ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь журналистана а, адвокатана а тIелатар дарна бехкзуламан гIуллакх долийна


Милашина Елена а, Немов Александр а
Милашина Елена а, Немов Александр а

Де хьалха Нохчийчохь "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а динчу тIелатаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна могушаллина зен дарна а, хулиганалла лелорна а.

Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга дIахьедина Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин хьалханчас Волков Виталийс, хаамбина урхаллин официалан телеграм-каналехь.

Iедалан шина къепехула айдина гIуллакх: хаа а хууш, хулиганийн дог-ойланца цхьана тобано герз а лелош, йуккъерчу барамехь могушаллина зен дарна а, хуъушехь дайн зен дарна могушаллина хулиганийн леларшца, герзах пайда а оьцуш.

Оцу йукъанна зуламан кодексан артиклашкахь дайн а, йуккъерчу барамехь а могушаллина зен дарх цхьа пункт йу, "цу адаман (зен хиллачун.- Билгалдаккхар.) белхан гIуллакхах йа йукъараллин декхар кхочушдарх" хьакхалуш. Талламан комитетан информацица и пункт йукъайалийна йац.

Талламан комитетан хаамашца, хIинца "цхьа комплекс талламан а, оперативан-лехамийн а барамаш бу дIахьош, оцу зуламна бехкеберш схьакарон".

Де хьалха Бастрыкин Александра тIедиллира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин куьйгалхочунна Волков Виталийна гIуллакхе хьажа, журналистана а, адвокатана а тIелатарх шега цул тIаьхьа информаци а кхачайе аьлла.

  • Лаха Новгородера лачкъийна йигинчу, суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамненан, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов Александр. Цунна дуьхьал айдинчу бектакхаман гIуллакхехула 4-чохь таIзар кхайкхийна Мусаева Заремина – оцу тIехула йеанера Нохчийчу Милашина а. Аэропортера Соьлжа-ГIала и шиъ догIучу заманчохь дина царна тIелатар. Бевзаш боцчу наха къизаллица йиттина царна, йохийна йоллу техкника, кхерамаш тийсинера, герзаца.
  • Милашинин хьен туьта лазийна, кегдина пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта вон йиттина Немовна а, урс тоьхна цуьнан когах. Царна хетарехь, оцу версина тIетов "Iазапашна дуьхьало латтон Командан" бакъоларйархой а, тIелатар доьзна ду цара бечу балхаца.
  • Соьлжа-ГIалара Къилбаседа ХIирийчоьнан Беслан гIаларчу дарбанан цIийне дIайигира журналист Милашина Елена а, адвокат Немов Александр а, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина, нохчийн урхалхочун Кадыров Рамзанан гонера Солтаев Мансур улло а ваьккхина. Солтаевца цаьрца вахийта омра динарг ша Кадыров ву бохура, Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа, хаамбо "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Хаамбарехь, цул тIаьхьа Милашина Буьри-ГIалар дарбанан цIийне йигира, КТ-аппарат Бесланера йохарна.
  • Товбеца-беттан 5-чохь буса кхо сахьт долучу хенахь Милашина а, Немов а охьадиллира Москвара Боткинан дарбанан хIусаме. Буьри-ГIалара Москва дигира и шиъ лерринчу кеманахь, цаьрца цхьаьна вара "Эхо Москвы" радиостанцин коьрта редактор Венедиктов Алексей а, "Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, лоьрийн тоба а. Венедиктовс бахарехь, цунна муьлш бу цахуучу наха мах дIабеллера и кема лоцург.
  • Президенте Путин Владимире дIахаийтина тIелатарх лаьцна. "Маса, хIайтаьлла талла деза" и гIулулакх элира президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дош делла, Нохчийчохь Милашина Еленина а, Немов Александрна а динчу тIелатаран "йист йаккха". Инцидентах дуьйцу итт сахьт даьлалчул тIаьхьа вистхиллера иза.
  • Товбеца-беттан 4-чохь Нохчийчуьра кхело йукъарчу хьелашкара набахтехь даккха пхи шой ахшой кхайкхийра Мусаева Заремина, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а бехкейина. Адвокаташ а, бакъоларйархой а тешна бу, и гIуллакх цара шайггара долийна хиларх. Оццул хан тоха цунна аьлла, тIедожийнера прокуроро а. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера ЯнгулбаевгIеран петар чу лилхира кадыровхой. Цара лачкъийра суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин 52 шо долу хIусамнана, нохчийн жигархойн Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана Мусаева Зарема, бертаза дIайигира иза Соьлжа-ГIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG