллачу наха, царлахь вара Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а.

ТIаьхьо оццу дийнахь пропагандистийн RT каналан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас Кадыровца даьккхина сурт хIоттийра: "Айса куьг Iоьттина теллира – бицепс тIулган йу. Могушалла а, йуьхьтIера цIен басе хьаьжча, гIарчI аьлла йу".

Официалан Оьрсийчоьнан пропагандо, Кадыровн уллорчара а, ша политико а кест-кеста публикациш йо, цуьнан могушалла дика йу аьлла, дIагайта хьийзаш. Масала, оханан-беттан 23-чохь Кадыровс видео хIоттийра спортах ловзуш, кхин а масех де хьалха – ша тIулг ойбуш видео.

Кадыровн могушалла кхин а тIе чIагIйаларна Нохчийчуьра Iедал цIеххьана хийца дезахь а бохуш, Кремлехь стохка гезгамашин-баттахь дуьйна сценарий кечйан буьйлабелла аьлла "Новая газето" хаамаш баржийначул тIаьхьа жигараллица дIахаийта хьийзара, Кадыров могуш хилар. Газетин хаамашца, 2019-чу шарера схьа дуьйна панкреатит йухахьайаьлла цуьнан, зорхан йекхоьн некрозах, панкреатогенан асцитах йолчу цунах дукхахболу нах леш бу.

Кадыровн стогаллин сибат хIинца ледара догIу иза цомгаш ву бохуш лелачу хабаршца, ткъа цуьнан и "бакъцадар" – халкъана, мостагIашна, Оьрсийчоьнан Iедална башха бIегIийла долу сигнал йац, аьлла хета Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна.

  • Кадыров Рамзанан хьал йуха а дийцадаьккхира гезгамашин-баттахь, цуьнан кема Соьлжа-ГIалара Москва дахча, ткъа нохчийн номершца йолу иттаннашкхаь машенаш президентан дарбанан цIенна хьалха хаайелча."Новая" газето бахарехь, доьзна хиллера пехашца лазар чIагIдаларца, "Дормикум" транквилизатор совйаккхарна. Хьалхо "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс чIагIдарехь, шахьарара дарбан цIийне валийнера Кадыров гемодиализах чекхваккха, пехашца долчу лазарца доьзна.
  • Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь дIайазйина ролик арахийцира Кадыровс, цу тIехь дуьйцура, "11 километар волавелла лелла, норма кхочушйина" ша аьлла, хьийхира "Интернетехь бакъдолчух аьшпаш къастон цахуучарна" хьийхира цо "цIеначу хIаваэ довлий дуьйлало", "шайн ойланаш меттайалайе" аьлла.
  • Нохчийчоьнан урхалхо Москвахь хилар дIадерзийра нохчийн Iедалхоша, клинкан Коьртачу дарбанан цIийнехь волчу шен девешина Кадыров Мохьмадана тIехIотта ваханера Кадыров Рамзан аьлла.
  • Кадыров цомгаш ву бохуш, хабарш долийна дукха хан йалале, гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь видео хIоттийра КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитица йаьккхина - цу тIехь цуьнан 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама йетта Журавельна. Шена йиттина аьлла, Журавеля ша дIахьедина бутт баьллачул тIаьхьа йаржийра и видео. "Могушаллех даьржина хабарш совцон" Iалашонца дуьйзира оцу видеона публикаци йар бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG