ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йиттина журналист Милашина а, адвокат Немов а Беслане дуьгур ду Кадыровн омбудсмен улло ваьлла


Милашина Елена
Милашина Елена

Къилбаседа ХIирийчоьнан Бесланера дарбанан цIийне дуьгур ду журналист Милашина Елена а, адвокат Немов Александр а, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина, нохчийн урхалхочун Кадыров Рамзанан гонера Солтаев Мансур улло а ваьккхина. Iуьйранна къизаллица йиттина аэропортера Соьлжа-ГIала догIучу Милашинина а, Немовна а бевзаш боцчу наха.

Солтаевца цаьрца вахийта омра динарг ша Кадыров ву, Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа, хаамбо "Iазапашна дуьхьало латточу Командо".

Цул хьалха Солтаев кхечира лазийнарш болчу Соьлжа-ГIалара дарбан цIийне – Кавказ.Реалиина "Iазапашна дуьхьало латточу Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс дийцарехь, омбудсмен эргIад ваханера тIелатар дарна. Цо чIагIдора, шена ца хаьа мила ву тIелатар вовшахтоьхнарг, дош делира гIуллакх къастон. Бабинеца бахарехь, Нохчийчохь бакъоларйархошна тIелатар динчу хенахь а, иштта суьдхо лаьттинчун хIусамнана Мусаева Зарема лачкъийначул тIаьхьа а ма леллара кеп лелайора Солтаевс.

Лаха Новгородера лачкъийна йигинчу, экс-суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамненан, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов Александр. Тахана таIзар кхайкхийна цунна, полисхочунна тIелеттера иза аьлла, бехкейина дуьхьал айдинчу гIуллакхна тIехула. Цига йогIуш хиллера Милашина а. Ша лазийна воллушехь, кхелехь хила дагахь ву, йаздора Немов, делахь а, хьал эгIарна ницкъ ца кхечира цьунан кхеле ваха. Адвокато сацам бовзийтар кхечу дийне дIататта аьлча, Ахматан кIоштан кхел духьал хилира – кхелан кхеташо дIайаьхьира шолгIачу адвокато, Савин Александра, дакъа а лоцуш.

ТIелатар дира царна Соьлжа-ГIалин аэропортера схьабогIучу некъа тIехь. Герзашца кхаа машенахь болчу наха машенаш дуьхьалтийсира адвокатан машенна, цу чохь хиллера журналист а. Къизаллица йиттинера цу шинна, мийрашца а цхьаьна, хIаллакйира церан техника, коьртах герз а лоьцуш, кхерамаш тийсира.

Милашинин хьен туьта лазийна, кегдина пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта вон йиттина Немовна а, ког лазийна цуьнан – хетарехь, уьрсан чов йина.

ТIаьхьо "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс дIахьедарца, цушинна йеттаран бахьана ду адвокато а, журналисто а бен болх – тIелеттачара дагадаийтина хиллера царна, цара дакъалаьцна процессаш а, дина йозанаш а.

  • Немовна а, Милашинина тIе дарбанан цIийне веанера полисхо, хиллачух цу шинга хеттарш дан – шиммо а дуьхьало йина цуьнца къамелдан, хIунда аьлча, маьIне дац, уьш ца теша, тIелатар толлург хиларх.
  • Милашина Еленас Нохчийчоьнах лаьцна йазден дуккха а шераш ду, Нохчийчохь, цуьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахIоттийначу режимна критика йеш, дуккха а материалийн автор ю иза. Дечкен-бутт бовш Новая газетехь Милашинин материалаш арайевлира эмиграцихь бехачу Кадыровн критикех а, ЯнгулбаевгIеран доьзална тIаьхьабовларх а лаьцна.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь Украинана дуьхьал тIом болийча журналист Милашина Елена цхьана ханна дIайахнера Оьрсийчуьра, Нохчийчоьнан Iедалхоша кхерамаш тийсарна. Дечкен-бутт бовш Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь кхайкхамбира бакъоларйаран органашка, журналист лаца аьлла.
  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG