ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дихкина дронаш лелор


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Товбеца-беттан 3-чу дийнахь дуьйна дронаш йихкина Нохчийчохь. Оцу кепара омрана куьйгйаздина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цунна тIехь терго латтор йу регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин а, Росгвардин а, ФСБ-н а куьйгалхоша. Меттигерчу Iедалхойн бен бакъо йац дронаш хеца.

"Ханна доьхку бахархошлахь хIаваан кеманашна хIаваъ долчу меттигашкахь Нохчийчоьнан Республикина тIехула пайдаэцар, магош ду дронаш лелон Нохчийчохь пачхьалкхан Iедалхойн органашна а, церан куьйгакIел йолчу хьукматашна а", - аьлла ду, мехкан урхалхочун официалан порталехь зорбане даьккхинчу документа тIехь.

Ницкъаллин урхаллашна хьоьху дронех пайдаэцар йукъахдаккхар. Мича ханна йукъдалийна дехкар, омрана тIехь билгалдаьккхина дац.

Товбеца-беттан йуьххьехь дронаш лелор дихкира 59 Оьрсийчоьнан регионехь, иштта аннекси йинчу ГIирмехь а, оккупаци йинчу Донецкан кIоштан декъа тIехь а. 2022-чу шеран гIуран-баттахь оцу тайпа дехкар йукъадаьккхира Къилбаседа ХIирийчохь, зазадокху-баттахь – Ставрополь-махкахь, стигалкъекъа-баттахь – ГIебарта-Балкхаройчохь, мангал-баттахь – ГIалгIайчохь. Луларчу Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Астрахань-махкахь а, ГIалмакхойчохь а цкъачунна и дехкарш официалехь хьакхаделла дац.

  • Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Украинаца дозанехь йолчу Краснодаран а, Ростовн а кIошташкахь мехкадаьтта доккхучу заводашкахь йаккхий цIераш йийлира дронаш йаьхкинчул тIаьхьа. Краснодар-махкана дронашца тIелатар дира мел лахара а цхьана беттачохь доьазза.
  • Краснодарехь мангал-беттан 13-чохь шозза цIейелира меттигера мехкадаьтта доккхучу заводан дозана тIехь, лазийна-велла стаг вац. Оцу хиламан бахьана лерира "технологин гIалат", хууш дац, мел ду хилла зен.
  • Стигалкъекъа-беттан 30-чохь нах бехачу хIусамашна тIе а кхеташ, дронашца тIелатар динчул тIаьхьа Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира Украинан тIеман а, политикан а куьйгаллина а, Европан пачхьалкхашна а. Иштта Нохчийчоьнан урхалхочо кхайкхамбина, тIеман хьолан раж кхайкхайе аьлла - Оьрсийчоь тIамца Украинана тIелетчхьана мел лахара а доьалгIа аьлла цо и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG