Гоьваьллачу шина блогерера-спортхошкара Тамаев Асхьабера а, Эмиев Iарбигара а бехк баьккхина спортан а, кегийрхойн политикан министро Ибрагимов Iийсас "шеконе роликаш" йахарна. Цу шиммо дош делла "нохчашкахь товш йоцчу роликашкахь" кхин цкъа а шаьшиммо дакъалоцур дац аьлла.
"Нохчийн къоман сий, йахь йойуш, интернетехь лелар магийта йиш йац, шога барамаш дуьхьал бохур бу царна", йаздина Ибрагимовс шен телеграм-каналехь блогершца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа. Ша урхалла дечу министраллица "йукъарло лело лаам хиларх хаийтина" цара, тIейогIучу заманчохь "шайн бизнес-проекташ шеконе рекламаш ца йохуш, кхочушйийр йу" цара.
Ишта Ибрагимовс билгалдаьккхина, "нохчийн къоман векалш, шаьш миччахь белахь а, церан бакъо йац ойла ца йеш хIума лело, дукха хенара схьа дуьйна дIахIиттийна ламасташ шеконе дахка". Стохка марсхьокху-баттахь нохчийн куьйгалхоша блогершца-спортхошца хиллачу цхьанакхетарехь аьлла дешнаш ду уьш. Оцу цхьанакхетарехь вара Тамаев а, Эмиев а.
Стенна бехкаш даьхна блогершкара, хоуьйтуш дац. ТIаьххьара Эмиевс публикаци хIоттийна инстаграмехь кIира хьалха – трэш-ролик йу иза Тамаев а, Эмиев а йукъахь волуш йаьккхина. 10 миллион сов агIоне йазвелла Тамаевн аккаунт карарчу хенахь дIакъевлина йу.
Марсхьокху-баттахь Кавказ.Реалиино хаамбира, "Кхерамзаллин интернетан лигин" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас арз дина, Тамаевна дуьхьал антимонополин гIуллакх долорах, Тамаевн телеграм-каналехь онлайн-казинона реклама йарна. Гезгамашин-баттахь Мизулинас дIахьедира, низамаш ма дохаде аьлла Нохчийчуьра Федералан антимонополин урхалло Тамаевга дIахьедар дарх. Карарчу хенахь телеграмехь цхьа могIа каналаш йу, Тамаевн а, Эмиевн а цIарех пайда а оьцуш, азарте ловзаршна реклама йеш.
- Тамаевн инстаграмехь долчу суьрташлахь дара Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантах цо "ваша" а олуш, Кадыров Адамца тренировкаш йеш даьккхина сурт а. Цул совнах, Тамаев масийттазза цхьаьнакхетта Кадыров Рамзанан вешин кIантаца Хьамзатаца а.
- 2022-чу шарахь Дагестанера спортхочуьнца Тамаев латарх къаьмнашна йукъахь дов дала бахьана хилира. ХIетахь Тамаевс йохка-эцаран центрехь шен спорткарца араволу некъ бихкина хиллера грэпплинган дуьненан чемпионна Махмудов Дибирана. Тамаевн бетах хIума тоьхнера вукхо. ТIаьхьо Тамаевс дIахьедира, шен цхьана а кепара латкъамаш а, претензеш а йац, шен бат "дIатойелла" аьлла. ХIетте а, конфликт дIайахйелира: Дагестанехь нохчийн номерш йолу машен сацийна, цу тIера "мигалка" дIайаккха баьхнера, ткъа Нохчийчохь сецайора Дагестанан номерш йолу машенаш, гIуданаш деттара куьзганаш тIе Iаьржа пардо леторна.
- Кадыров Рамзана омра дира, цунна гергахь дозанал арахьа харцахьа лелачу махкара бахархошна таIзар де аьлла. Уьш цIа а балош, цаьрга "горгамаш хьоькхуьйтур йу" элира цо.